Оьрсийн-шведийн тӀом (1656—1658)
1656—1658 шерашкара Оьрсийн-шведийн тӀом бира Оьрсийн паччахьалло Ӏалашо польшин-шведийн уни ца йайтар[1], XVI—XVII бӀешарахь шведаша схьалаьцна Финнийн айманан бердашкара оьрсийн латта йухадерзор, Балтикин хӀорд тӀе некъ баккхар. ТӀом бира ингерманландин а, ливонин а агӀонашкахь.
Оьрсийн-шведийн тӀом (1656—1658) | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Къилбаседа тӀом (1655—1660), Оьрсийн-шведийн тӀемаш | |||
Терахь | 1656—1658 | ||
Меттиг | Инфлянтин воеводалла, Шведийн Ливони, Шведийн Эстлянди, Шведийн Ингерманланди, Кексгольман лен, Псковн гуонаха | ||
Бахьна | Шведашна хи хьадар, Кейданан уни, Росси Балтикин хӀорд тӀевоьдийла йухайерзо гӀертар | ||
ЖамӀ |
Валиесаран барт (1658), Кардисан барт (1661) |
||
Хийцамаш |
Валиесаран барт: Россех Ливонин малхбален дакъа схьатохар. Кардисан машар: ТӀемал хьалха хила дозанашка йухадерзар. |
||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Дуьненайукъара хьал а, тӀеман бахьна а
бӀаьра нисйан1610—1617 шерашкара Оьрсийн-шведийн тӀом (1610—1617) чекхбаьккхинчу Столбовски машаран бартца, Оьрсийн паччахьаллин дийзира Ивангородера Ладогин Ӏам тӀекхаччалц мохк Швецин бита, цуьнца цхьаьна берриг балтикин бердех йелира. Кхойтта шеран тӀом 1618—1648 бахьнехь Швеци йукъайахара сийлахь йаккхий пачхьалкхашна, Балтикехь уггаре онда пачхьалкх хилира цунах.
1654—1655 шерашкахь Хмельницкийн гӀаттамо а, Оьрсийн паччахьаллица хиллачу тӀамо а гӀелйина Речь Посполитина тӀелетира шведаш, цара дӀалецира Варшава а, Краков а (Къилбаседа тӀом 1655—1660). Речь Посполити, католикин пачхьалкх, хӀаллак хилла а, протестантийн пачхьалкхо, Швецис, оцу гӀуллакхо чӀогӀа сагатдира Венера Сийлахь Руман империн урхалера католикаш болчу ГабсбурггӀеран некъийн.
Цуьнца цхьаьна Сийлахь литвахойн гетмано Радзивилл Януша Карл Х-гӀачуьнца Кейданан барт бира, оцу бертаца цуо Сийлахь Литвахойн олаллин тӀехь шведийн паччахьан Ӏедал къобал дира, оцу гӀуллакхо байира оьрсийн-гӀазакхийн ницкъийн СЛОра берриг тӀеман аьттонаш[3], оцо Швецица девнна йукъаозайора Оьрсийн паччахьалла. Полякийн шляхтин шега безам бахийтархьама Шведийн паччахьо, «Москохан а, гӀазакхашна а» дуьхьала гӀолаца тӀелецира[1]. Кхин а 1655 шеран йуьххьехь шведский парламенто Оьрсийн паччахьаллин дуьхьала тӀом бан ахча билгалдаьккхира[4]. ЖамӀехь Сийлахь Руман империн императоран Фердинанд III Габсбурган дипломатийн аьтту белира Оьрсийн паччахьалла а, Дани а тӀеман йукъаозо, иза чӀагӀ ца йалийтархьама, гӀоьртира аьттонза хиллачу тӀемийн (Оьрсийн-шведийн тӀеман 1610—1617 а, Данин-шведийн тӀеман 1643—1645 а) жамӀашка кхечу агӀор хьажа. Цхьаьнатоьхна литвахойн-шведийн эскарца Ӏоттавала кхерам болун дела паччахьо сацам бира хьалха тӀелата.
