Рияд

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан нана-гӀала

Рияд (Ӏаьр. الرياض‎‎ — Ар-Рияд‎) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан коьрта гӀала (столица) ю, Рияд олучу провинцин центр а ю. Бахархойн дукхалла 4 878 473 стаг (2010 шо)[1].

ГӀала
Рияд
Ӏаьр. الرياض‎‎
Сурт
ХӀост
ХӀост
24°39′00″ къ. ш. 46°42′36″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх СаӀудийн ӀаьрбийчоьFlag of Saudi Arabia.svg СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Провинци Рияд
Мэр Файсал бин Бандар Аль СаӀуд
Истори а, географи а
Йиллина XVIII бӀешо
Майда 1554 км²
ХӀордан сизал локхалла 612 ± 1 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 4 878 473 стаг (2010)
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 11564–12665
arriyadh.com
(Ӏаьр.)(ингалс.)
Картан тӀехь
Рияд картан тӀехь
Рияд

ИсториНисйе

Масала диъ эзар шо хьалха вайн хенахь йолчу Риядехь Ӏаш хилла Ӏаьрбийн кхерста (кочевые) къаьмнаш.

VI—VII-чу бӀешерашкахь цхьалхе меттиг яра Рияд, кхечарех къаьсташ а йоцуш.

XVIII-чу бӀешеран чаккхенгахь гучудаьлла ваххӀабитийн дешар, и долийнарг вара Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб (1703—1792), иза дуьхьала вара эвлаяийн кешнаш ларарх а, ширкан а дуьхьала а вара.

1902-чу шарахь эмир волу Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀудас шен эскарца схьаяьккхина хилла Рияд[2].

ГӀалин кхиарНисйе

1940-чу шерашкахь дуьйна, маса кхуьш ю гӀала. Къаьсттина Риядехь чехка дукха бахархой кхиа XX бӀешеран шолгӀачу эхехь. Нефтах долу тӀехдаккхий пайданаша и гӀала вайн хенан йина. Гуттар хуьлу гӀалин гӀишлош 8 этаж йолуш ю, амма ша-тайпанара гӀишлошца къаьсташ ю.

ДемографиНисйе

Шо Бахархой
1862 7,500
1935 30,000
1960 150,000
1970 370,000
1972 500,000
1974 650,000
1988 1,500,000
1990 2,000,000
1997 2,800,000
2010 4,600,000
2020* 8,900,000

КлиматНисйе

Тропически гӀум-аренан климат ю. Рияд дуьненахь уггаре йовхачу гӀалех цхьаъ ю. Юккъера температура январехь +14,4 ю; а июлехь +36,6 ю. Климат чӀогӀа якъаелла ю, шарахь сов доцуш 100 мм йочанаш юьллу, хан мел ели — Ӏай а, хьалхарчу гуьйранна а. Юьззина максимум +52,0 градус ю (июль), минимум −1 градус ю (январь).

Риядан климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 31,5 34,8 38,0 42,0 45,1 49,8 52 47,8 44,5 41,0 36,0 31,0 52
Юккъера максимум, °C 20,1 23,0 27,6 34,0 39,6 42,7 43,4 43,2 41,3 35,1 27,6 22,0 33,1
Юккъера температура, °C 14,4 16,9 21,1 26,9 32,9 35,4 36,6 36,5 33,3 28,2 21,4 16,1 26,6
Юккъера минимум, °C 6,9 9,0 15,0 20,3 25,7 27,6 29,1 28,8 25,7 20,9 15,3 8,4 19,9
Юьззина минимум, °C −1 0,5 4,5 11,0 18,0 21 23,6 22,7 16,1 13,0 7,0 1,4 −1
Йочанан норма, мм 12,3 5,8 30,2 23,3 6,2 0 0 0,3 0 2,3 7,4 11,2 99,0
Хьост: pme.gov.sa

ГӀалин панорама (сурт)Нисйе

Паччахьан юкъана а, и Аноуд бӀаьвнна а сурт

СуьрташНисйе

ХьажоргашНисйе

БилгалдахаршНисйе