Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана
Сталинизмо бехк боцуш хӀаллак бинчу вайнахана хӀоттийна чурт (диццадаларан хӀоллам) 1989 шеран 19 февралехь ГӀачалкъан шира кешнийн гергахь.
ХӀоллам | |
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана
| |
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана | |
Пачхьалкх | Росси |
Йолу меттиг | ДегӀаста, Ӏовхойн кӀошт, э. ГӀачалкъа |
Хьал | Дика |
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана Викилармехь |
И тайпа чурт вайн махкахь духхьара хӀоттийна[1].
Истори а, социалан маьӀна а
бӀаьра нисйан1989 шеран июль баттахь республикин а, меттигера а хьаькмаша гуламе кхайкхира ГӀазгӀумкийн керла кӀоштера бахархой. Цара дехардарца кхайкхаме диллира и чурт ГӀазгӀумкийн керла кӀоштан дозанал арахь хӀоттор доьхуш[2][3].
ХӀор шарахь 23 февралехь нохчий гулло и хӀоллам, чурт хӀоттийначу метте. Нохчаша дийцаре дуьллу Ӏовхойн кӀошт меттехӀотторан проблемаш.
Чуьртан сурт: ХӀоллам, чурт лаьтта шина тӀулгах. ТӀулгашна тӀехь ю нохчийн, орсийн маттахь язъйина информаци. Цхьа тӀулг бу лаьттахь бижийна Ӏуьллуш — Ӏожаллин билгало. ШолгӀаниг — стигла берзийна — дахаре сатийсаран билгало. ТӀулгашна тӀе йоьду 13 тӀегӀанаш — винчу махках девлла нохчаша а, гӀалгӀаша а Даймахке тийсина са, 13 шарахь лайна гӀелонаш, гунахь доцу тӀехбеттамаш, гома хьежарш[4].
Галерей
бӀаьра нисйанСталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана | Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана | Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана | Нохчийн-аьккхийн митинг (23.02.2013г.) |
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Лунина М. Терпение камня. — Собеседник Москва 1989, N 27, с. 12.
- ↑ Чеченцы-аккинцы (ауховцы) и их гражданские формирования. Ю.Г.Кольчук и А.А. Адилсултанов
- ↑ ЭТНИЧЕСКИЙ СЕПАРАТИЗМ В РОССИИ
- ↑ Мария Лукина, /еженедельник "Собеседник", июнь 1989 года