Российн Федерацин Конституцин де
«Конституцин де» — хӀинцалерачу Российн — Российн Федерацин Конституци тӀеэцаран Ӏида, даздо 12 декабрехь.
Истори
бӀаьра нисйанССР Союзехь 1977 шо кхаччалц даздора 5 декабрехь, 1936 шеран ССРС Конституци тӀеэцначу дийнахь. Цул тӀаьхьа Ӏида дехьадаьккхира 7 октябре (ССР Союзан керла конституци тӀеэцаран де — «Кхианчу социализман конституци»). Конституцин де даздаран гӀиллакх дӀадаьхьира керлачу Россехь.
1993 шеран 12 декабрехь дерриг къомо кхаж тасарца тӀеийцира Российн Федерацин Конституци, ткъа 1994 шарахь Российн Федерацин президентан омарца («Российн Федерацин Конституцин дийнах» а, «Белхах мукъа дийнах 12 декабрах») 12 декабрь кхайкхийра пачхьалкхан Ӏида.
2005 шарахь дуьйна 12 декабрь кхин мукъа де дац Россехь, ткъа Конституцин де 12 декабрь лаьрра Российн иэсаллин терхь, 2004 шеран 24 декабрехь Пачхьалкхан Думо тӀеэцна Российн Федерацин белхан кодексан Российн Ӏидан денош хуьйцуш болчу хийцамашца.[1].
2013 шарахь Российн Конституцин 20 шо кхачарца В. В. Путина баккхий нах, пхора а, бераш долу а зударий, — уггаре хьалха, ткъа цул тӀаьхьа, тарлахь, кхин категорин ницкъ банза зулам дина чубоьхкинарш, тарлахь амнистега хьовсаре кховдийра. Цуьнца богӀу Пачхьалкхан Думан сацам тӀеийцира 2013 шеран 19 декабрехь[2].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ "Дума изменила праздничный календарь". Вести. 2004-12-24. ТӀекхачаран де: 2014 ш. 12 декабрехь.
- ↑ Постановление Государственной Думы от 18 декабря 2013 г. N 3500-6 ГД . Российская газета (2013 шеран 18 декабрь). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 12 декабрь.