Порт-Харкорт
Порт-Харкорт (инг. Port Harcourt, игбо Ugwu Ọcha) — Нигерин Риверс штатан коьрта гӀала, лаьтта Бонни хица Нигер хи хӀордах кхетенехь. ГӀалин бахархой — 1 620 214 стаг (2007), Йоккха Порт-Харкортехь 5,7 миллион гергга вахархо ву.
ГІала | |||||
Порт-Харкорт | |||||
---|---|---|---|---|---|
Port Harcourt Ugwu Ọcha | |||||
|
|||||
4°45′ къ. ш. 7°00′ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | Нигери | ||||
штат | Штат Риверс | ||||
Истори а, географи а | |||||
Йиллина | 1913 | ||||
Майда | 186 км² | ||||
Центран локхалла | 18 м | ||||
Сахьтан аса | UTC+1 | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой | 2 667 435 стаг (2006) | ||||
Агломераци | 3 761 645 | ||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Телефонан код | +234 234-84 | ||||
Поштан индекс | 500101 to 500272 | ||||
web.archive.org/web/20061203025626/http://www.riversstatenigeria.net/index/120-Govt_Project_Pictures.php (ингалс.) | |||||
Картин тӀехь | |||||
Порт-Харкорт кхоьллина 1913 шарахь британхоша, ламастехь икверре а, иджо а къаьмнийн кӀошташкахь. Цуьнан цӀе тиллина колонийн гӀуллакхийн пачхьалкхан секретаран виконт Льюис Харкордан сийнна. Йиллина юьхьанца Энугухь боккху кӀоран экспорт ярхьама.
Йоккхачу Порт-Харкортан юкъахь ю тиша европин (тауншип) куьпех а, царна тӀелеттачу масех керла куьпех а лаьтташ йолу ша гӀала Порт-Харкорт а, ткъа иштта меттигера шайн урхалла долу ворхӀ кӀошт а — Окрика, Обио-Акпор, Икверре, Ойигбо, Огу-Боло, Тай, Элеме.
ГӀалахь ю Риверс штатан Пачхьалкхан Университет а, Порт-Харкортан университет а. Ю Дуьненайукъара аэропорт, шиъ хӀордан порт, шиъ стадион, шиъ мехкдаьттатодаран завод.
ГӀалин бахархой луьста ховшарна 2009 шо долалуш губернатор Chibuike Amaechi куьйгаллехь волу штатан правительствос кхайкхийна керла гӀала йилларан планаш, цуьнан цӀе хир ю Грейта-Порт-Харкорт. Керла гӀала хила еза дуьненайукъара аэропортан Порт-Харкортан генайоццуш.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- The Expat’s Guide to Port Harcourt
- Britain: Return our Stolen Artefacts(ТӀе цакхочу хьажорг)
ХӀара Нигерин географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |