Нохчийн Республикин къоман музей
Нохчийн Республикин къоман музей (оьрсийн маттахь Национальный музей Чеченской Республики) — мохкбовзаран Ӏаламан а, историн а музей йу. Соьлжа-гӀалахь лаьтташ йу. Республикин йарташкахь цуьнан пхиъ филиал йу.
Нохчийн Республикин къоман музей | |
---|---|
Организацин тайпа | музей |
Кхоьллар | |
Кхоьллина терахь | 1924 |
nacmuzeychr.ru | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Хабар
бӀаьра нисйанМузей кхоллар
бӀаьра нисйанНохчийн Республикин къоман музей схьайиллина Соьлжа-гӀалин халкъан дешаран декъо 1924-чу шеран лахьанан-беттан (ноябран) 7-чу дийнахь. Йуьхьанцара иза гонан (округан) динан а, оьздангаллин а историн музей йара. 1925-чу шеран чиллин-баттахь (февралехь) схьадиллира нумизматикин дакъа. Музей чохь гул а еш йара Соьлжа-гӀалин а, Нохчийчоьнан а историца йоьзна экспонаташ. Музей кхолла белхаш бина меттигерчу гулдархочо а, чуваьржжиначу филателисто Скалиотти Борисо. Иза музейн хьалхара доладархо вара.
1930-чу шерашкахь музейх Ӏилманан-талламан хьукумат хилира. 1936-чу шарахь музейн Нохч-ГӀалгӀайн республикин мохкбовзаран Ӏаламан музей статус елира.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом а, махкахдаккхар а
бӀаьра нисйанСийлахь-боккха Даймехкан тӀом боьдучу шерашкахь музей болх беш йара. 1944-чу шарахь чиллин-баттахь (февралехь) Сталин Иосифан омраца нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхнера. 1950-шерийн йуккъе кхаччалц Соьлжа-гӀалин (Грозненски) мехкан мохкбовзаран музей йара иза. Цуьнан фондехь кхо эзар кхо бӀе шовзткъе ялхийтта (3356) экспонат йара.
Нохч-ГӀалгӀайн республика йухаметтахӀоттор
бӀаьра нисйан1957-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн Автономни Советийн Социалистийн Республика меттахӀоттийра, музей чохь Нохч-ГӀалгӀайчоьно экономикехь а, дешарехь а, оьздангаллехь баьхна кхиамаш гойтуш бара. Иштта дӀахьуш бара серладаккхаран а, кхиоран а, пропагандин а белхаш.
1967-чу шарахь музейн Советийн Социалистийн Республикийн Бертан оьздангаллин коьртачу урхаллин (министерствон) диплом делира, 1973-чу шарахь — РСФСР-ан оьздангаллин министерствон шолгӀачу даржан диплом делира. ТӀаьхьа музейн кхиъ дукха совгӀаташ делла.
1990-чу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан цхьаьнатоьхна музей Къилбаседан ДегӀастехь уггар йаккхийчарех цхьаъ йара. Цуьнан фондехь герга 230 эзар ларбеш барам бара. Захаров Пётран цӀарах йолу Нохчийн республикин гайтаман исбаьхьаллин музейн фондехь — герга 4 эзар экспонат йара.
1994-чу шарахь Нохчийчохь шиъ регионан музей йара:
- Нохчийн цхьанатоьхна музей (мохкбовзаран Ӏаламан музей) а, цуьнан дакъош а:
- Теркан кӀоштан Лаха Невре йуртахь йолу Мамакаев Ӏарбин литературин а, хӀолламан а музей;
- Шелковскан кӀоштан Старогладковски йуртахь йолу Толстой Лев Николаевичан цӀарах литературин а, этнографин а музей;
- Шуьйтан кӀоштан Шуьйта йуртара Шерипов Асланбекан цӀарах историн а, хӀолламан а музей;
- Захаров Пётран цӀарах Нохчийн республикин гайтаман исбаьхьаллин музей а, цуьнан ши филиал а:
- гайтаман цӀа;
- гайтаман исбаьхьаллин ишкола-студи;
1990-гӀа шераш долалучу муьрехь Нохчийчоьнан музейш заза даьккхира. Музейн керла гӀишло ийцира, цу чохь музейн раритеташ гайта йаккхий майданаш а йара.