Рамазан
бусалбанийн мархин бутт
Рамаза́н йа Рамада́н (Ӏаьр. ُرَمَضَان) — иза исламан (хӏижрин) рузманан уьссалгӀа бутт бу, шаӏбан баттал тӏаьхьабогӏуш бу иза. Шена чохь Мухьаммад пайхамарна ﷺ тӏе Къуръан доссийна бутт болу дела, шар чохь уггар беза бутт лоруш бу иза. Бусалбанашна гергахь хӏара бутт къаьсттина а, хӏижрин шеран беттанашна йукъахь шен меттиг йолуш а лоруш бу. Рамазан бутт тӏекхочу шена чохь 354 де долчу исламан беттан рузманца. Цу кеппара, хӏора тӏаьхьадогӏучу шарахь григорийн рузманца, 11 де хьалха тӏекхочу иза. Иза мархин бутт бу, исламан бӏогӏамех боьалгӏачу бӏогӏаман. Цуьнан деношкахь бусалбанаш йухакхета (шарӏан бехказло йацахь) йаарх а, маларх а, марха дохош долчу цамагийначу хӏуманех а, сатасарца, малх чубуззалц.
Рамазан | |
---|---|
Тайпа | Исламан |
Даздо | Бусалбанаша |
Терахь | рамазан |
Даздар | Маьждиг |
Доьзна ду | Рамазанца |
Викиларми чохь медиафайлаш |