Пугачёва, Софья Дмитриевна
Пугачёва Со́фья Дми́триевна (йинчу хенахь Недюжева; 1742 — 1804 шерал тӀаьхьа) — Есауловски гӀалара донан гӀазакхий, хьалхара (законехь йолу) зуда Пугачёв Емельян Ивановичан 1760 шарахь дуьйна. Марехь бира ши кӀант а, ши йоӀ а.
Пугачёва Софья Дмитриевна | |
---|---|
Йина терахь | 1742 |
Йина меттиг | Есауловски гӀала Российн импери |
Кхелхина терахь | хууш дац, амма 1804 шерал тӀаьхьа еллий |
Кхелхина меттиг | Кексгольм |
Гражданалла | Российн импери |
Да | Недюжев Дмитрий |
Нана | Аксинья |
Майра | Пугачёв Емельян |
Бераш | Трофим (1764—1819), Аграфена (1768—1833), Христина (1770—1826) |
1773—1775 шерашкара Ахархойн тӀом болуш император-аьзни Екатерина II-чун омарца лецира Ӏедало, латтийра берашца цхьаьна Казанехь. Казань Пугачёвн эскарша йоккхуш мукъа йаьккхира талламан набахтера кхечу йийсархошца цхьаьна. Пугачёв, ша император Петр III ву бохуш, Софьях берашца цхьаьна олура шен гӀазакхий хилла кхерсташ гӀодина доьзал бу олий. Софья берашца дӀайахара гӀаттаман эскаран ворданашца Казанера Ийдалца охьа Пугачёв Чёрни Яр йолчохь вуьззина хӀаллакваллалц. Таллам боьдучу хенахь масийттаза Пугачёвн дахаран хьолех лаьцна дери дира, иза дуьхьала хӀоттийна а. Суьдо бехказа йаьккхира иза, амма Пугачёвн берашца а, шолгӀачу зудчунца Устиньяца а хьажийра йаха Кексгольман гӀопе, шен йисина хан чохь йаьккхина ала мегар долуш цигахь йехира.
Биографи
бӀаьра нисйанГӀаттамал хьалха
бӀаьра нисйанНедюжева Софья йина 1742 шарахь гӀазакхийн гӀалахь Есауловскихь. Цуьнан доьзалах кӀезиг болчу хаамех бевза, ден цӀе Дмитрий хилар а, иза хьалха валар а, доьзалан Ӏуналла деш зуда Аксинья йисар а, Софья йоцуш, кхин а ши йоӀ а, кӀант а хилар а. 1760 шарахь Софья мааре йелира 18 шо долу Зимовейски гӀаларчу гӀазкхийчуьнга Пугачёв Емельянега. Зудчун-майрачун дахар доца хилира. Ловзар хиллачул тӀаьхьа кӀира даьлча Пугачёв Емельян полковникан Денисовн командин йукъатуьйхира, иза йоьдуш йара, Пруссица тӀом бен, оьрсийн эскаран йукъа — куьйгаллехь граф З. Г. Чернышёв волу корпусан[1].
1762 шеран сентябрехь Емельян шен эскаран накъосташца цӀа кхечира Пруссера, кхин дӀа гӀуллакх дира шен гӀалахь. 1764 шарахь доьзалехь дубххьара бер дуьнен тӀеделира — кӀант Трофим. Хууш ду, Трофимал тӀаьхьа Софьяс масийттаза бер дира, амма дийна ца йисира ши йоӀ бен — Аграфена (1768 шарахь йина), Христина (1770 шарахь йина). ГӀуллакхехь волуш Емельян гӀазакхашца масийттаза цхьаьна-шина баттана хьажавора тайп-тайпана декхар тӀедуьллий, дукхах дерг – лаха а, Россех йухаберзо а бевдда шираламастхой. 1768 шарахь, оьрсийн-туркойн тӀом болабаларца, Пугачёв Кутейников Ефиман полкан йукъатуьйхира. Бендер йаьккхинчул тӀаьхьа иза цомгуш хилира, 1771 шеран январехь цӀа хьажийра говраш яло йоьдучу командица. Команда йуха туркойн дозане йахайезачу хенахь Пугачёвн цамгар дӀа ца йелира, кхин а тӀе чӀагӀйелира, цундела цуо шен меттана мехах гӀазакхий Бирюков Михайла вахийтира. 1771 шеран июлехь Пугачёв новкъа велира Черкасске ваха, эскарера мукъаваккхийта. Емельян мукъа ца ваьккхира, дарба цӀахь леладе йа лазаран цӀа чохь леладе аьлла. ЦӀа вахале, Пугачёв йиша Федосья а, нуц Павлов Симон а ган вахара, уьш гӀуллакхехь бара Таганрогехь, цигахь таллуз лелон волавелира, таллуз бахьнехь Павлов накъосташца ведира гӀуллакхера[2].
