Исламан арканаш
ислам шена тӀедоьгӀначу пхеа бӀогӀамна луш йолу исламан термин
Исламан арка̄наш (рукнаш) (Ӏаьр. أَرْكَانُ الْإِسْلَام — «Исламан бӀо̄гӀамаш») — иза ислам дин шена тӀедоьгӀначу пхеа бӀогӀамна луш йолу термин йу. Уьш пайхамаран масийттачу хьадисашкахь хьехийна йу. Уьш йу:
- Ши шахӀадат далор (тоьшалладар): «АллахӀ воцург кхин дела вац» аьлла тоьшалладар а, «Мухьаммад — цуьнан элча а ву» аьлла тоьшалладар а).
- Ламаз дар (иза дийнахь а, пхьуьйранна а пхи ламаз ду).
- Закат далар.
- Рамазан беттан марханаш кхабар.
- Хьаж дар (и дан ницкъкхочучо).
ХӀорш ислам дин шена тӀедоьгӀна арканаш йу аьлла къастийна Ибн Ӏумарера дийцинчу хьадисехь:
Ибн Ӏумара дийцина: “Суна хезира Делан элчано ﷺ олуш: «Ислам доьгӀна ду пхеанна (бӀогӀамна) тӀе: «“АллахӀ воцург кхин дела вац, Мухьаммад — цуьнан элча а ву” аьлла тоьшалладарна а, ламаз дарна а, закат даларна а, хьаж дарна а, Рамазан баттахь марханаш кхабарна а»»”.
— Книга: Ийман, Сахьихь аль-Бухари: № 8; Сахьихь Муслим: № 16.