Пхий-мохк (гуьрж. ხევსურეთი схьадаьлла гуьрж. ხევი — Iин, оьрс. Хевсуретия) — Гуьржийчоьнан къилбаседа-малхбален историн регион. Пхий-мехкан бахархой — пхий (гуьрж. ხევსურები) — ламаст хилла лакха лаьмнашкахь яьхна Гуьржийн этнографин тоба, нохчийн санна лай-элий ца хилла церан. Юккъерачу бIешерашкахь а, феодалийн муьрехь а пхий мукъа баьхнера муьлххачу ясакхах, амма декхарийлахь бара Гуьржийчоьнан къилбаседа дозанаш лардан. Картлин а, КӀахетин а тIелетачу хенахь пхийша церан паччахьашна гIоьнна эскар дохуьйтура. Пхийш ладаме роль ловзийра Бахтрионан гIаттамехь 16591660 шерашкахь.[1]

Пхий-мохк
Географин регион Кавказ
Пхий-мохк картан тӀехь
Пхий-мохк картан тӀехь

Пхийш керстанаш боллушехь, гуьржийн килсе лелашшехь, пхийн дахарехь ладаме роль лелайо шира керсталлал хьалхара ламасташ. 1876 шарахь гIараваьлла немцойн новкъахо Густав Радде, вахара Пхий-махка, и мохк малхбузан дешархошна бовзийта «Chewsuren und ihr Land» (Kassel, 1878) цIе йолуш жайна яздира цуо. Пхий-махкара уггаре ладаме объекташ Шатили а, Муцо а ю, шен юккъерабIешерийн гIопашца, ткъа иштта Хахмати, Ахиели, Лебаис Кари гIопаш а.[1]

  1. 1 2 Historical Dictionary of Georgia Alexander Mikaberidze Historical Dictionaries of Europe, No. 50 The Scarecrow Press, Inc. Lanham, Maryland • Toronto • Plymouth, UK 2007