Пугачёвн планаца невцан доьзал баха безара Теркан тӀе, цига ГӀажарчоьнца Гянджан барт хиллачул тӀаьхьа кхалхийнера донан гӀазакхий шайн доьзалшца, цигахь империн йистехь гӀазакхийн алсама паргӀато йара. Амма хьалха уьш баьхкира Зимовейске, цигахь Пугачёвс шен сацам бовзийтира зудчун а, нанна а. Софьяс дийцарехь, иза ненаца цхьаьна бӀаьрхишца Емельянан когех хьирчира и ойла йита бохуш, амма цуо сацам бира гӀодан Симонан Федосьяца Донал дехьабовла. Павлов Симон ша кхача ца велира Теркан тӀе, йухавеира Зимовейске, ша лаьцча Пугачёвс шена вада гӀодар дӀадийцира. Пугачёв ведира, къайлавелира Зимовейскин йисташкахула, амма Софьягара Павлов Симон Черкасске дӀахьажийни хиина, цига вахара, Павловл хьалха дӀа а кхаьчна, хиламан шен версии йийцархьама. Ойла чекх ца йаьлча, Пугачёв цӀа веира Зимовейски, цигахь лецира гӀалин Ӏедало, тутмакх вина латтийра, амма ши кӀира даьлча ведира. Йуьхьанца иза лечкъина Ӏийра гӀалан йистера эрзашна йукъахь, амма гуьйренан шелонаш йолаелча цӀа веира, цхьамма а лоьхур вац ша цигахь аьлла. ЦӀахь Рождество кхаччалц Ӏийна, Пугачёвс сацам бира ша чекхйаккха шен Теркан тӀе вахаран ойла. Софьян новкъан юург кечъе аьлла омар делла, цуо элира, юхьанца ша Теркан тӀекхочур ву, цул тӀаьхьа, цигахь дӀа а тарвелла, «нагахь цигахь тӀеэцахь, ша хьуна тӀаьхьа вогӀур ву»[3].
Йуьхьанца Теркан тӀехь гӀуллакхаш доьдура планаца, иза тӀеийцира Теркан доьзалан эскаро. Цуо кхайкхийра, шен доьзал кестта схьабало волу ша аьлла, бакъду, элира, зудчунна цӀе Прасковья Фоминична йу аьлла. Дукха хан йалале Пугачёв лецира Теркан тӀаьхь, йуха а ведира, 1772 шеран февралехь кхечира Зимовейски. Софьяс чувитира Емельян, хьалха бераш цуьнан ваша волчу а дигина. Емельяна дийцира зудчуьнга, Теркан тӀаьхь гӀазакхаша ша тхьамда хаьржина бохуш, амма Софья ца тийшира дуьйцучух, йоьлхаш Ӏара. Павлов Симон веддачул тӀаьхьа гечдина, Таганрогехь гӀуллакх дӀахьуш хилар хууш йолчу Софьяс, гӀалан Ӏедале дӀаэлира Емельян цӀаварах. Лаьцначул тӀаьхьа Пугачёв йуха а ведира Черкасске воьдучу новкъахь, цӀа Зимовейске кхин ца веира[4].
