Сумайят бинт ХайятӀ (Ӏаьр. سمية بنت خياط‎‎‎‎) — Мухьаммад пайхамаран накъостех цхьаъ йу. Зударех хьалхара Ислам-дин тӀеэцнарг йу иза.

Сумайят бинт ХайятI
سمية بنت خياط
Йина терахь 550
Йина меттиг
  • хууш дац
Кхелхина терахь 615
Кхелхина меттиг
Къам, некъе Ӏаьрбий, Къурайш
Майра Ясир ибн Iамир, аль-Азрак ибн Утба, Ясир ибн аль-Азракъ
Бераш Iаммар бин Ясир

Дахарах лаьцна

бӀаьра нисйан

Сумайят Ясире маре йаханера. Церан цхьа кӀант вара Ӏаммар. Цхьана хенахь Абу ДжахӀалас элира Сумайяте «Хьо теша Мухьаммадах, хӀунда аьлча, хьуна иза везавелла хаза волу дера!». Сумайятас дуьхьал вон дешнаш делира цунна. ОьгӀаз вахан волчу Абу ДжаьхӀалас, Сумайят йийра цо, гоьмукъ дагчу а Ӏоьттина.