1656 шеран аьхка Алексей Михайловича Швецин дуьхьала тӀом болийра, ткъа октябрехь Речь Посполитица машар бира. ТӀом болоран формалан бахьна хилира 1655 шарахь Столбовски машарна кхоалгӀа ратификаци йеш шведийн дипломаташа паччахьан титулехь даьккхина гӀалат (бертан ратификаци йира керла паччахь Карл X Густав 1654 шарахь Ӏарш тӀехаар бахьнехь)[5].
ТӀеман жамӀаш а, тӀаьхье а
бӀаьра нисйанЦхьацца иэшамашка хьаьжна ца Ӏаш, даьржинчу уьно чагӀйина «дагийна лаьттан» а, оьрсийн салтийн «полкан гӀуллакхо» чӀагӀина а тактико, ирча хьоле хӀиттийра шведаш Эстляндехь[2]. Цуо таро йира 1658 шеран апрелехь тӀом а сацийна пайден машар бан, цуо ладаме ницкъаш мукъабехира полякийн-литвахойн эскаран керла тӀелатаран йуьххьехь. Швецица тӀеман гӀуллакхаш аьттонца чекхдахарехь цхьабосса а, ламастица а роль ловзийра баьччаллин лакхара стратегин говзалло а, оьрсий эскарна тӀом бан Ӏамаро а[2].
Оцу заманан кхин девнаш
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 Курбатов О. А. Рижский поход царя Алексея Михайловича 1656 г.: Проблемы и перспективы исследования. // Проблемы социальной и политической истории России: Сборник научных статей / ред. Р. Г. Пихоя. — М., 2009. — С. 83—88.
- ↑ 1 2 3 Курбатов О. А. 1656-61 шерийн муьрера Оьрсийн эскар: «Полкан гӀуллакхан» 1656—58 шерашкара Новгородан разрядан эскарш (РГАДА материалашца). — М., 1998.
- ↑ Таирова-Яковлева Т. Г. Иван Выговский. // Единорогъ. Материалы по военной истории Восточной Европы эпохи Средних веков и Раннего Нового времени. Вып. 1. — М.: Квадрига, 2009. — ISBN 978-5-91791-002-4
- ↑ Мальцев А. Н. Россия и Белоруссия в середине XVII в. — М., 1974. — С. 107.
- ↑ Похлёбкин В. В. Отношения между шведским государством и русским государством Архивйина 2006-05-20 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- Советская историческая энциклопедия. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
- Кн. Голицын Н. С. Русская военная история. Ч. 2. — СПб.: Тип. т-ва «Общественная польза», 1878.
- Гадзяцкий С. С. Борьба русских людей Ижорской земли в XVII веке против иноземного владычества // Исторические записки. Т. 16. — М., 1945. — С. 14–57.
- Курбатов О. А. Русско-шведская война 1656-58 гг.: проблемы критики военно-исторических источников // Россия и Швеци в средневековье и новое время: архивное и музейное наследие. / Под ред. А. В. Лаврентьева. — М.: Государственный исторический музей, 2002. — С. 150–166. — ISBN 5-89076-105-6
- Курбатов О. А. Организация и боевые качества русской пехоты «нового строя» накануне и в ходе русско-шведской войны 1656–58 гг. // Архив русской истории: Сборник Российского государственного архива древних актов. Вып. 8. — М.: Древлехранилище, 2007. — С. 157–197. — ISBN 978-5-93646-122-4
- Курбатов О. А. Рижский поход царя Алексея Михайловича 1656 г.: Проблемы и перспективы исследования // Проблемы социальной и политической истории России: Сборник научных статей / ред. Р. Г. Пихоя. — М.: Изд-во РАГС, 2009. — С. 83—88.
- Лайдре М. Количество и состав шведской пехоты в Лифляндии в 1655—1661 гг. // Скандинавский сборник. Т. XXX. — Таллин, 1986. — С. 27–39.
- Лайдре М. Шведская кавалерия и артиллерия в Лифляндии в 1655—1661 годах // Скандинавский сборник. Т. XXXI. — Таллинн, 1988. — С. 64–77.
- Claes Göran Isacson, Karl X Gustavs krig, Historiska media, 2002. ISBN 91-89442-57-1.