Российн Федерацин Коммунистийн парти
Росси́йн Федера́цин Коммунисти́йн па́рти (РФКП) — Россий Федерацин официалан регистраци йина аьрру политикин партеш. Россий Федерацин махкахь РСФСР КП а, ССКП а когаметта йолуш гойту ша. КПБ-ССКП йукъайоьду. Берриг ФГ Пачхьалкхан думин депутатийн харжамашкахь дакъалаьцна, Пачхьалкхан Думин берриг бархӀ кхайкхамехь гайтина, кхаа партех цхьа парти йу. РФ Пачхьалкхан Думин депутатийн харжамашкахь, хӀинца 15 партех цхьаъ йу, куьйгаш а ца лахьош харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш партин испискашца а, цхьаьнамандатан гуонашкахула а.
РФКП йиллина коммунистийн леррина гулбина II гуламехь 1993 шеран 13—14 февралехь денйина Российн Советийн Федеративан Социалистийн Республикин Коммунистийн парти санна. Регионийн дакъойн барам — 85, декъашхойн барам — 162 173 (2016 шеран жамӀашца)[11]. Парти гайтина берриг кхайкхамийн Пачхьалкхан думехь, кхин а ду регионийн тӀегӀанан Ӏедалан меженашкара векалалла.
Генарчу ханна тӀаьхьалонна шен стратегин Ӏалашо кхайкхайо Россехь карлайаьккхина социализм йар. Уллерачу ханна тӀаьхьалонна хӀиттайо шайна хьалха Ӏалашонаш: Ӏедале патриотийн ницкъаш балор, Жима а, йуккъера а хьуьнаралла Ӏалашдеш, Российн Ӏаламан ресурсаш а, экономикин стратегин отраслаш къоме дерзор, пачхьалкхан политика социалан агӀора хьажор чӀагӀдар. Ша йиллинчу хенахь дуьйна хӀоттийна ша карарчу Ӏедана оппозице.
Лакхара меже — партин гулам, цуо хоржу РФКП Центран комитет а, цуьнан председатель а. Партин Центран кхочушдаран комитетан председатель (РФКП ЦКхК, 1995 шарахь дуьйна — РФКП ЦК) 1993 шарахь дуьйна ву Зюганов Геннадий. РФКП ЦК председателан хьалхара гӀовсаш — Мельников Иван (2004 шарахь дуьйна) а, Афонин Юрий (2021 шарахь дуьйна)[13], РФКП ЦК председателан хьалхара гӀовс 2004 шо кхачале вара Купцов Валентин. РФКП ЦК председателан гӀовсаш (2021 шарахь) — Кашин Владимир, Новиков Дмитрий, Калашников Леонид[13]. Тергонан меже — РФКП Центран тергонан-ревизин комисси (ЦТРК), ЦТРК председатель — Иванов Николай.
ИдеологиНисйе
2008 шарахь тӀеэцна партин программин керла редакцехь, кхайкхира адамийн мехах хьоьгу къин а, къоман-пачхьалкхан лаам а ларбараран бакъонаш къуьйсу цхьаъ бен боцу политикин кхоллам санна. Программехь гайтина партин стратегин Ӏалашо — Россехь карлайаьккхина социализм, XXI бӀешеран социализм, хӀоттор[12].
РФКП программехь йаздина ду, парти Российн Федерацин махкахь ССКП когаметта йу[12].
