1654 шо
Григорианан рузма | 1654 MDCLIV |
Юлианан рузма | 1653—1654 (11 январехь дуьйна) |
Юлианан рузма византийн эрица |
7162—7163 (11 сентябрехь дуьйна) |
Рум йиллинчара дӀа | 2406—2407 (1 майхь дуьйна) |
Жуьгтийн рузма |
5414—5415 ה'תי"ד — ה'תט"ו |
Исламан рузма | 1064—1065 |
Шираэрмалойн рузма | 4146—4147 (11 августехь) |
Эрмалойн килсан рузма | 1103 ԹՎ ՌՃԳ
|
Цийн рузма | 4350—4351 癸巳 — 甲午 Ӏаьржа лаьхьа — баьццара говр |
Эфиопийн рузма | 1646 — 1647 |
ШирахӀиндин рузма | |
- Викрам-самват | 1710—1711 |
- Шака самват | 1576—1577 |
Иранан рузма | 1032—1033 |
Буддийн рузма | 2197
|
1654 (эзар йалх бӀе шовзткъе итт доьалгӀа) шо Григорианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу йеарахь. Иза вайн эран 1654 шо ду, 654 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 54 шо бӀешеран, 4 шо 6-гӀа иттаннаш шерашкахь XVII бӀешеран, 5 шо 1650-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйанМалхбуза а, Йуккъера а Европа
бӀаьра нисйан- 15 апрель — ингалсан а, Голландин а йукъара Вестминстеран машар, цуо къобал дина «Навигацин акт», 1611 шарахь дуьйна ингалсан Ост-ХӀиндан компанин йина харж метахӀотто декхар тӀелаьцна.
- 7 июнь — французийн паччахьан Людовик XIV-гӀачун таж тиллина.
- 3 сентябрь — британин парламент гулйина[1].
- ингалс-португалийн махлелоран барт, цуо таро йелла ингалсхошна махлело ХӀиндехь а, ХӀиндонезехь а.
- Шотланди, Ирланди, Ингалс пачхьалкхаш цхьаьнатохарх ордонанс. 3 сентябрь — Парламент гулйар. Шеконе йехкина протекторан конституцин бакъонаш. Йукъара ницкъала дӀаваьккхина бӀе сов депутат.
- 1654—1660 — Швецин паччахь Карл X Густав.
- Элийн, шайн куьйгакӀеларчарна,тӀеман хьашташна меттигерчу ландтагаш чӀагӀ ца йеш налогаш тохаран бакъонех рейхстаган сацам.
- Пхьолан а, махлелоран тӀиера Чехех налогаш хӀиттор.
Малхбален Европа
бӀаьра нисйан- 8 январь — Переяславлан Радо болх дӀаболор. Украина Российца цхьаьнакхетарах сацам. Хмельницкий Богдана а, гӀазакхаллин векалийн дакъано а дуьй баарца чӀагӀбира Оьрсийн пачхьалкхаца барт. Зударий а, лайш а боцуш, 127 328 гӀазакхийчо байӀат дина оьрсийн паччахьна.
- 9 январь — Переяславлан Радан болх чекхбалар.
- Январь — Йерриг европин мехкашка Украина Российца цхьаьнакхетарх хаамца вакилаташ хьажийна.
- Февраль — Москоха, Украинин ГӀазакхийн Пачхьалкх Российн Паччахьаллин йукъайахаран хьолех, барт бан хьажийна вакилат. Хмельницкий Богданан йаззамаш а, оьрсийн урхаллин дехаран грамоташ а.
- Май — дуьйладелла Российн а, Польшин а тӀемаш.
- 1654—1667 — оьрсийн-полякийн тӀом.
- 1654—1655 — оьрсийн эскаран кхиамаш. Дорогобужск, Рославль, Смоленск, Могилёв, Витебск, Минск, Вильно, Гродно йаккхар.
- Июль — Польшин барт гӀирманан гӀезалошца.
- 16 сентябрь — Литвагара (Речь Посполитигара) Смоленск йаккхар.
- ДингӀуллакххойн гулам, Никонан хийцамаш къобалбар. Бекъабаларан йуьхьиг.
- Аргунь, Селенга, Ингода эркаш дӀаделлар.
- Йиллина Иргенан набахте
- Матвеев А. С. кхийсархойн хьаькам а, полковник а хӀоттор.
- ЦӀестан ахсом зорба тоха долор.
- Ф.Байковн вакилат Цийчу хьажйар.
Ази
бӀаьра нисйан- 1654—1657 — Байков Фёдоран Цийчу оьрсийн вакилат.
- Чжэн Чэнгунан 800 кема Янцзы чухула хьала а деина, десант а кхоьссина гуо бира Нанкинна. Маньчжураша кхерам тесира гӀалара берриг цийхой хӀаллакбан. Чжэн Чэнгунан флот хӀорд чу йахара.
Америка
бӀаьра нисйан- Декабрь — Вест-Инде хьажийра ингалсан тӀеман экспедици.
- Португалхоша Ресиф йаккхар — Бразилера голландхойн тӀаьххьара чӀагӀйина пункт.
- 26 апрель — Бразилера арабаьхна берриг жуьгтий.
Ӏилма, техника, технологи
бӀаьра нисйан- Немцойн физик, инженер, философ Отто фон Герике (1602—1686) шерашкахь йира йевза эксперимент Магдебурган эхигашца — «шиъ цӀеста эхиг диаметрехь 14 дюйм (35.5 см) гергга, йукъахь йаьсса, вовшенна тӀеттӀа таӀийна». Чура хӀаваъ арадаьккхича, говрашка вовшах ца даккхалора сфера, уьш тӀеттӀа латийна арахьара хӀаваан Ӏаткъамо бен йоцушехь.
- Гюйгенс Христиан (1629—1695) зорба тоьхна шен белхан «Гонасизан барам билгалбаккхар», цунах хилира гонасизан диаметран йукъаметтиг билгалйаккхаран теорин ладаме дакъа лацар ( терахь лара).
- Ингалсхочо Роберт Биссакера (Robert Bissaker, цуьнца воьзна воцуш 1657 шарахь — Сет Партриджа, Seth Partridge) карлайаьккхина логарифмийн сизар (тӀетоьхна бегунок)[2].
Бина
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Бинарш 1654 шарахь
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1654 шарах
- 13 январь — Януш Кишка, Литван сийлахь гетман
- 11 август — Боголеп Черноярский, сийлахь кӀант-ниятдинарг.
- 12 октябрь — Фабрициус, Карел, нидерландийн исбаьхьалча, велла тоьпан молхан ларма иккхина Делфтехь (Нидерландаш).
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ СИЭ т. 1 — С. 504.
- ↑ Encyclopedia Britannica . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 4 майхь