Российн Федерацин тӀемалойн чот
Российн Федерацин — Российн тӀемалойн чот — Российн Федерацин гражданийн тӀеман декхараллин коьрта дакъа, цуо латтайо адамийн ресурсийнкхайкхаран а, мобилизацин регистрацин пачхьалкхан система, цунна юкъахь йо мероприятийн комплекс гулъеш, цхьаьна тухуш, хаамийн дукхаллин а, дикаллин а бараман анализ еш.
Истори
бӀаьра нисйанТӀемлойн чот Россехь хилла цуьнан кхиаран массо а муьрашкахь, амма хилла тайп-тайпана кепаш а, башхаллаш а.
ТӀеман чоьте хӀитто беза гражданаш
бӀаьра нисйанТӀеман комиссариаташкахь, меттигера шеш шайн урхаллин меженашкахь, кхолламашкахь тӀеман чоьте хӀиттабо[1]:
а) массо а 18 - 27 шо кхаьчна боьрша, тӀеман чоьтехь латта декхарийлахь болу, запасехь (кхайкхархой) боцу, гражданаш;
б) запасехь болу гражданаш (тӀеман декхархой):
- запасехь болу боьршанарш;
- Российн Федерацин ТӀеман Ницкъашка запасе хӀиттош, тӀеман гӀуллакхера мукъа баьхнарш;
- пачхьалкхан, муниципалан я оьш-оьшу агӀонашца говзаллин пачхьалкхан аккредитаци йолу, пачхьалкхан йоцу дешаран меттигашкахь лакхарчу говзаллин дешаран тӀеман кафедрашкахь запасан эпсаран кечаман программица дешар аьттонца чекхдаьккхинарш а, и йийцина дешаран меттигашкар дешар чекхдаьккхинарш;
- тӀеман гӀуллакхе кхайкхарах мукъа баьхна тӀеман гӀуллакхехь ца хилларш;
- тӀеман гӀуллакхех цхьаьна ханна дӀатоьттуш я цхьацца бахьнашца тӀеман гӀуллакхе ца кхойкхуш, 27 шо а кхаьчна бисина, тӀеман гӀуллакхехь ца хилларш;
- тӀеман чоьте а ца хӀиттош тӀеман гӀуллакхера мукъа баьхнарш, ткъа тӀаьхьа тӀеман комиссариаташкахь тӀеман чоьте хӀиттийнарш;
- альтернативан гражданийн гӀуллакх чекхдаьккхинарш;
- тӀеман-чоьтан говзалла йолу зударий.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Постановление Правительства Российской Федерации от 27.11.2006 № 719 (ред. от 14.02.2009) «Об утверждении Положения о воинском учёте»