РФКП программехь дӀакхайкхийна, партис куьйгалла до марксистийн-ленинан дешарца, кхолларалла агӀора иза кхиайо, тӀетовжу зиеделлачун а, даймехкан а, дуьненан а Ӏилманан а, оьздангаллин а кхиамашна[12]. Программин документашкахь а, партин лидерийн белхашкахь а ладаме меттиг лоцу керла дуьненан низаман а, шен эзар шеран историца оьрсийн къоман дуьхьалоно, РФКП декъашхошна гарехь шен дикаллашца — гуламаллица а, пачхьалкхаллица а, йукъараллица (коллективалла), кӀоргера тешарца, хӀаллак йан лур йоцу альтруизмаца, сацамаллица дӀататтар махлелоран хьаьвна буржуазин, либералан-демократин йалсамане[14], «оьрсийн гӀуллакх» (РФКП программо дуьйцу «сийлахь къоман геноцидах» лаьцна, чӀагӀдо, «оьрсийн гӀуллакх листаран Ӏалашонаш а, социализм къийсар а шен хотӀехь цхьаьнадогӀу»)[15].
Шен программица[12], мохк кхаа муьрехь тобан безаш лору РФКПс. Хьалхарчу муьрехь план йу къинхьегамхой Ӏедале кхачар, иза ду РФКП коьртехь йолу коалицица. И Ӏалашоно гӀо дийр ду тӀаьхьарчу иттаннаш шерашкахь бинчу хийцамийн бохаман тӀаьхьалонаш дӀайаха, масала, 1990 шерашкахь приватизаци йина долайаьккхина Ӏедале йерзорца. Цу тӀе, кегийра сурсаташарахецархой буьсур бу, цул сов, уьш ларбийр бу доккхачу капитало, чинхоша, мафин тобанаша къоладарх. Кхин а план йу советийн тайп-тайпана тӀегӀанера урхаллин новкъа хийцамаш бан. ШолгӀачу муьрехь советийн а, говзбертан а роль айало. Экономика цхьаьнаэшшара дехьайер йу социалистийн бахамалла лелоран кепашка, амма жима капитал хӀинца а дуьсур ду. КхоалгӀачу муьрехь социализм хӀотто план йу[12].
РФКП ша гайтарНисйе
РФКП, Г. А. Зюгановс дийцарехь, православин килсанца цхьаьнагӀуллакхдарехьа йу, масала, дозанал арахьара динан тобанаш чу ца йахкийтарехьа законаш тӀеэцарна цхьаьна йара ОьПКца[16].
Кхин а партин йу даймехкан исторех лаьцна шен позици. Позицин агӀора мах хадабо И. В. Сталинан ролан. Уггаре хьалха экономикера кхиамаш, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь толам баккхар, «хӀоьънан турс» дарца тӀемал тӀаьхьа мохк тобар бахьнехь, Сталинан иэсан акцеш йар, Сталинан хӀолламаш богӀарехь гӀодар, агитацехь Сталинан васт лелор[17][18][19]. Сталинан репрессешха, къобал до цхьацца «1930—1940-гӀа шерашкара социалистийн законаллаш дохор»[12], кхайкхадо, ССКП репрессий факт 1950-гӀа шерашкахь тӀеэцар, цу тӀе сих-сиха кховдадо репрессийн масштабаш совйахар, оцу хенахь махкахь «пхоьалгӀа колонна» хилар. Украинехь мацалла хӀотторах, Катынехь тоьпаш тохарах, коллективизацех ССРС бехке хилар тӀе ца лоцу[20][21]
РФКП а, ССКП а идеологи: теранаш а, башхаллаш аНисйе
РФКП идеологи алсама тера йу ССКП идеологех. Талламхочо К. Д. Николенкос билгалйаьхна лахара йукъара меттигаш РФКП а, ССКП а идеологехь[22]:
- Капитализман дуьхьала хӀоттор;
- Дерриг дуьненахь капитализмана дуьхьало йан дог дохийла;
- Гражданийн агӀора царна тӀаьхь чотйар а, тергойар а чӀагӀдар, Кхеташонийн а, Ӏедалан вакийлатийн а меженийн роль айар;
- Мехкан дуьхьалонан таро чӀагӀйар.
