Республика Акри
Республика Акри (испан. Estado Independiente de Acre; порт. República do Acre; 1899—1903) — Латинийн Америкера марионеткан пачхьалкх[1]. Иза кхайкхор ма-дарра аьлча, цхьа могӀа бразилин лаьттан дай каучук лазаран муьрехь каучук йолу Амазонин доладан гӀортар дара. Коьрта шахьар хилла Пуэрто-Алонсо.
Историн пачхьалкх | |||||
Акри | |||||
---|---|---|---|---|---|
|
|||||
1899 — 1903
|
|||||
Коьрта гӀала | Пуэрто-Алонсо | ||||
Мотт (меттанаш) | Испанхойн мотт, Португалихойн мотт | ||||
Официалан мотт | португалийн, испанийн | ||||
Дин | католицизм | ||||
Ахча | бразилийн реал | ||||
Майда |
|
||||
Бахархой | 13 000 ст. | ||||
Урхаллин тайпа | Республика | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Истори
бӀаьра нисйанАлссама каучук гулъян гӀерташ бразилин лаьттан дай, дукха хьолахь меттигашкара бакхий хьаькмаш, кечйора каучук гулъенчеран керла экспедицеш а, тобанаш а пачхьалкхан дозанера кӀошташка, чубаьржира иштта адам кӀезиг долчу дозанера Боливин а, Перун а мехкашка. 1899 шеран 14 июлехь испанхо Луис Гальвес Родригес де Ариаса бразилин Амазонас штатан правительствон гӀоьнца дӀалаьцна къилбаседа-малхбуза Боливи, кхайкхийна республика Акри, оцу чу дукха сиха чухьевдда бразилин колонисташ. Бахархой кхаьчна 13 эзар стаге, 90 % царех — бразилхой. Португалийн мотт кхайкхийна республикин официалан мотт испанийн меттаца цхьана могӀарехь.
Боливис шеш реза ца хилар хаийтина, АЦШ компанеш гӀо лацарна догдохуш. Иштта болабелла Акриера тӀом, тӀема йукъа озийра Перун мохк а. Бразилин федералан правительство юьхьанца дуьйна гӀертара дуьненайукъара девнех йада. Боливин тӀемаца аьтту белира Акрин терго цхьаьна хенан юхаерзо, амма гӀевттира бразилийн мухажираш, цара Акри Бразилех тоха бахара.
1903 шеран 17 ноябрехь Петрополисан барто дӀаелира гуттаренна а Акри Бразилин республикин. 1904 шеран 25 февралехь Акри Бразилин официалан федералан мохк хилира, 1962 шарахь штат йира.
Республикин Президенташ
бӀаьра нисйан- Луис Гальвес Родригес де Ариас, 1899 а, 1900 а
- Антонио де Соуса Брага, 1900
- Луис Гальвес Родригес де Ариас, 1900
- Хоаким Витор да Сильва, 1900
- Хосе Пласидо де Кастро, 1902- 1904 (Акрин губернатор)