ГӀаттам болуш
бӀаьра нисйанЕмельян дӀа а велла, гуттаренна лечкъаш леларх кӀелхьара ваьккхина, хӀуман билгало йаккха лууш йолу Софья, йисира цӀахь кхаа жима бераца, даа хӀума а доцуш. Майра йуха а веддийла хиина, Софьяс цхьа хан йаьлча гӀуллакхера мукъаваьллачу вевзачу Есауловскин гӀалагӀазакхийчун цӀа доьхкира 24 соьмах, ткъа ша берашца дӀайахара нана йолчу йаха. ЦӀа доьхкина ахча дукха ца лаьттира. 1773 шеран гурахь, шен ведда лела майра гӀевттинчу яикан гӀазакхийн коьрте хӀоьттича, Софья берашца «нехан неӀре хӀуьттуш, сагӀанах йехаш йара». Бевза гӀазакхаша, Пугачёва ша император кхайкхийний хиина, Софьяс дийцарехь, «цунна довдеш, боьлуш олура олура: Хьовсийша, оцу хьакханера и гӀуллакхаш муха дер ду»[5].
10 (21) январехь 1774 шарахь император-аьзнис Екатерина II-гӀачо Пугачёвн доьзалаш схьа а лаций, Казане, гӀовттамхошна дуьхьала керла хӀоттийначу эскаран баьччин инарла-аншефан А. И. Бибиковн, къайлаха талламан комиссе балабе элира. Цул сов, омар делира Зимовейскера Пугачёвн цӀа дагаде, чим баржабе мохехула, ткъа меттиг ахки, гуо бай «тӀаьхь стагга а ца вехаш гуттаренна йитархьама Ӏеса йаккхарна…» 4 февралехь омар кхочушдан хьажийна секунд-майоран Рукинна а, старшинан Туроверовна а ца карийра Зимовейскехь йа цӀа а, йа доьзал а, туллузхочун доьзал а. Пугачёвн доьзал а, цӀа а Есауловскехь дуй хиина, 6 февралехь Рукина омар делира Софья берашца лаца аьлла, ткъа цӀа, керлачу меттиге хӀоттийна, дегара схьа а даккхий, вовшах а даккхий, Зимовейскехь дӀа а хӀоттадай, дагаде, ма-аллара императоран омар кхочушдархьама. Доьзал бигира Сийлахь Димитрий гӀопе, ткъа цигара, гӀаулашца хьажийра Казане[6][5].
Софья берашца кхачийра Казане 17 мартехь. Бибиков омар делира уьш мехах хӀусаме ховшабе Пугачёвн шича кӀентаца Федотца цхьаьна, иза гӀуллакхехь вара Петарбухан гарнизонехь, таллузхочун гергарниг ву аьлла, иза а буха вахара Екатеринин омарна. Доьзал ларбан хӀиттийна гӀарулашна Бибиковс тӀедиллира Софьян доьзал буьйлабала ара а баха, базара а бига, цуьнга нахана дийцийтархьама Пугачёвн схьавалар мичара ду. Цу тӀе гӀарулаш нахана гуш Софьян тӀехьайаха йиш йолуш а йацара, хӀунда аьлча, нахана моьттур дара нуьцкъала дуьйцуьйту иза[6][7].
Софьян берашца тоъал даар а, хаъал маршо а йелира 1774 шеран июль кхаччалц, оцу хенахь Казане хаам кхечира, Пугачёв, мартехь-апрелехь вохийна аьлла хетачу хенахь, йуха а доккха эскар гулдина, гӀалин тӀекхочуш ву аьлла. СофьягӀара квартирера сихха набахте дехьабехира, цигахь латтош бара дукха йийсар бина гӀаттаман декъашхой. 12 (23) июлехь 1774 шарахь Пугачёвн эскаро дӀалецира Казанан доккхаха долу дакъа. ГӀарулийн эпсарша а, салташа а йитира шайн посташ, штурм йечу хенахь йоккха йаьлла цӀе набахтин тӀекхочучу хенахь. Софьяс дийцарехь, цунна ца хаара ша хӀун дан деза, чохь Ӏойла дацара йовхонна а, кӀуранна а. Набахтин кертахь гӀовгӀа хезна, Софья а, бераш а арабевдира, кхечу тутмакхашца гӀовттамхоша уь хьовсийра Арскан аренахь йолчу Пугачёвн лагере. Цигахь 11 шо долчу Трофиман вайра говрахь болчу гӀазакхашна йукъахь шен да, мохь белира: «Нана! Хьажахьа, дада вогӀу!» Хууш ду, Софьян дика ойла ца йиснера майрачунна, дуьхьала кӀанте мохь туьйхира: «Даийтахь жӀаьла! Харц мостагӀ!»[8]