РФКП а, ССКП а идеологин йаккхий башхаллаш лахарнаш йу[23]:
- РФКП программица классан дух йолу парламентан болх. ССКП программехь парламентан белхах лаьцна хӀумма а ца дуьйцура;
- РФКП программехь ССКПхьчул дуккха а алсама гайтина пачхьалкхан роль. Иза гучудолу партин декъахоша Пачхьалкхан думе кховдо законан проекташца:РФКП инициативийн ладаме дакъа хьажийна экономикехь пачхьалкхан урхалла чӀагӀдаре, кхин а къоман оьшург а, пачхьалкхалла кхиар а лардаре;
- РФКП программин документашкахь национализм — «оьрсийн гӀуллакх», оьрсийн оьздангалла ларйар, оьрсийн къам пачхьалкх кхуллуш хилар къобалдар, иштта кхин дӀа а;
- РФКП программин документашкахь тайп-тайпана доларчин кепаш къобалйар (практикехь иза го бизнесменаш партин испискаш йукъатохрца);
- РФКП динца йукъаметтиг дика йу: динан кхолламашца цхьаьнагӀуллакхдар иэшар къобалдар, иза гойту «православин а, Российн къаьмнийн кхин ламаста динийн» лерам барца, партин декъахошна дин лело магорца. ССКП морса дуьхьала хӀоттайора ша динан, атеизман пропаганда йора.
РФКП идеологи политологашна гарцаНисйе
Арахьара видеофайлаш | |
---|---|
Проморолик РФКП, «Хочу в СССР» |
Арахьара видеофайлаш | |
---|---|
Проморолик РФКП, «Выборы-2011» |
Арахьара видеофайлаш | |
---|---|
Проморолик РФКП, Вспомним о Манифесте ЕР от 2002 г. |
Арахьара видеофайлаш | |
---|---|
Проморолик РФКП, Демография |
Политологан В. А. Лихачёвн хетарехь, шен таханлерачу кепехь парти коммунистийнчул алсама йу национал-патриотийн. Цуьнан идеологехь националистийн агӀора таӀар доьзна ду 1993 шарахь меттахӀотторан гуламехь Купцов Валентинан меттана партин лидер националистийн радикалан Макашов Альбертан Ӏаткъамца Зюганов Геннадий хӀоттор. Националийн ойланаш йолуш ву партин коьртачу идеологех цхьаъ волу Подберёзкин Алексей[24].
Аьрру политолого Кагарлицкий Бориса РФКП амал йуьйцу, коммунистийн боламан гена йолу, историн ламасташа иркарахӀитто партии санна. Цунна гарца парти тӀетевжина идеологин коьрта автораш, марксизман теоретикаш бац, ткъа Н. Я. Данилевский, К. Н. Леонтьев, Н. А. Бердяев, кхин динан йа консервативан ойланчаш бу. Советийн ойланчех башха маьӀна ло Гумилёв Леван. Коьрта къовсам капитализмаца ца латтабо, ткъа кхайкхабо кхечу мехкийн капиталца а, низамца а. Иштта идеологи гӀурта, Брежнев Леонидан заманахь кхолладелла, консерваторийн низаман сагатдаларах а, Брежнев волуш «массеран болх а, алапа а дара» бохучу нахана гӀолацарах. Ишттачу хьолехь, политологан хетарехь, РФКП дуьненайукъара коммунистийн боламан хӀоьан роле сатийса йиш йац. Россехь политикин дахар тӀаьхьа дендаларо парти йалийра хила тарло агӀончашидеологин гуонаха гулбаларан халонашка кхачаре[25].
РФКП совгӀаташНисйе
РФКП совгӀатийн системехь, РФКП ЦК кхоьллина, орденаш а, иэсан мидалш а йу.
Хьажа кхин аНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ Валентин Купцов начал смену поколений(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Газета «Ъ». Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 12 майхь. Теллина 2016 шеран 9 майхь.
- ↑ РФКП теряет отца-основателя(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Независимая газета. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 июнехь. Теллина 2016 шеран 9 майхь.
