Мышкин Анатолий Дмитриевич (вина 1954 шеран 14 августехь, Свердловскан областера Шалин кӀоштан, Сылва эвлахь) — советийн баскетболхо, российн тренер, 2013 шарахь дуьйна Российн зударийн гулйина командин коьрта тренер.

Мышкин Анатолий
оьрс. Анатолий Дмитриевич Мышкин
Мышкин Анатолий телекомментатор волуш
Мышкин Анатолий телекомментатор волуш
Карьера чекхйаьккхина
Позици Форвард
Харц цӀераш Эла
Локхалла 205 см
Возалла 95 кг
Гражданалла  Росси
Вина терахь 1954 шеран 14 август({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (69 шо)
Вина меттиг Свердловскан область, РСФСР, ССРС

Командаш
1970—1976 Байракх ССРС Уралмаш
1976—1984 Байракх ССРС ЦСКА
1985 Байракх ССРС Динамо (Москох)
1985—1986 Байракх ССРС ЦСКА
Ӏамийна командаш
1986—1988 Байракх ССРС ЦСКА (зуд.) асс.
1988—2001 Российн байракх ЦСКА (зуд.)
2001—2004 Российн байракх Арсенал (Тула)
2005—2006 Российн байракх Университет (Сургут)
2006—2007 Российн байракх Бизонаш
2007—2008 Российн байракх Динамо (Курск)
2008—2011 Российн байракх Бизонаш
2013—2015 Российн байракх Российн зударийн гулйина команда
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
Орден «Сийлаллин Билгало»
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Монреаль 1976 баскетбол
Борза Москох 1980 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Филиппинаш 1978
Деши Колумби 1982
Европин чемпионаташ
Борза Испани 1973
Дети Бельги 1977
Деши Итали 1979
Деши Чехословаки 1981
Борза Бельги 1983

70-гӀа — 80-гӀа шерашкара уггаре дика тӀелатархойх цхьаъ, российн уггаре дика тренерех цхьаъ. Кунйа йара «Эла». ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1981). Российн хьакъ долу тренер.

Биографи нисйе бӀаьра

Баскетболех ловза волавелира свердловскан берийн спортан №3 йолу ишколехь (БСИ №3). Хьалхара тренер — Манохин Борис Викторович[1]. Масийттаза кхайкхира Российн жимахойн гулйина команде. Карьера йолийра баскетболан клубехь «Уралмаш» (1970—1976, тренер Александр Кандель), левзира ЦСКА (1976—1984), «Динамо» (Москох) (1985) командашкахь[2]. 1973—1982 шерашкахь ССРС гулйина командехь.

Кхин а Ӏамийна Петросян Анатолийс[3].

Чекхйаьккхина Уралан политехникин институт а, МОПФОьИ а, тренеран говзаллица. Российн хьакъ долу тренер (1986). Российн эскаран полковник. ССКП декъахо хилла[4].

1986—2001 шерашкахь зударийн ЦСКА командин тренер (1986—1988 — Капранов Вадиман гӀоьнча, дублан коьрта тренер; 1988 — коьрта командин коьрта тренер). Командица йаьккхира ССРС чемпионат 1989, Российн чемпионат (1991—1996), Российн Кад 1995/96, Ронкетти Лилианан Кад 1988/1989, 1996/1997 (1997 шеран толам бара Российн командин Европин кедашкара хьалхара толам).

Российн зударийн гулйина командин коьрта тренер — 1992—1993, 1996—1997, 2014 — хӀинца а.

Зударийн ЦСКА йоьхначул тӀаьхьа (2001) тренер вара божарийн БК «Арсенал» (Тула) (2001—2004), «Университет» (Сургут) (2005/2006), БК «Бизонаш» (КФК йукъара Москохан чемпионат, цул тӀаьхьа Москохан Баскетболан Лига) (2006—2007, 2008—2011), зударийн БК «Динамо» (Курск) (2007—2008) командашкахь[5].

  1. Спорт на Урале - Манохин Борис Викторович. sportufo.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 15 сентябрь.
  2. Спортивные события города Москвы#REDIRECT(ТӀе цакхочу хьажорг)
  3. "Анатолий Мышкин: «Петросян научил меня терпению, пониманию и развитию сильных качеств игроков»". 2017-08-28. Дата обращения: 2017 ш. 15 сентябрехь.
  4. Год за Солженицына Интервью с Анатолием Мышкиным в газете «Спорт-Экспресс» от 24 июня 2011 года
  5. Лента новостей от 8 февраля 2008 года Архивйина 2013-09-27 — Wayback Machine