Симсим
Симсим, йа Симсара — таханлерачу денна билгалбаккхаза Къилбаседа Кавказера историн мохк, я пачхьалкх. Хьахийна шина тептарехь — Низам ад-Дин Шами («Зафар-наме», XV бӀешо долалуш) терахьашкахь а, Шараф ад-Дин Йазди («Зафар-наме», XV бӀешо юккъахь) терахьашкахь. Хьахдар дозу XIV бӀешо чекхдолуш Тимар аьттонца Дешийн Орда кхарстарх. Таханлера цхьа могӀа талламхоша Симсим юккъерабӀешерийн нах къаьмнийн пачхьалкх лору.
Нохчийн гипотеза
бӀаьра нисйанЦхьаболу таханлера талламхошан-кавказйовзархошан гипотезо доьзча, Симсим яра хьалхарафеодальни нохчийн пачхьалкх. Оцу гипотезо ХIV бӀешарахь монголийн тӀелатарах тоделла нахийн къаьмнаш, Къилбаседа Кавказан акъарийн махкашкахь пачхьалкх коьллина хила тардолийта. Гипотезан агӀончаша дийцарехь, Симсиман дозанаш таханлера Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а латтанаш тӀехь хилла, ткъа хила могийта кхин дӀа — хӀинца нахийн махкан уллора къилбаседакавказан республикийн кхечу латташ тӀехь. Симсим халлакйина Тимаран эскарша. Оцу муьрехь кхоллаелла хилатарло нахийн йукъара тайпан структура. Акъарийн латташ тӀиера аратеттина нахаш XVI—XVIII бӀешерашкахь бехира лаьмнашкахь, тайпанашка, тукхмашка бекъалуш[~ 1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- Комменташ
- ↑ Дукхах долу къилбаседакавказан къаьмнаш лелайора хала а, я даиман цхьанакепара а йоцу шайна йукъара социальни а, тӀеман йукъараллин а кепийн лелош йолу цӀерийн система. Масала, нахийн къаьмнийн яра оцу йукъараллийн дийнна иерархин система. Уьш яра тайп-тайпана статус а, барам а болу тобанех лаьтташ — тукхумаш/шахьараш, тайпанаш, гаранаш, некъи, цӀа, доьзалаш кхин а. Оцу кхеташонийн яккхийра кепийн а яцара къилбаседакавказан йукъара цӀе, ткъа кавказ1аморехь аттоллин маьрша йукъараллаш боху термин леладо я доцца йукъараллаш олу.
- Хьосташ
Литература
бӀаьра нисйан- Шараф ад-Дин Йазди. Упоминание о походе счастливого Сахибкирана в Симсим и на крепости неверных, бывших там // Зафар-наме (Книга побед Амира Темура (сер. XV в.), в варианте перевода с персидского на староузбекский Муххамадом Али ибн Дарвеш Али Бухари (XVI в.)) / Пер. со староузбек., предисл., коммент., указатели и карта А. Ахмедова. — Академия наук Республики Узбекистан. Институт востоковедения имени Абу Райхана Беруни. — Ташкент: «SAN’AT», 2008. — 486 с. — 600 экз.