СоьлжагӀалан чуьра кӀоштанаш

(СоьлжагIалан чуьра кIоштанаш тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 4 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 9 январь).

Нохчийчоьнан коьрта гӀала Соьлжа-ГӀала йекъало 4-ъ ЧуьрагӀалин кӀошташ [1][2][3][4].

СоьлжагӀалан чуьра кӀошташ:
1.Шейх-Мансуран; 2.Ахьмадан; 3.БойсгӀаран; 4.Висаитан.

ЧуьрагӀалан кӀошташ

бӀаьра нисйан
ЧуьрагӀалан
кӀошт
Майда,
км²
Бахархой,
стаг
Код
ОКАТО
1. Шейх-Мансуран кӀошт 78,00[5] 72 825[6] 96 401 362
2. Ахьмадан кӀошт 69,27[7] 92 369[6] 96 401 364
3. БойсгӀаран кӀошт 59,43[8] 75 882[6] 96 401 366
4. Висаитан кӀошт 90,00[9] 64 835[6] 96 401 372
цхьане Соьлжа-ГӀала 305 911[6] 96 401 000

СоьлжагӀалан чуьра кӀошташкахь болх беш префектура ю, Соьлжа-ГӀалан мэрийн куьг-кӀел йоьдаш а, цул совнах хӀора кӀоштанашкахь шена кӀоштана да ву, префекта олу цараха оьрсийн метт[10][11][12].

КӀоштанан чур гуо

бӀаьра нисйан

ХӀора СоьлжагӀалин чур кӀошт йекъалу 5-ъ кӀоштан гуо (ТО) шена лоьмарашца билгал йеккхана: кхузар ТО №1 йукъе ТО №5. цхьана массо гӀалахь 20 ю ТО[13].

1920-чу шарахь, гӀалан хьал та дарна а йоккха хуьлуш а белхаш дарна бахьана хилла, цигара йекъера Нохчийнчоьна коьрт гӀала 4-ъ кӀошт йукъе , нохчашна йовзаш хилла ю — Мехкдаьттан кӀошт(Старопромысловский район) моссу хена мехкдаьтта доккхуш меттиг хилла цундела цуьнахa МехкдаьттантӀе я Мехкдаьттан кӀошт хил тарло, Суьйра-Коьрта я —Суьйракоьртан кӀошт(Октябрьский район) нохчашнa шир замана дуьйна йoвзашa меттиг а Суьйра-Коьрт олуш лам бу, цулa тӀехьа йогӀушa ю —  БухӀанюртан кӀошт (Заводской район), олхазар хилла «бухlа» олуш цигахь эвлан цӀе цигар хьа-эца ю, БухӀан-Юрт олуш нохчийн эвла хилла цигахь Ӏаш нохчийн Кавказан хьалхара куьйгалхо Ошурма Шайх-Мансур хилла Ӏаш цигахь. ГӀалан йукъ а къилбседехьа а ю — Ширсоьлжан кӀошт (Ленинский район), цигахь хьалха заман чохь хилла нохчийн эвла Шир-Соьлжа я Соьлжа-Юрт олуш[14].

Административан бекъамехьa 1936—1938 шарашкахьa Соьлжа-ГӀала йекънера Молотовский, Октябрьский, Орджоникидзевский, Сталинский, Старопромышленный (цултӀехьа Старо-Промысловский) олуш керла кӀошташ хилла[15][16]. 12 сентябрехь 1957 шарахь Молотовскин кӀоштах Ленинский кӀошт кхуьлна. Кхиъа 1959 шарахь Орджоникидзевскин кӀошт чу йехьна Сталинан кӀошт чу, цул тӀехьа 1961 шарахь хийцина Заводскойн аьлла.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Закон «Об административно-территориальном устройстве Чеченской Республики»
  2. Конституция Чеченской Республики
  3. ОКАТО 96 401
  4. Устав муниципального образования городской округ город Грозный
  5. О Заводском районе Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  6. 1 2 3 4 5 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  7. Паспорт префектуры Ленинского района г. Грозного Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  8. Общие сведения об Октябрьском районе г. Грозного Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  9. География и масштабы Старопромысловского района Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  10. Префекты районов г. Грозного
  11. Решение Совета Депутатов города Грозного от 25.12.2014 «Об утверждении положений о префектурах г. Грозный» Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  12. О префектуре Старопромысловского района
  13. Территориальные округа Грозного Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  14. история Грозного Архивйина 2017-09-12 — Wayback Machine
  15. Всесоюзная перепись населения 1939 — Демоскоп
  16. Всесоюзнан яздарехь адал дагардара 1959 — Демоскоп