Нухажиев Нурди Садин воӀ (вина 1955 шеран 2 октябрехь , Трудовой эвла, Приишимскин кӀошт, Къилбаседа-Кхазакхстанан область, Кхазакхийн ССР, ССРС) — Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларйаран векал (омбудсмен) 2006 шеран февралехь дуьйна. Тайпана гӀордало.

Нухажиев Нурди Садин воӀ
Нухажиев Нурди Садиевич
Вина терахь 1955 шеран 2 октябрь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (69 шо)
Вина меттиг Трудовой эвла, Приишимскин кӀошт, Къилбаседа-Кхазакхстанан область, Кхазакхийн ССР, ССРС
Гражданалла:  ССРС Росси
Къам: Нохчо
Динлелор: Ислам
ГӀулаккхан тайп: политик
Да: Сади
СовгӀаташ:

Вина Кхазакхийн ССР Къилбаседа-Кхазакхстанан областан Приишимски кӀоштара Трудовой эвлахь, цига арадаьккхинера цуьнан да-нана. 1957 шарахь доьзал цӀабирзира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Нажи-Йуьртан кӀоштара ГӀоьрдала эвла. 1973 шарахь чекхйаьккхира ГӀордалин йуккъера ишкол. 1974—1976 шерашкахь эскарехь вара стратегин лерина ракетийн эскаршкахь Комийн АССР Печора а, Сыктывкар а гӀаланашкахь.

Юридически а, экономикин а лакхара дешар дешна.

1997—1999 шерашкахь — Гуьмсан кӀоштан администрацин коьртан хьалхара гӀовс.

2002—2004 шерашкахь — Российн Президентан Нохчийн Республикера башха векалан гӀуллакх латторан урхаллин хьаькам.

2004 шарахь дуьйна — Нохчийн Республикин правительствон РФ гражданийн Нохчийн махкахь конституцин бакъонаш Ӏалашйаран комиссин председатель, 2005 шарахь дуьйна — Нохчийн Республикин президентан республикехь гражданийн конституцин бакъонаш Ӏалашйаран урхаллин хьаькам.

Соьлжа-ГӀалин сийлахь гражданин (2015 шеран 24 мартехь)[1].

Адаман бакъонийн йуьззина бакъонаш йолу векал

бӀаьра нисйан

2006 шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан халкъан гуламо Нохчийн Республикин адамийн бакъонийн йуьззина бакъонаш йолу векалан даржехь чӀагӀвина[2]. Нухажиев дӀахӀотто масех де хьалха республикин парламенто «Нохчийн Республикин адамийн бакъонийн йуьззина бакъонаш йолу векалех» долу закон тӀеэцна[2]. 2016 шеран 30 декабрехь йухахаьржина оцу дарже[3].

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан