Симон де Монфор, Лестеран 6-гӀа граф
Симон V де Монфор (Симон де МонфогӀ фр. Simon de Montfort; 1208 шеран 23 майхь — 1265 шеран 4 августехь) — Лестеран 6-гӀа граф, Честеран граф, ингалсан паччахьан Генрих III-гӀчун баронаш йинчу дуьхьалонан куьйгалхо.
Симон де Монфор | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
фр. Simon V de Montfort | |||||||
| |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Симон де Монфор | ||||||
Когаметтаниг | дарж схьадаьккхина | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | йоьлгӀа креаци | ||||||
Когаметтаниг | дарж схьадаьккхина | ||||||
Вина терахь | 1208 шеран 23 май | ||||||
Кхелхина терахь | 1265 шеран 4 август (57 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Ившем, Вустершир | ||||||
ДӀавоьллина | |||||||
Тайпа | Монфор-л’Амори | ||||||
Да | Симон де Монфор | ||||||
Нана | Алиса де Монморанси | ||||||
Зуда | Элеонора Плантагенет | ||||||
Бераш | Генри, Симон, Амори, Ги, Джоанна, Ричард, Элеонора | ||||||
ГӀуллакхалла | Политика[1] | ||||||
Латар | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Баронийн аьттонна пачхьалкхан Ӏедалан дозатоха гӀертара. Монфора а, цуьнан агӀончаша а толам баьккхира паччахьан агӀончашкара Льюисехь (1264 шеран 14 май). Ингалсан лорд-протектор хилча, 1265 шеран январехь кхайкхира хьалхара парламент, цуо йуьхьиг йиллира Ингалсера чкъоьрийн вакилатан. ХӀаллаквира паччахьан эскарша Ившемера тӀамтӀехь, цигахь кхелхира.
ДӀавоьллина Ившемера аббаталлин килсан сакъдаран гергахь, оцу заманара схьа йохийна, каш билгалдаьккхина 1965 шарахь хӀоттийна жима, сакъдарах терачу иэсаца[2].
Биографи
бӀаьра нисйанСимон де Монфор вина Францехь, вара гӀараваьллачу Симон IV де Монфоран жимаха волу кӀант, барон де Монфор-л’Амори, лелайора, кхечаьрца цхьаьна, ингалсан титул Лестеран 5-гӀа граф. Нана — Алиса де Монморанси, гӀарадаьллачу французийн тайпанан векал. Воккхаха волу , Амори веллачул тӀаьхьа, Монфоран йелира Лестер графалла, 1236 шарахь ваха хиира Ингалсехь. Хазаллийца а, хаза леларшца а Монфора сихха Ӏехийра паччахь Генрихан йиша, Элеонора, паччахьан пурбанца къайлаха мах бира цуьнца 1238 шарахь. Оцу захалонна оьшура ингалсан килсхойн а, баронийн а пурба, цу тӀе, 16 шо долуш жеро йисина, Элеонорас Кентерберин архиепископ Рич Эдмунд а волуш нийат динера кхин цкъа а маре ца йаха.
Ингалсхошна ца везара француз, ткъа динан гӀуллакххоша Ӏадаташца бина боцу мах цамагабора. Баронаша, реза боцуш, тӀедуьллура Паччахьан кхеташонера Монфор дӀаваккхар, Монфоран дийзира дикка къахьега и шен зудчун нийат йухадоккхуш. Оцу гӀуллакхна иза вахара Руме, Папа Григорий IX-гӀа волчу, цуо дехар кхочуш дира. Ингалсе йухавирзина, Монфор цхьана хана паччахьан уллехь вара — амма цул тӀаьхьа, 1239 шеран августехь, цуьнан хьал цӀеххьана хийцаделира, цуо шена оьгӀазло йайтира паччахье а, баронашка а[3]. Монфор Франце ведира, цигахь висира 1240 шо кхаччалц. Оксфордан университетан канцлер а, 1235 шарахь дуьйна Линкольнан епископ а, волчу шен доттагӀан Роберт Гроссетестан гӀоьнца, Монфору аьтту белира Ингалсе йухаверза, цигахь вехира шен доларчу латтанаш тӀехь, дакъа а ца лоцура парламентан а, паччахьан а йукъара девнашкахь.
