Раздо́льненскан кӀошт (укр. Роздольненський район, гӀирман гIез. Раздольное районы; 1944 шо кхаччалц — Акх-Шайхан кӀошт; гӀирман гIез. Акъшейх районы, Aqşeyh rayonı) — ГӀирмера кӀошт.

Росси: кӀошт / муниципалан кӀошт
Украина: кӀошт
Раздольненскан кӀошт
укр. Роздольненський район
гӀирман гIез. Раздольное (Акъшейх) районы
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
45°46′12″ къ. ш. 33°29′17″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси/Украина[1]
Йукъайоду Республика ГӀирма[4]/Автономин Республика ГӀирма[5]
Цунна йукъайоду 12 йуьртан меттиг;
2 гӀтп, 39 йурт
Адм. центр гӀтп Раздольни
Истори а, географи а
Кхоллар 1935
Латта
  • 1231 км²
Локхалла
 • Максималан 0 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 34 057[6] стаг (2014)
Луьсталла 27,67 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам оьрсий, украинаш, гӀирмин гӀезалой, гӀезалой
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 36553[7][8]
Официалан сайт
Раздольненскан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Лаьтта бай-арахь республикин къилбаседа-малхбузехь Каркинитан аймин йистехь.

КӀоштан административан йукъ — гӀтп Раздольни.

Географи нисйе бӀаьра

КӀошт лаьтта бай-аренан зонехь, Къилбаседа-ГӀирмин чутаьӀенахь. Климат барамера-йовха, тевне, йекъа аьхкенца а, кӀеда тӀуьна Ӏаьнца. Малх лепа шеран сахьташ — 2300 сов.

Латтанаш цӀе-мокха а, къилбехахь Ӏаьржа а ду. КӀоштан гуонаха иттаннаш километрш йахйелла хьуьнан асанаш. Царна йукъахь акаци иэцелла йу японин софораца, туьркашца, тайп-тайпанчу коьллашца.

Ӏаламан-ресурсийн потенциал: Бакалан Ӏомахь бохку дарбане хатташ, саьнгал водородан хьосташ, климат, латта, ялташ, хасстоьмаш, кхаш кхио, кхин а кемсашлелорна а, бошмашлелорна а мегаш долу.

Раздольненськан кӀошт — курортан зона, цунна чохь 2 садаӀаран зона йу: «Стерегущи» а, «Портови» а.

Бакалан оьсиг а, Бакалан Ӏам а тӀехь лаьтта регионан ландшафтан парк «Бакалан оьсиг», иза йина 1999 шарахь.

КӀоштан дакъа ду ГӀургӀезийн гӀайренаш, уьш ду бердан уллехь — ГӀирмин Ӏаламан заповедникан иштта цӀе йолу филиал, иза кхоьллина 1949 шарахь.

Файл:ВП Раздольненский район.jpg
Раздольненскан кӀоштан лакхара ӀаьржахӀордан берд гар иттех километр

Истори нисйе бӀаьра

1935 шеран январехь Евпаторин кӀоштан декъах йина Акх-Шайхан кӀошт.

1944 шеран декабрехь гӀирмин къаьмнаш арадаьхначул тӀехьа цуьнан цӀе хийцина Раздольненскан кӀошт аьлла[9].

Бахархой нисйе бӀаьра

Бахархойн дукхалла
1979[10]1989[10]2001[10]2009[11]2010[11]2011[11]2012[12]
35 47436 10337 38434 63334 52834 36434 422
2013[12]2014[6]
34 36034 057

Нах беха меттигаш нисйе бӀаьра

Экономика нисйе бӀаьра

КӀоштан бахаман коьрта агӀо — йуьртабахаман сурсаташ арахецар а, кечдар а ду. 2001 шеран 1 январан хьолехь кӀоштахь болх беш йара: 21 йуьртабахаман кооператив, 65 фермерийн бахам, 3 промышленностан кечден предприяти (даьттадоккху, чӀерабахаман, чагӀардоккху заводаш), бепигакомбинат. Регистраци йина 86 жима а, йуккъера а бизнесан предприяти йу. Раздольненскан а, Черноморскан а кӀошташкахь лаьтта Глебовски лаьтта бухахь газ Ӏалашайен Глебовски газоконденсат йоллу меттиг.

