ЖӀарахойн тӀелетарш

Руман Католикийн килсано юккъерчу оьмарехь долийна а, латтийна а динийн тӀемаш ду. Оцу терминица билгалбоккху 1096-1272-чу шерашкахь Палестинехь бина тӀемаш. Оцу компанин Ӏалашо яра туркойн-селджукийн олаллера керстанан зиярташ (уггаре хьалха Къудс-гӀала а, Делан Къуббанан килс а) паргӀатдаккхар.

ЖӀарахойн тӀелетарш
SiegeofAntioch.jpeg
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Шуьйрачу маьӀнехь жӀарахойн тӀелетарш — кхиболу руман папаш кхайкхина тӀемаш бу, царна юкъахь бу Балтикан текъархой жӀаре берзоран тӀом а, мунепакъ-Ӏилманан а (катаризм а, хуситаш а) дуьхьал бина тӀом а, тӀахьайогӀучу хенахь Хункар-мехкан дуьхьал бина тӀом а, иштта вовшашца къийсалуш йолу руман-католикийн килсашна юккъехь хила тӀемаш а.

ТӀелетарийн юккъахь дакъалацар къиношна дохковалар санна лоруш дара. Иза яра церан башхалла.