Хууш ду, Монфора шен заманан гӀарабевлла ингалсан интеллектуалашца шен гуо барх лаьцна. Гроссетеста лелайора, кхин йерш йоцург, говзаллин а, теологин а магистрийн цӀе, оцу хенахь йаздинера «Паччахьан Ӏедалан а, тиранин а хьесапаш (бух)» цӀе йолу трактат, цунна чохь дуьйцура, муьлха урхалча (дуьненан йа динан) лара мегар ду дика, — цунна чохь авторо къобал ца дора, масала, паччахьан а, иштта папин а Ӏедало шайна луъург лело бакъо хилар[4]. Шеко йоцуш оцу хенан Монфоран гергара гуонна тӀейазбан мегар ду иштта нах, масала, Лестеран архидиакон Базингстокан Иоанн[en], оксфордан даӀватхо а, философ а Марш Адам[en]. Иза вевзаш хила тарло, оцу заманахь дарж доцу ингалсан бахархойх гӀараваьллачех цхьаъ волу, мозгӀарца Хартфордширера Сент-Олбанийн килсан Парижера Матвейца, гӀараваьллачу хронистаца а, историкца а, гӀарайаьллачу «Йоккха хроникин» (лат. Chronica majora) авторца. Матвей шен килсера араволуш воцушехь, цунна дика хаара дуьненан белхех дерг а[5], иза кехаташ йаздеш вара пачхьалкхан а, килсан а гӀуллакххошца, шена вевзаш вара Генрих III-гӀа.
Кхин а хууш ду, 1240-гӀа шарахь Симон (Элеонорица цхьаьна) паччахьан жимаха волу вешийн Генрих III-гӀачун куьйгаллера тобанехь а, ингалсан принцан Корнуоллан Ричардан (тӀаьхьа 1257 шарахь) «Баронийн жӀаран походехь» дакъа лацарх лаьцна). Ричардан аьтту белира Германин паччахь (официалан, даржан цӀе йара «Руман паччахь» — нем. Römisch-deutscher König) харжавала. Тобанан декъахошна йукъахь хьахаво иштта паччахьан а, принц Ричардан а шича (цуьнан да вара Генриха II-гӀачунна граф-аьзнис Ида де Тоснис къуотгӀала вина кӀант) — Уильям II Лонгеспе, Солсберин титулан граф (иза 1233 шарахь Генрих III-ча ша рыцарь вира).
1248 шеран 1 майхь Генрих III-гӀачо Монфор ворхӀ шаран Гасконе сардал хӀоттийра, оцу балхана цунна йелира «locum tenens» (ма-дарра лат. маттера гочдича — «меттиг латториг», хӀинца. — метиган тергонча) цӀе йолу титул; Францехь лелаш йара паччахьан сеньорин сенешалаш олу иштта цӀе. Кхузахь Монфора гайтира шен морсалла а, амалан ницкъ а, паччахьна тешаме гӀуллакх деш, шеца иза дукха хьолехь нийса а воцушехь, наггахь гасконийн баронашкахьа гӀо а доккхушехь шен сардална дуьхьала.
1258 шарахь кхайкхира «хьерайаьлла парламент», Монфора дакъалецира паччахьан Ӏедал гӀелден «Оксфордан провизеш йеш». Монфороцу хенахь чӀогӀа гӀаравелира. 1263 шарахь чуьра тӀом болабелча, Монфор даздарца чувелира Лондоне, Льюисехь паччахь эшийна, иза йийсар вина, цунах хилира Ингалсан факт хилла урхалча[6].
Амма ма-дарра аьлча керла урхалчийн Ӏедал гӀийла дара. Керла папас Климент IV-гӀачо къобал ца йира «Оксфордан провизеш». Паччахьан зуда а, цуьнан кӀант Эдмунд а гӀертара Ингалсе доккхачу эскарца бисса; дукхаха болу баронаш Монфоран тӀаьхьарабевлира. Оцу хьолехь Монфора, йукъараллин гӀо лоьхуш, сацам бира керла парламент кхайкха (иза йевза Монфоран парламент цӀарца, цунна йукъахь исторехь дуьххьара дакъалаьцна ца Ӏара олалло а, килсан элито а, амма бара гӀалин бахархойн векалш а. Иштта, Монфорах хилира ингалсан йукъараллин палата йиллинарг.
