Мустахьабб (Ӏаьр. الْمُسْتَحَبُّ‎‎) йа мандуб (الْمَنْدُوبُ‎) — лугӀатехь, иза важиб а доцуш, дан дезаш долу хӀума ду. Ткъа усулул-фикъхӀехь, иза важиб а доцуш, шарӀо ша дар тӀедожош дерг ду йа ша динчунна йал хир йолуш, ткъа ша дитинчунна къа ца хуьлуш дерг ду[1].

Дукхахьолахь мустахьабб кхочушдо Мухьаммад пайхамарера ﷺ а, цуьнан асхьабашкара а масал оьцуш. Мустахьабб цадар къа лоруш дац. Мустахьаббна йукъадогӀу, масала, суннат ламазаш а, марханаш а.

Мандубан масалш

бӀаьра нисйан

Мустахьаббан йа мандубан масалш дукха ду, дагардалур а доцуш, уьш коьртачу шина декъе декъа йиш йу:

  • Ӏибадаташкахь мандуб а
  • Йукъаметтигашкахь мандуб а.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. Мустахабб. web.archive.org (2014 шеран 6 январь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 4 август.