Пугачёвс, зудчун а, берийн а тидам бина, омар делира схьа эций уьш, шен четаран гена боццуш охьаховшабе аьлла. Шен накъосташка цуо кхайкхийра, иза кхерстачу шерашкахь шен гӀодинчу доттагӀчун, «шен паччахьан тешаме хиларна» шед йиттинчу, донан гӀазакхийчун Пугачёв Емельянан доьзал бу аьлла. ТӀаккха а, ша терго йина йоллушехь, Пугачёв Софьяца дечу къамелех уьдура. Пугачевца четар чохь Ӏаш йара масех зуда. Пугачёв лаьцначул тӀаьхьа дийцарехь: «зударий бацара, тӀе бедар а юхура, юург кечйора суна, тайп-тайпана гӀуллакхаш дора». Майрачун хӀора дийнахь долчу хьаштийн терго йан таро йолчу Софья Дмитриевнас, лейечу хенахь дуьйцура:
...[Пугачёв] четар чу волушехь, зудабераш цунна тӀехьовдий, схьаоьцура цуьнгара куьй, тӀиера доккхура тур, бедар йоккхура. Ткъа иза, бедар йоккхий, вуьжура месийн гоьн тӀе. Иза Ӏуьллушехь, зудабераш юург кечйора. Дерриг кийча хилча, иза, гӀоттий, гӀайбанаш тӀе а хуий, ша хӀума юура, ткъа зудабераш а, цхьаболу гӀазакхий а цунна хьалха лоттура. ХӀума юуш, йиина ваьлча а, Пугачёвс дерриг, шена оьшург, зудаберашка дойтура: "маьхкарий, схьалол иза, маьхкарий, тӀейохал". Ткъа цара сихха иза кхочуш дора. Маьхкарий бара хаза, сурт санна... Яикан гӀалахь Пугачёва Софья лейаран протокол[9]
|
Царех цхьаъ, ца хууш, Софья Пугачёвн боккъала а мила йу ца хууш, «самукъане оьхьца, иза цунна сийлахь хетара», ма-дарра дуьйцура Софьей Дмитриевнега, цунна гуш доцу «паччахьан» интиман дахарех а. Софья Дмитриевнас дийцарехь, цунна «новкъа дара и хӀуманаш хазар»[9]. Дуьххьара Пугачёв вистхилира Софьяга бутт баьллачул тӀаьхьа, оцу хенахь гӀовттамхойн эскар кечлуш дара Саратовн тӀелата. Пугачёвн хаттарна, муха хета хьуна ша, Софья Дмитриевнас жоп делира: «Хета хӀун ду! КӀелхьара валалур вац, со хьан зуда йу, ткъа хӀорш хьан бераш ду». Пугачёвс омар делира цунна иза цхьаьнга ма дийца аьлла, йиц ца йан дош делира, нагахь дала пурба а делла Петарбухе кхачахь, ткъа омар дохадахь — тур тоьхна корта боккхур бу. Боху кхерам кхочуш бен хиларх Софья шеко йолуш йацара: «цунах доккха жӀаьла хилла, кӀеззиг ша оьгӀаз воьдушехь, лагах шед тосу». Амма, къамел динчул тӀаьхьа, Пугачёвс сих-сиха кхойкхура берашка четаран чу, «сих-сиха хьоьжуш, бӀаьрг бетташ Ӏара»[10].
Соленикови ватагин уллера тӀамехь гӀаттамхойн эскар хӀаллакдича, Пугачёв гӀазакхийн полковникашца Ийдалан дехьабовла гӀертачу хенахь, кегарин а, бохаран а йуккъехула Емельянан аьтту белира Софья кӀентаца Трофимца каро, уьш тӀаьхьабахара цунна аьрру бердан аренашкахула Узенера яикан гӀазакхийн кӀотаршка. Софья а, Трофим а тешаш хилира яикан атаманаша йамартлонца шайн тхьамда лацаран. Коьртачу йамартхочо Творогов Ивана дийцарехь, Софья Дмитриевна кӀантаца, гуш «оха иза схьа а лаьцна чохь валлош, хӀумма а ца аьллехь а, амма чӀогӀа билхира». ГӀазакхаша Софья а, Трофим а вордана тӀе а ховшийна, 14 (25) сентябрехь 1774 шарахь дӀабелира Пугачёвца цхьаьна, коьртехь бӀаьнча Харчев волу правительствон тобанан гӀазакхийн кара, цуо уьш кхачийра 15 сентябран буса Яикан гӀала[11].
Пугачёвн а, Софьян а йоӀрий бисира дӀатесначу лагерехь, уьш Ийдал тӀебуьгуш бара шайн вордана тӀехь, Ӏуналла дан хӀоттийна баба а йолуш, амма дохийначу гӀовттамхой эскарх бисинарш боьхна бовдар бахьнехь ворда хаьрцира. Гуш ду, цхьамма гайтира уьш правительствон эскарийн векалшна, иштта уьш ца бовш, тӀаьхьуо, хӀоттийначу керла бабин — совдегархо И. Ф. Ширинкинин – Ӏуналца кхачийра Москоха[6].
Таллам а, суд а
бӀаьра нисйан15 сентябрехь Пугачёв Яикан гӀала ма-валийна, шина дийнахь иза лерина левира гӀалахь волчу къайлаха талламан комиссин векало лейб-гвардин капитан-поручико С. И. Маврина. 17 сентябрехь Маврина лейира Пугачёва Софья а. Де хьалха Яикан гӀала веина инарла-поручика А. В. Суворовс «хӀора минотехь» Мавринан тӀедуьллура лебарш чекхдаха бохуш, 18 сентябрехь Маврина дӀавелира Пугачёв Емельян, ткъа иштта Софья кӀентаца Трофимца, Суворовга гӀаролца Сызранехула Симбирске бига[12].
Суворовс лерина довзийтара гӀаролийн низам шен куьйга кӀеларчарна, омарш делира «сема хьажа» дезаш хиларх Пугачёвга а, цуьнан доьзалан декъашхошка а. ДӀабуьгучу заманахь берриш а кхаа вордана тӀе цхьацца хао безаш бара, царна гуонаха гуттаренна а драгунийн ротера ши эпсар а, гӀазакхийн тобанера ши есаул а хила везара. Са даӀа совца ца магара дитташ долчохь, цӀена аренашкахь бен совца бакъо йара. ТӀедиллинера иштта башха терго йан тутмакхийн юург дика хилийтарна. Эвланашкахь буьйса йаккха севцача Пугачёв а, Софья кӀентаца а арахь буьйса йаккха дезаш дара, драгунийн ах ротанан чоьхьара гуон а, гӀазакхийн гӀаролийн арахьара гуон йукъахь. Буса Пугачёвн меттан уллехь хӀотто йезара латийна йиъ панар, цхьацца панар зудчунна а, кӀантана а[13].
Пугачев хьалхарчу зудчунца а, к\ентаца а кхачийра Симбирске 1 октябран буса. Симбирскехь Пугачёв кхин ч\ог\а левира, ницкъ а беш. Пугачёв кхаба йелира 15 кепек денна, Софьяна а, к\антана Трофимана а − 10 кепек х\оранна а, йуург йала йезара царна «г\уочу стагана санна». Цул сов, Москоха новкъа ваккхале, Пугачёвн доьзалца ийцира йовха бедарш а, мачаш а[14]. Пугачёвн дуьхьала хилла эскаран баьччан, инарла-аншефан Панинан, омарца т\едиллинера хьалхара зуда а, к\ант а Пугачёвх къасто, кхин цаьрга къамел ца дайтар, терго йар х\инцачул ледара ца йеш, х\ора денна церан хьа а хоуьйтуш[15].
