Зул-хьижжат

исламан рузманан 12-гӀа бутт, бихкинчу беа баттах цхьаъ
ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Зӯл-хьижжат (Ӏаьр. ذُو الْحِجَّةِ‎‎) — иза исламан рузманан йа беттан шеран шуьйтталгӀа бутт бу. Иза бихкинчу беа баттах шолгӀаниг бу. Цунна и цӀе тиллина 412-чу шарахь, Мухьаммад пайхамаран ﷺ пхоьалгӀа деда волчу Килаб ибн Мурратан заманахь, цу баттахь хьаж дар нисло дела тиллина цунна и цӀе. Иза билгалдинчу беттанех тӀаьххьарниг бу, Дала шайн хьокъехь аьллачу: ﴾Хьаж билгалдинчу беттанашкахь деш ду﴿ [Къуръан 2:197]. И беттанаш дуьйлало шаввал беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа чекхдовлу зул-хьижжат беттан уьтталгӀа де чекхдолуш. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь Ӏарафат де а, Ӏарафатехь латтар а хуьлу йа Доккхачу хьаьжан де олуш дерг, ткъа цуьнан уьтталгӀачу дийнахь бусалбанийн ГӀурбанан Ӏийдан хьалхара де хуьлу.

Зул-хьижжат
Сурт
Цул хьалхарниг зул-къаӀдат
Цуьнан рогӀераниг мухьаррам
Йохалла 29 де-буьйса[1], 30 де-буьйса[1]
Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла 12 бутт
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Исламан рузма

   1. Мухьаррам
   2. Сафар
   3. РабиӀул-аввал
   4. РабиӀул-ахир
   5. Жумадал-ула
   6. Жумадал-ахират
   7. Ражаб
   8. ШаӀбан
   9. Рамазан
   10. Шаввал
   11. Зул-къаӀдат
   12. Зул-хьижжат


Тахана: йеара
19 Джумада аль-уля 1446 хӀ. ш.


ВикицитатникТерахьаш дехьадахар

Цуьнан цӀераш

бӀаьра нисйан

Ӏаьрбашна Ӏаьрбийн беттанийн цӀерийн биъ гулам бевзаш хилла, тӀаьххьарниг хӀинцалерачу хенахь лелош болу гулам бара, цу тӀехь Ӏаьрбийн бартхилла вайн эрин V-гӀа бӀешо долалуш. Самудхоша цунах «мусбил» олуш хилла, ткъа бисинчу Ӏаьрбий хиллачу Ӏаьрбаша «наӀас» а, «бурак» а олуш хилла цунах.

ЖехӀилийн заманахь

бӀаьра нисйан

ЖехӀилийн заманахь зул-хьижжат баттахь йуьхьанца дуьйна дӀахьуш хилла зул-мажаз олу базар, Ӏаьрбаша Ӏуказ базар Ӏадйитинчул тӀаьхьа. Иза зул-къаӀдатан тӀаьххьарчу дийнахь дӀахьуш хилла. Иза хьарам дерг а, тӀом бар а ца магош долчу дихкинчу дезачу беттанех цхьаъ хилла.

Дала оцу беттан хьалхарчу итт буьйсанах «аль-Фажр» сурат чохь дуй биъна: ﴾Аса дуй буу итт буьйсанах а!﴿ [Къуръан 89:2].

Хьостанаш

бӀаьра нисйан