Монфора кӀезиг урхалла дира. Цуьнан луьралло а, Ӏедал дезаро а дуккха а мостагӀий гулбира цунна. Паччахьан воккхаха волу кӀант, Эдуард, йийсарера вада а ведда (1265 шеран 28 майхь), дӀакхийтира Монфоран мостагӀех. Оццу шеран 4 августехь Ившемера тӀамтӀехь Монфор иэшийна, вийра. Хрониста Ришангер Уильяма дийцарехь, паччахьан агӀончаша сийсаздира цуьнан дакъа: корта схьа а баьккхина, цамзин тӀе а боьллина, дӀахедийна куьйгаш совгӀатна дахьийтира Вигморан гӀап-гӀале Матильдина, Мортимер Роджеран зудчунна. ДегӀан дисина дакъош дӀасадахьийтира кхечу гӀаланашка.
Къомо эвлайаан а,Ӏазапхочун а санна сий дора Монфоран, ткъа къонахаша сий ойура цуьнан эшаршкахь. Цуьнан биографо Бейтман Сомерсета дийцарехь (инг. Somerset Beitman),
Шен хенара нахана хьалха Симон де Монфор йамартхо а, сийдерг а вара. Паччахьан агӀо лаьцначу баронаша иза йамартхо лорура, амма миска нахана иза, Кентерберин Фомаца цхьаьна тӀегӀанехь латта хьакъ долу, Ӏазапхо хетара.
ТӀаьхьенаш
бӀаьра нисйанСимон де Монфоран а, паччахьан йоьӀан Элеонора Плантагенетан а ворхӀ бер дара:
- Генри де Монфор (1238 ноябрь—1265);
- Симон де Монфор Жимахверг (1240 апрель—1271);
- Амори де Монфор (1242/1243—1300);
- Ги де Монфор, Нолан граф (1244—1288);
- Джоанна де Монфор (йина, йелла Бордохь 1248 а, 1251 а шерашна йукъахь);
- Ричард де Монфор (вела 1265 шерал тӀаьхьа);
- Элеонора де Монфор (1258—1282) — 1275/1278 шарахь дуьйна Уэльсан паччахьан кӀента Лливелин ап Грифидан зуда. Элеонора йелла цхьаъ бен йоцу йоӀ Гвенллиан дуьненна тӀейолуш, иза 1283 шарахь лецира паччахьан Эдуардан эскарша, хьажийра Ингалсера Семпрингем аббаталле, цигахь шен йисина хан текхна иза йелира 1337 шарахь.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Чешская национальная авторитетная база данных
- ↑ Archived copy . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 11 майхь Архивйина 2011-05-11 — Wayback Machine
- ↑ Симон де Монфор: начало парламента — Наталия Басовская, Сергей Бунтман — Все так — Эхо Москвы, 15.05.2010 . Эхо Москвы. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 май.
- ↑ Кертман, Лев Ефимович. География, история и культура Англии. — М.: Высшая школа, 1968; 2-е изд. 1979. — 384 с. — 25 000 экз. Институт дистанционного обучения (ИДО) Новосибирского государственного технического университета (НГТУ).
- ↑ Матвей Парижский // Советская историческая энциклопедия. — Т. 9. — М.: Советская энциклопедия, 1966. — Ст. 177.
- ↑ Бейтман С. Симон де Монфор. — С. 262—265.
Литература
бӀаьра нисйан- Бейтман С. Симон де Монфор. Жизнь и деяния / Пер. с англ. Е. А. Морена-Гоголевой. — СПб.: Евразия, 2004. — 320 с. — 1500 экз. — ISBN 5-8071-0146-4.
- Labarge, Margaret Wade. Simon de Montfort. London: Eyre & Spottiswoode, 1962. P. 312. ISBN 0-8371-8359-6
- Maddicott, J. R. Simon de Montfort. Cambridge University Press, 1996. P. 432. ISBN 0-521-37636-X
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Монфор, Симон (граф Лейстерский) // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Earl of Leicester 1239-1265 (MONTFORT) (инг.). Foundation for Medieval Genealogy. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 20 январь.
- Simon de Montfort’s Rebellion (Фрагмент о восстании Симона де Монфора Архивйина 2014-08-14 — Wayback Machine) из хроники Flores Historiarum, ранее традиционно приписываемой Матфею Ветминстерскому.(ингалс.)
- О деятельности Симона де Монфора на сайте парламента Великобритании.(ингалс.)
- Генеалогия де Монфоров.(ингалс.)
- Симон де Монфор, 6-й граф Лестер, на сайту The Peerage.com.(ингалс.)