Ражаб
Ражаб (Ӏаьр. ٌرَجَب) — иза исламан рузманан йа беттан шеран ворхӀалгӀа бутт бу. Иза бихкинчу беа баттах цхьаъ бу. И бутт бусалбанашна мехала бу, хӀунда аьлча, цу чохь хилла «Исраъ а, МиӀраж а» олу муӀжизат[2]. Иза бусалбачарна шена чохь тӀом бан цамегарг бу, Дала Къуръан чохь аьлла дела: ﴾Баккъалла а, АллахӀана гергахь беттанаш шийтта бу. Иштта дӀайаздина хилла Жайнахь [Лавхьул-Махьфуз чохь] АллахӀа стигалш а, латта а кхоьллинчу дийнахь. Царах биъ бутт [зул-къаӀдат, зул-хьижжат, мухьаррам, ражаб] — бихкина бу. Иза [бутт бехкар] — бакъ дин ду. Цундела царна чохь [оцу дихкинчу беттанашкахь] шаьш-шайна зуламаш ма де. ТӀомбе массара а цхьаьна берриге а мушрикашца, цара шуьца массаьрца [йа массара а цхьаьна] тӀом ма-барра. АллахӀ — [Шех] кхоьручаьрца вуйла а хаалаш﴿ [Къуръан 9:36]. Иза ЖехӀилийн заманахь тийна бутт хилла, хӀунда аьлча, иза бихкинчу беа баттах цхьаъ хилла дела, йа тӀом меттахъхьер а йа герзан къарш а хезаш ца хилла цу чохь.
Ражаб | |
---|---|
Цул хьалхарниг | жумадал-ахират |
Цуьнан рогӀераниг | шаӀбан |
Йохалла | 30 де-буьйса[1] |
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 7 бутт |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Исламан рузма |
---|
1. Мухьаррам |
Тахана: кӀиран де |
Этимологи
бӀаьра нисйан«Ражаб» боху дош схьадаьлла ду «ружуб» бохучу дашах, цуьнан маьӀна «сийдар, даздар» бохург ду. Иштта цунах «музар» олуш а хилла, хӀунда аьлча музархойн тайпано и бутт хуьйцуш ца хилла, мелхо а шен ханна чу буьллуш хилла, бисинчу Ӏаьрбашна дуьхьал, шайн тӀеман хьоле хьаьжжина беттанаш хуьйцуш хиллачу. И ду Дала шен къамелехь хьахийна долу тӀаьхьатеттар: ﴾[Бихкина бутт] тӀаьхьатеттаро керсталла доккха до. И бахьанехь керстанаш тиларе оьху. Цхьана шарахь, хьанал а бой, дӀакхайкхабо цара и [бутт], ткъа вукха шарахь, хьарам а бой, дӀакхайкхабо цара иза — Дала хьарамдинчу [беттанийн] дукхалла [шайна оьшшучу хенашкахь] дӀанисйархьама. Хьанал а дой, дӀакхайкхадо цара Дала хьарамдинарг. Шайн зуламе гӀуллакхаш хаздина царна. Нийсачу новкъа ца нисбо Дала керстанаш﴿ [Къуръан 9:37].
Ражаб бутт музархойн тайпанга билларан бахьана, цара и базбеш а, лоруш а хилла дела ду аьлла, цундела и бутт цу бахьанца царна тӀебазбина хилла.
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ العجيري ص. التقويم الهجري (Ӏаьр.) — مدينة الكويت: مكتبة العجيري, 1988. — С. 23. — 140 с.
- ↑ هل وقع الإسراء في شهر رجب - فقه المسلم (Ӏаьр.). إسلام أون لاين (2024 шеран 22 май). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 6 август.