Росстат

(Российн Пачстатком тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 2 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 14 ноябрь).

Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакх (Росстат) — Российн Федерацин дозан тӀехь мехкан социалан, экономикин, демографин, экологин хьолах официалан статистикин информаци кхуллу функцеш а, ткъа иштта пачхьалкхан статистикин областера тергонан, доладаран функцеш а, кхочушъен российн кхочушдаран Ӏедалан федералан меже. 2017 шеран 3 апрелехь дуьйна Российн Федерацин Экономика кхиоран министраллан куьйгакӀела йу.

Росстат йу, 19281933 шерашкахь архитекторан Ле Корбюзьен проектаца йина йолу, Российн тӀаьхьенан оьздангаллин объектан, Центросоюзан гӀишлон чохь.

Истори а, хийцамаш а

бӀаьра нисйан
  • Хьажа Центран статистикин урхалла.
  • № 483 йолу 1998 шеран 30 апрелехь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структурех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет йукъатоьхна кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран.
  • № 1142 йолу 1998 шеран 22 сентябрехь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структурех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет йукъатоьхна кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран.
  • № 651 йолу 1999 шеран 25 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структурех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет хийцина Российн статистикин агенталла.
  • № 1600 йолу 1999 шеран 6 декабрехь арадаьлла «Российн статистикин агенталла Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитетаца хийцарех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца кхоьллина Российн Пачстатком
  • № 314 йолу 2004 шеран 9 мартехь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн системех а, структурех а лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет хийцина Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхца, билгала йиначу сферан гӀуллакхехь, нормативан бакъонан акташ тӀеэцарехь йолу цуьнан функцеш дӀалуш Российн Федерацин Экономика кхиоран а, махлелоран а министраллин.
  • № 649 йолу 2004 шеран 20 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца хӀоттийна, Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан урхалла до Российн Федерацин правительствос.
  • № 724 йолу 2008 шеран 12 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Росстат дӀаелла Российн Федерацин экономика кхиоран министраллин кара.
  • № 636 йолу 2012 шеран 21 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Росстат дӀаелла Российн Федерацин Правительствон кара.
  • № 141 йолу 2017 шеран 3 апрелехь арадаьлла «Официалан статистикин чоьтан сферехь пачхьалкхан урхалла тойаран цхьадолу гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Росстат дӀаелла Российн Федерацин экономика кхиоран министраллин кара.

Коьрта Ӏалашо а, функцеш а

бӀаьра нисйан

Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан коьрта функцеш йу:

  • гражданашна, Российн Федерацин Президентана, Российн Федерацин Правительствона, Российн Федерацин Федералан Гуламна, пачхьалкхан Ӏедалан меженашна, массийн хаамийн гIирсашна, кхечу кхолламашна, царна йукъахь дуьненаюкъарниш а, хӀоттийначу низамехь статистикин хаам балар;
  • статистикин терго ярхьама а, статистикин гайтамаш кхоллархьама а, Ӏилмо маьӀна даьккхина официалан статистикин методологи кечъяр а, тояр а, йийцина методологи дуьненайукъара стандарташца нийса латтор а;
  • экономикин а, социалан сферан хьолан амал гойту статистикин гайтамийн система кечъяр а, тояр а;
  • статистикин хаамаш гулбар а, цуьнан бух тӀехь официалан статистикин чот кхоллар а;
  • кхолламаша а, юридически кхоллам а ца беш хуьнараллин болх лело гражданаша а Российн Федерацин пачхьалкхан статистикин областера законан терго латтор;
  • пачхьалкхан статистикин хаамийн система кхиор, кхечу пачхьалкхан хаамийн системаца цхьаьнатаръялийтар, уьйр латтор;
  • пачхьалкхан хаамийн ресурс Ӏалашъяр, статистикин хаамаш конфиденциалан а, пачхьалкхан къайле а ларар;
  • Российн Федерацин дуьненайукъара кхолламийн декъаллех девлла декхарш кхочушдар, дуьненайукъара барташ беш дакъа лацар, статистикин областехь дуьненайукъара уьйранаш лелор.

