Никейн гуо лацар (1097)
Никейн гуо лацар нисделла Хьалхара жӀарахойн тӀелатарехь 1097 шеран 14 майра 19 июнь кхаччалц болчу муьрехь.
Никейн гуо лацар (1097) | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Хьалхара жӀарахойн тӀелатаран гуран чохь | |||
Терахь | 1097 шеран 14 май — 19 июнь | ||
Меттиг | Никей | ||
ЖамӀ | ЖӀарахойн а, Византийн а толам | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Никей
бӀаьра нисйанНикей, хӀинцалера Изник гӀала лаьтта Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузехь, дӀалоцура географин агӀора чӀогӀа аьтту болу меттиг. ГӀала йара Асканан Ӏоман малхбален бердаца, цуо аьтту бора лулахошца махлелоран йукъаметтигаш кхиорехь. Вукха агӀора иза ларйора лаьмнаша — тӀелатархошна йолу Ӏаламан дуьхьало. Гуонахьара хьена латтанаш тӀехь йаккхий хьаннаш кхуьура. Цул сов, Никейн, Стефан Блуан тешаллица, пенаш лардора[1] дика чӀагӀйина кхо бӀе гергга бӀевно:
|
Йуьхьанца Никей Византин йара, амма гражданийн тӀом болабеллачул тӀаьхьа, 1077-1078 шерашкахьиза йаьккхира сельджукаша, тӀаккха Руман султанатан коьрта шахьар йира. Керстачеран эскаро Ахархойн жӀарахойн тӀелатарехь 1096 шарахь гӀалин йисташна талораш дира, ткъа цул тӀаьхьа хӀаллак йира бусалбачара. Атта толам баьккхина, султанна Кылыч-Арслан I-чунна хийтира, жӀарахойн шолгӀа тулгӀе кхераме хир йац аьлла, цӀахь доьзал а, хӀазна а йитина, малхбалехьа ДанишмендгӀаьргара Малхбален Анатолера Мелитена йаккха вахара.
XI бӀешо чекхдолуш, Малхбузен Европехь дийнна цхьа могӀа бахьнашца (уггаре хьалха экономикин а, демографин а амалера) ийшира Ӏийса пайхамаран каш мукъадаккхаран Ӏалашонца жӀарахой тӀелатар[3]. 1095 шеран 26 ноябрехь, Руман папас Урбан II-гӀачо, Клермонан килсан гуламехь, кхайкхам бира Малхбалехьа дахана, Къудс-ГӀала бусалбачеран олаллера мукъайаккха, жӀарахойн тӀелатарехь дакъа лаьцначеран къинош дӀадохур ду, доьзал а, бахам а ларбийр бу, декхарех мукъа бохур бу ша аьлла. Оцу ойлано йерриг Малхбузен Европин керстачеран пачхьалкхаш дӀалецира. Сихха кечдина къехойн тӀелатар чекхделира буьззина иэшамца — берриш аьлча санна цуьнан декъахой хӀаллак бира сельджукаша[4]. Мелла а тӀаьхьа араделира норманнийн, французийн, германийн къонахойн феодалийн эскар. Эскар дийнна цхьаъ дацара, хӀунда аьлча хӀора феодало гулбора шен вассалаш (куьйга кӀеларнаш), ткъа церан коьртехь болчу тӀеман баьччаша тхьамдалла къуьйсура вовшашца[5].
Хьалхара хиламаш
бӀаьра нисйанТоламал тӀаьхьа
бӀаьра нисйанЖӀарахой арабевлира Никейра 1097 шеран 26 июнехь кхин дӀабахара къилбехьа, Антиохе. Авангардехь богӀура Тарентан Боэмунд, Танкред, Нормандин Роберт,Фладрин Роберт. Боламан чеккхенгахь бара Бульонан Готфрид, Тулузин Раймунд, Булонан Балдуин, Блуан Стефан, Гуго Вермандуа. Цул сов Комнин Алексея тӀелата вахийтира шен векал Татикий, иза терго йан йезаш вара бусалбанийн схьайаьхна гӀаланаш Византин дӀайаларан барт кхочуш барна.
Никей йожаро ир-кара хӀиттийра жӀарахой. Толамо чу садиллина Блуан Стефана йаздина зудчуьнга Аделега, шен чот йу пхеа кӀирнаха Къудс-ГӀалин пенашна кӀела кхача аьлла.[1] 1 июлехь керстачеран эскаро Дорилейна гергарчу тӀамехь чаккхенца вохийра Кылыч-Арслан, ткъа октябрехь Антиохин гуо лецира. Кхузахь аьттуно букъ туьйхира жӀарахошна. Гуо лацар дахделира бехха барх баттахь, Къудс-ГӀала уьш кхечира Никейра новкъа бевлла ши шо чекхдаьлча.
Византин гӀо
бӀаьра нисйанГуо лацар дӀадодара башха аьтту боцуш. Керстачеран аьтту ца болура Асканан Ӏам тергоне эца, цунна чухула массарна а гуш «йуург а, оьшург а кхоьхьура»[2]. Никей хин агӀора дӀахадо аьтту белира, императоро Комнин Алексейа жӀарахошна гӀоьнна куьйгаллехь тӀеман баьччанаш Вутумит Мануил а, Татикий а волу флот йахийтича. Кеманаш ворданаш тӀехь далийра 17 июнехь, хин чу а хецна, Никей Ӏомах дӀахадийра. Цул тӀаьхьа жӀарахоша йуха а герз схьаэцна, керлачу ницкъашца тӀелетира гӀалина. Дуьхь-дуьхьала долчу эскарша вовшашна пхенийн а тӀулгийн а догӀанаш деттара, жӀарахой пен бохо гӀертара таранан гӀоьнца.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Стефан Блуаский. Письмо к супруге Адели из под Никеи
- ↑ 1 2 Гийом Тирский. История деяний в заморских краях
- ↑ Ле Гофф, Жак. Цивилизация Средневекового Запада. — Екатеринбург: У-Фактория, 2005. — С. 83-85.
- ↑ Эпоха крестовых походов / под редакцией Э. Лависса и А. Рамбо. — М.: АСТ, 2005. — С. 349-350.
- ↑ Харперская энциклопедия военной истории Дюпюи Р. Э. и Дюпюи Т. Н. Все войны мировой истории. Книга 2. 1000—1500 гг. — М.: АСТ, 2004. — С. 95.
Литература
бӀаьра нисйан- Михаил Заборов. ЖӀарахой на Востоке М.: Главная редакция восточной литературы изд-ва «Наука». 1980. — 320 с.
- Жозеф-Франсуа Мишо. История крестовых походов Архивйина 2008-01-01 — Wayback Machine М.: Алетейа. 2001. — 368 с.: ил. ISBN 5-89321-071-9
- Пьер Виймар. Крестовые походы: миф и реальность священной войны. СПб.: Издательская группа «Евразия», 2003. — 384 с. ISBN 5-8071-0130-8