- ↑ Участники Международной встречи коммунистических и рабочих партий IMCWP
- ↑ Сергей Удальцов Укрепляем сотрудничество с РФКП! (2018, 22 сентябрь). Теллина 2018 шеран 23 сентябрехь.
- ↑ Иван Зуев Альянс КПРФ и ПДС НПСР будет сохранен(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2018, 18 апрель). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 2 октябрехь. Теллина 2018 шеран 2 октябрехь.
- ↑ РФКП В.И. Кашин поздравил ДПА с 20-летием(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2017, 21 сентябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 3 октябрехь. Теллина 2017 шеран 22 сентябрехь.
- ↑ За Грудинина!
- ↑ Обновленная программа и списки кандидатов на выборы. Как прошел съезд РФКП
- ↑ Greeting from the Communist Party of the Russian Federation.
- ↑ Братские партии.
- ↑ 1 2 О партии. Краткая справка(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 29 июнехь. Теллина 2016 шеран 19 июнехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Программа РФКП (2008). kprf.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 30 январехь.
- ↑ 1 2 Президиум-2021
- ↑ Зюганов Г. А. Кадры партии в действии. — М.: ИТРК, 2001. — с. 11. — ISBN 5-88010-083-9
- ↑ См. Крепить духовную мощь народа. Доклад Г. А. Зюганова «О задачах партии по защите русской культуры как основы духовного единства многонациональной России» [1] Архивйина 2007-08-10 — Wayback Machine. Васильцов Сергей, Обухов Сергей. Русский вопрос и коммунисты России [2] Архивйина 2008-02-20 — Wayback Machine. Зюганов Г. А. Русский социализм — ответ на русский вопрос アーカイブされたコピー. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2008 шеран 8 январехь. Теллина 2008 шеран 7 мартехь. [3] Архивйина 2008-09-18 — Wayback Machine. Новиков Д. Г. Коммунисты и русский вопрос [4] Архивйина 2008-02-20 — Wayback Machine
- ↑ Г. А. Зюганов о кончине Алексия II. kprf.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 30 январехь.
- ↑ В понедельник исполнилось 130 лет со дня рождения Сталина (2009, 21 декабрь). Теллина 2021 шеран 14 ноябрехь.
- ↑ В Нижегородской области сегодня заложат первый камень в основание музея Сталина, так называемого «Сталин-центра» (2021, 8 май). Теллина 2021 шеран 14 ноябрехь.
- ↑ «Либеральная интеллигенция дважды проголосует за ЕР, лишь бы избежать коммунистов»
- ↑ Защищать правду истории. kprf.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 30 январехь.
- ↑ Например, Государственной Думой РФ официально была признана версия части историков о вине СССР в расстреле польских офицеров см. Би-Би-Си: «Дума признала расстрел в Катыни преступлением Сталина» Архивйина 2010-11-29 — Wayback Machine.
- ↑ Николенко К. Д. КПСС и РФКП: проблемы преемственности и поиски новой политической идентификации (1991—2012) // Вестник Пермского университета. Серия: Политология. — 2013. — № 3. — С. 137—139
- ↑ Николенко К. Д. КПСС и РФКП: проблемы преемственности и поиски новой политической идентификации (1991—2012) // Вестник Пермского университета. Серия: Политология. — 2013. — № 3. — С. 140—147
- ↑ Лихачёв В. А. Политический антисемитизм в современной России. М.: Academia, 2003. — 240 с
- ↑ Кагарлицкий Б.Ю. Управляемая демократия: Россия, которую нам навязали. — Екатеринбург: Ультра.Культура, 2005. — С. 188—197. — 576 с. — (Klassenkampf). — ISBN 5-9681-0066-4.
ЛитератураНисйе
Хьалхара хьосташНисйе
- Зюганов Г. А. Кадры партии в действии. — М.: ИТРК, 2001. — С. 48. — ISBN 5-88010-083-9.
- Зюганов Г. А. Коммунисты и молодёжь в современной России. — М.: Газета «Правда», 2003. — С. 32. — ISBN 5-85020-044-9.