Росстатан куьйгалхой

бӀаьра нисйан

Центран аппарат

бӀаьра нисйан
  • Административан урхалла
    • Пачхьалкхан гӀуллакхан а, кадрийн а дакъа
    • Мехкашкара меженашца а, кхолламашца болхбаран дакъа
    • Белхалой Ӏаморан дакъа
    • Росстатан куьйгаллин а, коллегин а болх дӀабахийтаран дакъа
    • ГӀуллакхаш кхолларан а, тергонан а дакъа
    • Пачхьалкхан къайле ларйаран дакъа
    • Башха программийн дакъа
    • Юрисдикцин дакъа
  • Статистикин терго а, Ӏуналла а даран урхалла
    • Статистикин белхийн федералан план кхолларан дакъа
    • Ехачу хенан лерина статистикин программийн дакъа
    • Статистикин терго а, Ӏуналла а даран дакъа
    • Статистикин регистран а, статистикин тергонан хьесапан дакъа
    • Социалан-экономикин классификацин дакъа
    • Ӏилманан-методологин белх дӀабахийтаран дакъа
  • Цхьаьнатоьхна статистикин белхийн а, йукъараллин уьйранийн урхалла
    • Оперативан хаамаш арахецаран дакъа
    • Статистика йовзийтаран а, йукъараллашца уьйр латторан а дакъа
    • Социалан-экономикин мониторингаш а, регионийн статистикаш лелоран дакъа
  • Къаьмнийн чоьтийн урхалла
    • Арахецна ДЧС дакъа
    • Дерриг регионан сурсатан дакъа
    • ДЧС лелоран дакъа
    • Институционалан секторан гайтаман са́н а, чоьтийн а дакъа
    • Къоман чоьтийн гайтамаш дуьненаюкъарчуьнца бустаран дакъа
    • КӀоман бахаман а, капиталаца йен операцийн статистикин дакъа
  • Харжан а, арахецаран а статистикин урхалла
    • Кхолламан-методологин белхан дакъа
    • «Харж-арахецар» таблица йаран дакъа
    • «Харж-арахецар» таблица йаран хаамаш латторан дакъа
  • Мехийн а, финансийн а статистикин урхалла
    • Пачхьалкхан финансийн а, ахчан-кредитан системан а статистикин дакъа
    • Кхолламийн финансийн статистикин дакъа
    • Иэцаран механ статистикин дакъа
    • Кхоллархой механ статистикин дакъа
  • Предприятийн статистикин урхалла
    • Кегий а, йуккъера а предприятеш ерриг талларан дакъа
    • Структуран статистикин а, макроэкономикин чоьтийн а дакъа
    • Жимачу хьуьнараллин йоьду статистикин дакъа
    • Арахецаран индексийн дакъа
    • Энергетикан статистикин дакъа
    • Гулбина-хаамийн дакъа
    • Юкъан а, инвестицин а сурсаташ арахецаран статистикин дакъа
    • Хьаштонан сурсаташ арахецаран статистикин дакъа
  • Юьртабахаман а, гуонахьара Ӏаламан а статистикин урхалла
    • Юьртабахамера макроэкономикин гайтаман а, дааран ресурсийн балансан статистикин дакъа
    • Цхьаьнатоьхна белхийн а, йуьртабахаман техникаца кхачам хиларан статистикин дакъа
    • Ораматашлелоран а, даьхнийлелоран а статистикин дакъа
    • Хаьржина талламийн а, йуьртабахам багарбаран а методологин дакъа
    • Гуонахьара Ӏаламан статистикин дакъа
  • ГӀишлошйаран, инвестицийн, хӀусамийн-коммуналан бахаман статистикин урхалла
    • Финансаш йоцу активашка инвестицийн статистикин дакъа
    • ГӀишлошйаран статистикин дакъа
    • ХӀусамийн а, коммуналан гӀуллакхийн статистикин дакъа
  • Махлелоран а, гӀуллакхийн а статистикин урхалла
    • Цхьаьнатоьхна белхийн дакъа
    • Розницан махлелоран статистикин дакъа
    • Оптан махлелоран статистикин дакъа
    • Арахьа махлелоран статистикин дакъа
    • Чоьхьара махлелоран статистикин дакъа
    • Транспортан а, зӀен а статистикин дакъа
    • Базаран гӀуллакхан а, туризман а статистикин дакъа