26 октябрехь коьртехь капитан Галахов волу лерина гулйина гӀаролийн командо Симбирскера Москох вуьгуш ларван схьаийцира Пугачёв а, цуьнан хьалхара зуда Софья а кӀантаца. Новкъахь итт де даьккхира. 4 ноябрехь москохан инарла-губернаторо эла М. Н. Волконскийс йаздира Екатерина II-гӀачуьнга доклад, Пугачев, цуьнан хьалхара зуда, кӀант кхачийна, дӀатарбина царна кечйинчу Нахартийн кертан гӀишлон хӀусамашкахь. Волконский Пугачёвга хьажа а хьаьжна доцца хаьттинчул тӀаьхьа, цунна гира Софья а. Цуо элира инарла-губернаторега, шена кӀезиг хӀума хаьа майрачун зуламех: «ШайтӀана хаьа цуо хӀун лелийна. Ткъа цуьнан хьалхалера зуламех цуьнгара сунна хезна а дац. Цуо со йитина кхо шо гергга хан ю». Волконскийс шен император-аьзнега йаздинчу кехатехь билгала даьккхира: Пугачев зуда «йамарт стаг йу, хетарехь, тап аьлла а ю», «шийттех шо долу кӀант а, иштта ненал дика хир ву ала меттиг йац». 14 ноябрехь Москоха кхачийра Пугачёвн жима ши йоӀ − Аграфена а, Христина а. Оцу хенахь дуьйна уьш ненаца а, вешийца а цхьаьна латтийра десачу Рязанан кертарчу гӀишлон чохь (Лубянски майданан гергахь), иза кечйинера Къайлаха экспедицин набахтин. ТӀаьхьа, москохан талам боьдуш, Софья шозза дуьхьала хӀоттийра Пугачёв Емельянан[16].
Махках бахар
бӀаьра нисйанКхел кхайкхочу дийнахь, 9 (20) январехь 1775 шеран, Сенатан кхеташонехь сацам бира: «Таллузхочун зударий кхаба Кексгольмехь, гӀопера ара а ца бовлуьйтуш, маршо ло царна болх бан а, юург лаха а, цул сов ло хазнера хӀоранна а 15 кепек денна». Оцу сацамца Пугачёвн доьзалан декъашхой набахтин чубоьхкинчеран хьолехь бу ала мегар дара. Пугачёв а, цуьнан декъахой а байина экзекуцеш йинчул тӀаьхьа, берашца Пугачёва Софья Дмитриевна а, Кузнецова Устинья а хьовсийра Кексгольме, гӀаруле Нарвин гӀашлойн полкан подпоручик Ушаков, 6 салтийчуьнца а хӀоттийна. Оцу гӀарулин йелла инструкцехь, билгалдаьккхинар Петарбухан гуо таса аьлла, кхел йинчарна кхо ворда кечъе, хӀора шинна цхьа ворда кхочуш. Кексгольме кхаччалц дуучунна лерина гӀарулина делира 89 сом 55 кепек. 22 январехь берашца Софья а, Устинья а кхачийра Выборге, шолгӀачу дийнахь — Кексгольме, иза лаьтта Выборган 120 чаккхарма генахь, Ладогин Ӏоман малхбуза бердаца. Пугачёвн доьзалан декъашхой дӀатарбира Кексгольман гӀопахь, иза лаьтта гӀайрен тӀехь, гуонаха ду Вуокса эркан хиш. Софья берашца а, Устинья а дӀатарбан йелира Гоьрга бӀов, хан йаьллачул тӀаьхьа уьш Ӏар бахьнехь шолгӀа цӀе тиллина цунна — Пугачёвн бӀов. Пугачёв Трофим гауптвахтан цхьаъ вуллучу камерин чу воьллира. Губернатор Энгельгардта хаийтира гӀопан комендантана Доможировна, иза волчу ларбан кхаьчна Пугачёвн доьзалан декъашхой, кхелаца церан цӀе къайлаха йита йезаш хилар, хӀинца дуьйна церан шира фамили а, кхин цхьан фамили а тилла йиш ца хилар[17].
Пугачёвн доьзалан декъашхой Кексгольман гӀопе чубоьхкинчу дийнахь дуьйна, хӀора баттахь Петарбуха оьхуьйтура хаамаш, чулацаман хийцам а боцуш: коменданто билгалдоккхура, тутмакхаш «дика лела» олий. 1787 шарахь имперехь Екатерина II-гӀа Ӏарше йаран 25 шо кхачар даздаран шуьйра кечамаш бара. Оцу хиламан лерина кхел йинчеран шуьйрачу гуонан амнисти кхайкхийра. Кексгольман гӀопан коменданта премьер-майора Я. Гофмана кехат дахьийтира инарла-прокурорега Вяземскийга хаттар деш, оцу амнистин йукъабогӀий Пугачёвн доьзалан декъашхой аьлла. Вяземскийс кехат йаздира Екатеринега, деира чӀагӀдина жоп: «И йийсархой берриш шеш боллучахь совцу»[18].