- Зюганов Г. А. За единство. Беседа с коммунистами о ситуации в РФКП. — М.: ИТРК, 2004. — С. 64. — ISBN 5-88010-191-6.
- Зюганов Г. А. Смотреть вперёд. X Съезд РФКП и «трудные вопросы» российского коммунистического движения. — М.: ИТРК, 2004. — С. 128. — ISBN 5-88010-205-X.
- Зюганов Г. А. Большие испытания. РФКП перед новым избирательным марафоном. — М.: ИТРК, 2005. — С. 126. — ISBN 5-88010-217-3.
- Зюганов Г. А. Меморандум «О задачах борьбы против империализма и необходимости международного осуждения его преступлений». — М.: Правда-пресс, 2006. — С. 24. — ISBN 5-85024-160-4.
- Зюганов Г. А. Защищая наш мир. О внешнеполитической деятельности РФКП. — М.: Издательство ИТРК, 2006. — С. 240: ил.—16 с. — ISBN 5-88010-223-8.
- Коммунистическая партия Российской Федерации в резолюциях и решениях съездов, конференций и пленумов ЦК (2001—2005). — М.: Издательство ИТРК, 2005. — С. 416. — ISBN 5-88010-216-5.
ТалламашНисйе
- András Bozóki and John T. Ishiyama. The communist successor parties of Central and Eastern Europe. — London, U.K.: M.E.Sharpe, 2002. — 501 p. — ISBN 0-7656-0986-X.
- March, Luke. The Communist Party In Post-Soviet Russia. — Manchester, U.K.: Manchester University Press, 2002. — 288 p. — ISBN 0-7190-6044-3.
- Сорокин А. Наследники КПСС (КПСС и левые в постсоветской России) // Альтернативы. — 2006. — № 2. — С. 112—122.
- Холмская М.Р. Коммунисты России: факты, идеи, тенденции. Информационно-аналитический обзор. — М.: [Б.и.], 1998. — 79 с. — ISBN 5-7952-0005-0.
ПублицистикаНисйе
- Волохов А. Е. Новейшая история Коммунистической партии: 1990—2003. — М.: Импэто, 2003. — С. 136. — ISBN 5-7161-0105-4. (содержание)
- Кагарлицкий Б. Ю. Управляемая демократия: Россия, которую нам навязали. — Екатеринбург: Ультра.Культура, 2005. — 576 с. — (Klassenkampf). — ISBN 5-9681-0066-4. (оглавление)
- Тарасов А.Н. Политическая импотенция неизлечима, или Кремль трогательно заботится о престиже своей карманной оппозиции // Революция не всерьёз: Штудии по теории и истории квазиреволюционных движений. — Екатеринбург: Ультра-Культура, 2005. — С. 384—391. — ISBN 5-9681-0067-2.
- Тарасов А.Н. Свой своя не познаша (Комментарий на комментарий Б. Ихлова «Неужели РФКП такая плохая?») // Революция не всерьёз: Штудии по теории и истории квазиреволюционных движений. — Екатеринбург: Ультра-Культура, 2005. — С. 392—408. — ISBN 5-9681-0067-2.
ХьажоргашНисйе
- Официальный сайт РФКП (Архив)
- Устав партии
- Программа партии
- Каталог сайтов Коммунистической партии Российской Федерации
- Тарасов А. Н. Левая сцена в России в начале XXI века // Неприкосновенный запас. — 2003. — № 5 (31).
- Коммунистическая партия Российской Федерации — статья в Лентапедии. 2012 год.
- Тарасов А. Н. РФКП, эрзац социал-демократии
- «РФКП: Системный взгляд» Цикл передач на Красном ТВ
- Федосеев И. Ведический коммунизм по Никитину [6] Архивйина 2018-11-29 — Wayback Machine[7].
- Эрлиб Н. Через тернии к выборам: 15 лет РФКП.