Оздоев, Мурад Ахмедович
Мура́д Ахме́дович Оздо́ев (1922 шеран 10 март, Несара, Ламанхойн Автономин Советийн Социалистийн Республика — 1999 шеран 25 февраль, Несара, ГIалгIайчоь) — советски кеманхо, лахара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Российн Федерацин турпалхо.
Оздоев, Мурад Ахмедович | |
---|---|
Вина терахь | 1922 шеран 10 март |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1999 шеран 25 февраль (76 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | Военно-воздушные силы СССР |
Дарж | младший лейтенант |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1922 шеран 10 мартехь Несарехь. Школа чекхйаьккхинчул тӀаьхьа цо болхбира Соьлжа-ГӀалан предприятешкахь. Цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин аэроклуб.
1940 шо дуьйна иза вара ЦӀен эскарехь. 1941 шарахь цо чекхйаьккхира Армавиран эскаран авиашкола.
ТӀом бола ма белла иза фронтехь вара. Цо тӀом бира Малхбузан а, Сталинградски а, Брянски а, 2-гӀа Прибалтийски а фронташкахь 431-гӀа истребителийн полкехь. Цо леладира ЛаГГ-3, Як-1, Як-7, Як-9 кеманаш. 1941 шеран сентябрехь Оздоевс шен хьалхара мостагӀийн кема чудаийтир. ТӀем хенахь иза 248-за тӀема велира, 8 мостагӀийн кема а чудаийтира.
1944 шеран 25 январехь Псковски областин Новосокольнически кӀоштехь цуьнан кема чудаийтир. ТӀаккха цо шен кема мостагӀийн эшелонан тӀе а хаьжийн ша парашютаца чукхоссавелира. Цунна чевнаш йинера. Иза кхетамчохь воцуш немцош схьалецира. Немцош иза Малхбале Пруссехь а, Чехословакехь а концлагерашкахь Ӏавийра. Шозза иза цигар вада гӀиртира. 1945 шеран 8 майхь и чохь волу лагерь совета эскараш схьайаьккхира.
Оздоеван кема чудогӀуш гина накъосташ иза вина элира шайн хаькимашка. Цара кехаташ кечдира Оздоевна Советски Союзан Турпал цӀе тилла йеза аьлла. Амма 1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бахар доладелира. И бахьнехь Оздоеван и цӀе ца тиллира. Ша паргӀатваьлча Оздоев шен полке веара. Цуьна накъосташна и дина хиларах боккха кхаъ хиллера. Иза шен даржеш метта а хӀоттийра, звенон командир а вира. Амма 1946 шеран январехь пачхьалкхан кхерамзаллийн органаш иза балхар дӀа а веккхина шен доьзалла болчу Кхазакхстанан Акмолинск областе дӀахьажийра. 1957 шарахь иза Несара цӀавеар.
1995 шеран 8 майхь Оздоеван Российн Федерацин Турпалан цӀе йелира.
Доьзалла
бӀаьра нисйанКӀента кӀант Магомед Оздоев (вина 1992 шарахь), российн футболист, ахтурсло, Российн гулйина тобанан ловзархо[1].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- ЦӀен Байракхан орден;
- Сийлахь-Боккху Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден;
- Сийлахь-Боккху Даймехкан тӀеман 2-чу даржан орден;
- ЦӀен Седан орден;
- Мидалш.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Дед зенитовца Оздоева — летчик, не знавший страха. История «сталинского сокола» Мурада Оздоева (2020 шеран 6 май). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 9 май.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Оздоев Мурад Ахмедович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». ТӀекхочу дата: 2014 шеран 14 июнь.