Неолиберализм (инг. neoliberalism) я неолибералан институционализм[1]дуьненайукъара йукъаметтигийн теорин ишкол ю, ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча политикин либералан-идеалистийн парадигман ойланаш кхиошйолу. Оцу теорино чӀагӀдо, дуьненайукъара политикин институтийн таро ю дуьненайукъара юкъаметтигашкахь пачхьалкхашка аьттонца коопераци яйта. Уггар гӀарабевлла неолиберализман векалш хилла Роберт Кеохэйн а, Най Джозеф а.

Либералан-идеалистийн парадигман шийлачу тӀамехь йохийна позицеш денъяр, нисделла биполяран дуьненайукъара юкъаметтигийн система йоьхначул тӀехьа. Цуьнца цхьаьна дуьххьарлера парадигма дуьненайукъара арени тӀехь баккхий хийцамаш хилар бахьна долуш (дуьненайукъара интеграцин процессаш чӀагӀъялар; дуьненан политикин карти тӀехь керла пачхьалкхаш кхоллаялар, кхерамазаллин гӀиллакхца боцу кхерамаш тийсар; глобализацех йоьзна процессаш) кӀоргера трансформаци йира, цуо неолиберализман ойланаш кхолларе ялийра[2].

Дуьненайукъара юкъаметтигашкахь неолиберализм тождество йолуш йац экономикин теорера неолиберализман — уьш ю йукъараллин Ӏилманан тайп-тайпана областашкара, йукъара аматаш елахь а, масала, тера методологи лелор (ловзарийн теори, кхин дӀа а). Цул сов, церан коьрта ойла хила тарло иштта формулировка йина: интенсификаци а, паргӀата базар дуьненахь яржар, экстенсиван — дуьненайукъара масштабехь, интенсиван — йукъараллин дахаран массо а сферашна. Иштта, неолиберализмо гойту глобализацица принципан гергарло, экономикин сферехь муххале а. Дуьненан экономикин юкъайоьдуш, паргӀата йолу дуьненайукъара базар Ӏаткъам бан йолало нийсса дӀа дуьненайукъара юкъаметтигашна — айало транскъаьмнийн корпорацийн роль. Оцу хьолехь пачхьалкхан интересаш йолало ловзо ладаме, амма хьалхара тӀегӀан тӀиера йоцу роль.

Амалийн сипташ

бӀаьра нисйан

Неолиберализман къаьсташ долу сипташ, дуьненайукъара юкъаметтигийн теори санна лелаш йолу тӀехьара меттигаш:

● Классикан либералан парадигмехь санна, неолибералаш лору, пачхьалкх дуьненайукъара юкъаметтигийн цхьа декъашхо ца хилар. Айбало роль иштта гӀиллакхехь йоцу акторийн транскъаьмнийн корпорацийн, дуьненайукъара кхолламийн, террористийн а, зуламхойн а кхолламийн, индивидин, кхин дӀа а.

● Дуьненайукъара юкъаметтигийн декъашхой барам тӀекхетарца, тӀекхета цхьа могӀа гӀуо тӀехьлонаш, уггар хьалха, йукъараллашна а, адамашна а тӀекхета кхерам схьабаларан «шовдан» барам, тӀекхета кхерамийн дукхаллаш. ГӀоле некъ бу оцу хьолехь кооперативан кхерамазаллин концепци. Иштта, неолиберализман юккъехь ю дуьненайукъара кхерамазаллин а, дуьненайукъара политикин гӀирс бинчу тӀамах дӀахадаран а халонаш.

● Дуьненайукъара юкъаметтигийн декъашхойн коьрта Ӏалашо, неолиберализман агӀончийн моттарехь, дуьненайукъара кхерамазалла ю, оццу хенахь либералан-идеалистийн парадигман декъашхоша гойтура Ӏалашонийн плюрализм хьалхе универсалан ойланийн а, адаман мехаллашний йолуш.

● Дуьненайукъара хьал чӀогӀа хиларан, дуьненахь къепе а, социалан прогресс а хиларан коьрта бахьна ду дуьненайукъара гергарлонаш, цара экономикин таро ойбу.

● Дуьненайукъара юкъаметтигийн коьрта гӀирсаш — либералан демократин а, базаран а идеалаш яржаяр, дуьненайукъара кхолламаш бар, дуьненайукъара бакъонаш а, юкъаметтиг дӀакхехьар а кхиор.

● Дозаллин дукъ дехьадоккху дуьненайукъара бакъонаш а, кхолламаш а тӀиера, цера болх дукха хьолахь пайден ца хуьлундела, дуьненайукъара гӀиллакх тӀе. Цуьнца цхьана гӀиллакхийн коьрта критери лору либералан демократи а, адамийн бакъонаш а, цуьнан бух тӀехь тӀехьалонехь таро хир ю кхолла керла дуьненан къепе дуьненайукъара гражданийн йукъаралла а, глобалан базар а кепара.

Неолиберализм а, неореализм а

бӀаьра нисйан

Шайн теоретикийн хӀиттамашкахь неолиберализм улло йогӀу неореализман, оццу хенахь либералан-идеалистийн парадигма хуьлу цуьнца конфронтацехь[3].

Неолиберализман а, неореализман а теранаш:

  • Рационализм. Шинне а парадигман юккъехь — рационалан чоьтан куьйгалладеш волу рационалан политик. Неолибералашна чоьт билгалйоккху, уггар хьалха, бахаман, кхерамазаллийн ойланца, неореалисташна — Ӏедалан ойланца.
  • Неолибералаш а, неореалисташ а лору, дуьненайукъара юкъаметтигийн бух тӀехь къаьмнийн хьашташ латтар.
  • Шинне а парадигмо Ӏамайо, дуьненайукъара юкъаметтигийн муьлха декъашхо ву гӀоле меттигехь[3].

Неолиберализман а, неореализман а башхаллаш:

  • Неолибералашна хетарца, дуьненайукъара юкъаметтигийн анархилла (лакхара Ӏедал ца хилар) дӀайоккхийла ду, оццу хенахь неореалисташна хета яккхалул йоцуш санна.
  • Неолибералаш лору, дуьненайукъара юкъаметтиг дӀакхехьаран пайда абсолютан бу, аьлча а юкъаметтиг дӀакхехьар даиман пайдехь ду. Неореалисташна хетарца, пайда гӀеххьа бу, хӀунда аьлча цхьан а пачхьалкх реза хир йац кхечу пачхьалкхел кӀезиг абсолютан пайданна.
  • Дуьненайукъара юкъаметтиг дӀакхехьаран бахьна неолибералашна ду — максимум экономика къагар, неореалисташна — тӀеман кхерамазалла.
  • Неореалисташна хета, пачхьалкхан лелар хуьлу системан та1зарций, дозанций, ткъа иштта церан боккъала йолу таронашций, аьттунашций. Пачхьалкхаш дан гӀертарш билгала дац, цундела уьш лело ца мега анализан гӀирс меттана. Неолибералаш харц ца до пачхьалкхийн боккъала болу аьттунийн маьӀна, амма хета, пачхьалкхийн ойланаш ладаме хилар, цундела уьш даиман лара еза[4].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Sutch, Peter, Elias, 2006, Juanita, International Relations: The Basics, Routledge p.11
  2. Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неолиберализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 132. — 590 с.
  3. 1 2 Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Неолиберализм // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 132-136. — 590 с.
  4. Цыганков П. А. Глава 5. Современные школы и направления в теории между народных отношений. Спор неореализма и неолиберализма. Основные положения спора неореализма и неолиберализма // Теория международных отношений. — М.: Гардарики, 2003. — С. 136-140. — 590 с.