1791 а, 1795 а шерашкахь Кексгольмехь гӀопан дуьхьалойан тароне хьажа инспекцица хилира Суворов Александр Васильевич. Хууш дац, хаа лиарий теша цунна ша конвойца валийна гӀаттамхочун доьзалех лаьцна. 1796 шеран декабрехь гӀопе кхечира Сенатан къайлаха экспедицин обер-секретарь А. С. Макаров, хӀинцца Ӏарш тӀе хиинчу Павел I-чо тӀедиллинчу гӀуллакхца, пачхьалкхан зуламхой чубоьхкина меттигашна инспекцица. Макаров дийцира императоран Пугачевн зударий латторан хьолех лаьцна: «Кексгольман гӀопахь Софья а, Устинья а, зударий таллузхо хиллачу Пугачёв Емельянан, ши йоӀ Аграфена а, Христина а хьалхарчун бераш, кӀант Трофим 1775 шарахь дуьйна латтош бу гӀопехь башха кепара, ткъа кӀант гауптвахтехь башхачу чохь. Рицкъ латтадо хазнера, хӀора дийнахь 15 кепек. Беха низамехь. Маршо йу гӀопахь лела, амма цул ара ца бовлуьйту. Еша а, йаздан а ца хаьа». Павела йухакегийра нанас кхел йинчу нехан дуккха гӀуллакхаш, амма Пугачёвн доьзалах къинхетам ца хьакхабелира[18].
1797 шарахь Кексгольман гӀопехь хийцавелира комендант, оцу дарже хӀоьттира полковник граф де Мендоза Ботелло. Инарла-прокуроре эле А. Б. Куракине керла коменданто шен рапортехь билгалдехира, хьалха хиллачу коменданто, Пугачёвн доьзал латторехь дина дуккха а гӀалаташ. Цуьнца цхьаьна цуо хаийтира, ша тутмакхаш мела а аттачу бахарх: «Омар делира суьйрана пхьор даъалц а, дӀабийшалц а цӀе латто, ткъа шеш дӀабийшинчул тӀаьхьа дӀа ца йайахь, Ӏаккха гӀаролийн унтер-эпсарша, гӀаролашца из адӀайайа аьлла». Амма графан де Мендоза Ботеллон коьрта хаам хилира цунна кароран факт, Пугачёвн йоьӀан «Аграфенин ву шеца вина кӀант, иза хиллачу коменданта полковника Гофмана ницкъ бина вина». Андрей цӀе тиллина бер, таллузхочун йоьӀа кӀант вара, дукха ца ваьхна, велла иза варан хьолех таллам боьдучу хенахь 1798 шеран 5 январехь. Полковникан Гофманан гӀуллакх суьде ца кхачийра, нахала а ца даьккхира[18].
Александр I-ра Ӏарш тӀеволуш, 1801 шарахь, Пугачёвн доьзалан гӀуллакхаш кхечира Хьалхалера зуламан гӀуллакхашка йуха хьовсаран комиссе. 1802 шеран 8 мартехь Комиссин гуламехь сацам бира, Софья берашца а, Устинья а хьалхалерачу меттигехь биса беза «хийцам а боцуш». Оцу шеран 15 майхь Александра резолюци йазйо оцу сацамна: «Иштта хилийта»[19].
