Полимеран биргӀанаш
Полиме́ран би́ргӀанаш — полимеран материалах бина цилиндр кепара чухула беса болу, бохалла диаметрал шортта беха болу гӀирс.
Полимеран биргӀанаш лелоран область чӀогӀа шуьйра ю. Полимеран биргӀанаш лелайо бахаман, маларан довха а, шийла а хи лела биргӀааса еш, тоеш, полимер химин агӀора мегаш елахь кхин коча а, газкепара а хӀуманаш лела а. Полимеран биргӀанаш лелайо йогу газ юьллуш, хӀусамаш йохъяран системаш, канализацеш йохкуш, хи дигаран машанаш бохкуш. ТӀаьхьарчу заманахь полимеран биргӀанаш сих-сиха лело яьхна гидротранспортехь. Полимеран биргӀанаш лело тарло электрийн, зӀен, хьесийн-оптикан кабелаш дохкуш а.
Полимер — йукъара цӀе ю. Полимеран биргӀанашна йекъало термопластан а, реактопластан а биргӀанашна.
Полимеран биргӀанаш ян тарло тайп-тайпанчу термопластикан материалех а, церан композицех а, масала: полиэтилен (ПЭ), поливинилхлорид (ПВХ), полипропилен (ПП), полиамид (ПА), полибутилен (ПБ), кхин а. Реактопластех йина биргӀанаш — аьнгалипластикан а, аьнгалихьесийн а, эпоксидан я полиэфиран силамех йинарш.
Коьрта амалаш
бӀаьра нисйанГабаритан
бӀаьра нисйан- Dn Диаметр номиналан — коьрта бараман амал хи-газйилларан биргӀанийн а, уьш вовшахтосу дакъойн а
- Дб (ID) Диаметр билламан чеккхенан — миллиметрашкахь болу чоьхьара диаметран барам я цунна гергадина терахь (16,20,25,32,40,50 мм, кхин дӀа а)
- Д (OD) Арахьара диаметр — миллиметрашкахь болу арахьара диаметран барам я цунна гергадина терахь
- En Пардонан стоммалла
- SDR (Standart Dimension Ratio) — биргӀан стандартан бараман юкъаметтиг, гайта таро ю биргӀан арахьара диаметран юкъаметтиг биргӀан пардонан номиналан стоммаллийн екъна SDR = dn / en. Полимеран биргӀанашна тӀеэцна хӀара барамаш SDR 41; 33; 26; 21; 17,6; 17; 13,6; 11; 9; 7,4; 6
Массийн
бӀаьра нисйан- Цхьаьна йохаллин метран йозалла дукха хьолахь юсту килограммашкахь.
- Луьсталла;
ЧӀогӀаллийн
бӀаьра нисйан- PN (Nominal pressure) Номиналан (билламан) Ӏаткъам
- MRS (Minimum Required Strength) биргӀа йина материалан минималан чӀогӀаллин хенан йохалла
- С — чӀогӀаллин запасан коэффициент (биргӀа йилларан коэффициент), йозуш йолу йилларан хьолех, тӀеоьцу барам: 1,25 — шийла хи луш йолу полиэтиленан биргӀанашна; 2.. 3,15 — йогу газаш луш йолу полиэтиленан биргӀанашна.
- MOP (Maximum Operation Pressure) Максимум белхан Ӏаткъам МОР=2 MRS/[C(SDR-1)]
- SN ХӀозан чӀогӀалла, кН/м²
- Озийча иэхаран доза, Мпа
- Хедучу хенахь кхечунца юьстина яхъяр, %
- БиргӀанийн йохалла йохйича хийцаялар, %
- БиргӀанийн термоцхьаьнаэшаралла
- Меллаша ятӀар яржарна дуьхьало
- Чехка ятӀар яржарна дуьхьало
- Бужу кира тӀекхетаран дуьхьало
Температуран
бӀаьра нисйан- Температура белхан, максималан, минималан. БиргӀан чухула дӀахьучу хьолан гуттаренна йолу белхан температура дукха къастало 20˚С температурал, температура хийцаялар лара деза проект йеш, хӀунда аьлчи цуо йохоран Ӏаткъам бо биргӀан материалан;