Социалан кхачо нисйе бӀаьра

КӀоштахь болх беш йу 20 йукъарадешаран ишкол, 1 ишколан боцу кхоллам; 2 больница, 4 амбулатори, 27 фельдшеран-акушерийн меттиг, 16 курортан-рекреацин предприяти, царна йукъахь 3 берийн могушалла тойаран учреждени; 33 клубан учреждени, 25 библиотека, 3 музыкин ишкол, исбаьхьаллин коллективаш: «Славноцвет» цӀе йолу эшаран а, хелхаран а хьакъ долу халкъан ансамбль, берийн кепан хор «Славновские колоски», украинин эшаран хьакъ долу халкъан хор «Господыня», кепан ансамбль «Саратовские гармоники», кепан хореографин ансамбль «Радость», халкъан гӀирсийн ансамбль «Рондо», мохкӀаморан музей; 2 оьздангаллин а, садаӀаран а парк. КӀоштахь регистраци йина 16 динан йукъаралло, царна йукъахь: 9 — ПКУ (МП), 1 — инжийлан керстачеран-баптистин, 6 — бусалбачеран.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  Российн Федерацин
культурин тӀаьхьало, кӀошт объект № ГӀирма/Раздольненскан кӀошт
объект № ГӀирма/Раздольненскан кӀошт

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Данная административная единица расположена на территории Крымского полуострова, бо́льшая часть которого является объектом территориальных разногласий между Россией, контролирующей спорную территорию, и Украиной. Согласно федеративному устройству России, на спорной территории Крыма располагаются субъекты Российской ФедерацииРеспублика Крым и город федерального значения Севастополь. Согласно административному делению Украины, на спорной территории Крыма располагаются регионы Украины — Автономная Республика Крым и город со специальным статусом Севастополь.
  2. 1 2 ОКТМО. 179/2016. Крымский ФО
  3. 1 2 Оценка численности постоянного населения по городским округам и муниципальным районам Республики Крым по состоянию на 01.01.2019 годаРосстат.
  4. Российн юрисдикцица
  5. Украинин юрисдикцица
  6. 1 2 Чисельність населення на 1 січня 2014 року та середня за січень-грудень 2013 року. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 3 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 3 сентябрехь.
  7. Приказ Минкомсвязи России «О внесении изменений в Российскую систему и план нумерации, утвержденные приказом Министерства информационных технологий и связи Российской Федерации от 17.11.2006 № 142»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Минкомсвязь России. Теллина 2016 шеран 24 июлехь.
  8. Новые телефонные коды городов Крыма(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Крымтелеком. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 6 майхь. Теллина 2016 шеран 24 июлехь.
  9. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР от 14 декабря 1944 года № 621/6 «О переименовании районов и районных центров Крымской АССР»
  10. 1 2 3 Кількість та територіальне розміщення населення України. Дані Всеукраїнського перепису населення 2001 року про адміністративно-територіальний поділ України, чисельність, розміщення та склад населення України за статтю, групування населених пунктів, адміністративних районів, сільських рад за чисельністю населення станом на 5 грудня 2001 року.. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 17 ноябрехь. Теллина 2014 шеран 17 ноябрехь.
  11. 1 2 3 Статистичний збірник "Чисельність наявного населення України на 1 січня 2011 року" . - Киів, ДКС, 2011. - 112с.. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 1 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 1 сентябрехь.
  12. 1 2 Статистичний збірник "Чисельність наявного населення України на 1 січня 2014 року". Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 1 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 1 сентябрехь.