1803 шеран бӀаьста Александр I-ра вара Выборган губернин гарнизонашкахула инспекцехь. 2 июнехь император кхечира Кексгольме, шен бӀаьргашца гира, 28 шарахь сов чохь бохку, Пугачёвн доьзалан декъашхой. Финляндин инарла-губернатора К. И. Мейендорфа йаздина шен хаамехь Сенатан инарла-прокурорега Г. Р. Державинега: «Цуьнан императоран сийлалло шен лакхарчу хиларехь Кексгольм гӀалахь… лакхара омар дала лиина: латтош болу кхузахь зударий вевзаш волчу Пугачёв Емелькин кхаа бераца…, гӀаролех мукъа бохуш, гӀалахь маьрша меттиг ло баха, цигара цхьанхьа дӀа а ца боьлхуш, цу тӀе церан леларан тӀехь лагӀ а ца луш терго еш, цхьан а зулам цаьргара ца далийтархьама». Амма, тутмакхаш сихха гӀопа чуьра ара бовла аьтту ца белира, берех воккхаха волу Трофим Кексгольман гӀалахь цӀа дина валлалц [20].
Хууш ду, Пугачёвн шолгӀа зуда Кузнецова Устинья Кексгольме 1808 шарахь йаларх лаьцна. Пугачёва Софья йаларан терахь хууш дац. 1811 шарахь Кексгольмехь хиллачу маьхькамхо а, тӀаьхьа гӀараваьлла мемуарийн автор а хиллачу Ф. Ф. Вигелан дийна Пугачёвн бераш бен ца карийра: «Со вахара дӀайаьккхина гӀопе хьажа, цигахь сунна гайтира Пугачёвн доьзал, ца хаьа стена, амма ларбеш болу, баш чӀогӀа ларбеш бацахь. Доьзал лаьттара къанвеллачу кӀентах а, шина йоьӀах а. Ма-варра муьжги а, ахархой а, уьш сунна хийтира эсала»[18]. Гуш дара, Пугачевн бераш гӀопе балийнера маьхькамхон гайта, хӀунда аьлча йуха хьахийначохь «гӀазакхий хиллачу Емелькин бераш» Кексгольмера Рождественски килсо синош йаздеш, 1813 шарахь Трофим (41 шо, иштта хьостехь – ткъа боккъала а Трофиман 44 шо дара) гайтина гӀалара меттигерачу кертан да аьлла, цуьнца бехара йижрий Агриппина (килсан цӀе Аграфена, 40 шо), Христина (39 шо). ТӀаьхьарчу шерашкахь Пугачевн бераш килсан синойн йаззам тӀехь гойту хӀора шарахь, цу тӀе Аграфена масийттаза билгалайаьккхина шен «ледарлонна» — 1814−1818 шерашкахь иза ца йогӀура килсан гӀуллакхашка. Пугачёв Трофим велла 1819 шеран йуьххьехь[21].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Трефилов, 2015, с. 17—18.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 19—23.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 23—26.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 27—29.
- ↑ 1 2 Трефилов, 2015, с. 187—188.
- ↑ 1 2 3 Овчинников, Большаков, 1997.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 188—189.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 258.
- ↑ 1 2 Трефилов, 2015, с. 126.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 258—259.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 286—287.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 46.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 56—57.
- ↑ Трефилов, 2015, с. 290—294.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 63.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 87—89.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 222—223.
- ↑ 1 2 3 4 Пашкина, 1992.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 225.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 225—226.
- ↑ Овчинников, 1995, с. 227.
Литература
бӀаьра нисйан- Мауль В. Я. Емельян Пугачёв и его жёны (К вопросу о гендерной проблематике русского бунта) // Клио. — СПб.: OOO «Полторак», 2012. — № 11 (71). — С. 99—102. — ISSN 2070-9773.
- Овчинников Р. В. Следствие и суд над Е.И. Пугачёвым и его сподвижниками. — М.: ИРИ РАН, 1995. — 272 с. — 500 экз. — ISBN 5-201-00579-9.
- Овчинников Р. В., Большаков Л. Н. Пугачева (Недюжева) Софья Дмитриевна // Оренбургская Пушкинская энциклопедия. — Оренбург: Димур, 1997. — 520 с. — ISBN 5-7689-0036-5.
- Пашкина Л., старший научный сотрудник Приозёрского историко-краеведческого музея. Семья Е. И. Пугачёва в Кексгольме. Исторический очерк // Наука и Жизнь. — 1992. — № 2. — С. 86—91.
- Трефилов Е. Н. Пугачёв. — М.: Молодая гвардия, 2015. — 399 с. — (Жизнь замечательных людей). — 3000 экз. — ISBN 978-5-235-03796-0.