  • Къинхьегаман, Ӏилманан, дешаран, оьздангаллин статистикин урхалла
    • Пачхьалкхан гӀуллакхан кадрийн а, цхьаьнатоьхна белхийн а статистикин дакъа
    • Кхолламийн белхалойн бараман а, белхан йолан а статистикин дакъа
    • Мукъа цахиларан а, белхазаллан а статистикин дакъа
    • Ӏилманан, инновацийн, хаамийн йукъараллин статистикин дакъа
    • Дешаран а, оьздангаллин а статистикин дакъа
  • Бахархойн а, могашалла Ӏалашйаран а статистикин урхалла
    • Бахархойн статистикин чоьтан гӀирсийн нормативан-методикан кечаман дакъа
    • Бахархой багарбаран жамӀийн методологин а, анализан а дакъа
    • Йоьду а, ларъен а демографин чоьтийн а, могашалла Ӏалашйаран статистикин а дакъа
    • Бахархой дӀасакхалхаран статистикин дакъа
  • Бахархойн дахаран тӀегӀан а, цӀийнан бахам талларан а статистикин урхалла
    • Бахархойн сан статистикин дакъа
    • Бахархой социалан ларбаран цхьаьнатоьхна статистикин дакъа
    • ЦӀийнан бахамийн бюджеташ талларан дакъа
    • Бахархойн дахаран хьолан статистикин дакъа
  • Дозанал арахьара мехкийн а, дуьненайукъара уьранийн а статистикин урхалла
    • Арахьара мехкийн а, дуьненайукъара хаамаш хийцаран а статистикин дакъа
    • Статистикин методологин гармонизацин дакъа
    • Дуьненайукъара уьйранаш тасаран дакъа
  • Финансийн-экономикин урхалла
    • Планан-бартан белхийн дакъа
    • Заказ дӀанисйаран координацин дакъа
    • Финансаш латторан дакъа
    • Бухгалтерийн чоьтан дакъа
    • Цхьаьнатоьхна бухгалтерийн чоьталлин а, чоьхьара финансийн тергонан а дакъа
  • Бахархой багарбар а, берриг талламаш бар а дӀакхехьаран урхалла
    • Федералан а, мехкан а тӀегӀанехь бахархой багарбар дӀакхехьаран дакъа
    • Бахархой багарбар дӀакхехьаран а, берриг талламаш баран а прогнозан, финансийн харжан дакъа
    • Контрактаца цхьаьна дахаран а, бахархой багарбар дӀакхехьаран, берриг талламаш баран а харжан чоьтан дакъа
    • Бахархой багарбар дӀакхехьа а, берриг талламаш бан а техникин-гӀирс латторан дакъа
    • Бахархой багарбаран а, берриг талламийн а гӀирсаш автоматаца кечбаран технологи латторан дакъа
  • Хаамийн ресурсийн а, технологийн а урхалла
    • Хаамийн ресурсийн, ведомствашна йукъара уьйранийн, порталан сацамийн дакъа
    • Проектийн урхаллин дакъа
    • Хаамийн технологин дакъа
    • Хаамаш а, хаамаш дӀабаларан машанаш а ларбаран дакъа
    • Техника кхиоран дакъа
  • Бахаман комплекс кхиоран урхалла
    • Вовшахтохаран-аналитикан дакъа
    • Бахаман комплексан дакъа
    • Капиталан гӀишлошйаран дакъа
    • Социалан-бахам латторан дакъа

Арахецарш

бӀаьра нисйан

Ведомствон совгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • «2006 шеран Ерригроссийн йуьртабахам багарбар дӀадахьаран хокъан» мидал — Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан ведомствон мидал, йукъайаьккхина Росстата № 123 долчу омарца 2006 шеран 16 августехь.
  • «2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбар дӀадахьаран хокъан» мидал — Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан ведомствон мидал, йукъайаьккхина Росстата № 345 долчу омарца 2010 шеран 08 октябрехь.

2010 шеран 7 сентябрь кхаччалц пачхьалкхан совгӀат дара «Ерригроссийн бахархой багарбар дӀадахьаран хокъан» мидал (кхоьллина Российн Федерацин Президентан № 1151 йолчу омарца 2002 шеран 14 октябрехь).

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан