Тарахь (Ӏаьр. تارح‎‎) — Къуръанан адам а, ИбраьхӀим пайхамаран وصلة= да а, Намруд паччахьан килсан цӀунаш лардархо а ву.

Тарахь
تارح
Азар, Ан-Нахьатуль Аснам
Вина терахь 1883 вайн эра тӀеяле[1]
Кхелхина терахь 1678 вайн эра тӀеяле[2]
ДӀавоьллина меттиг
Къам Жуьгтий, Намрузхой
Да Нахьур
Зуда Амилат (Буна)
Динлелор ЦӀу-динах тешар
Динашкахь ларар Ислам, Керсталла, Иудаизм
Генеалоги Тарахь (Азар) бин Нахьур бин СаругӀ бин РагӀу бин ФалигӀ бин Ӏабир бин Шалихь бин Арфахашад бин Сам бин Нохь.

БиографиНисйе

Тарахь я Азар цуьнан ши цӀе ю бохуш дуьйцу цхьаболчу Ӏеламнаха. Тарахьан ваша Азар хилла бохуш а дуьйцу. Делахь а дика хуург АллахӀ ву. Тарахь ИбраьхӀим винчул тӀаьхьа кхелхина бохуш а дуьйцу, а Азар цуьнан деваша хилла а боху. Тарахь веллачул тӀаьхьа цуьнан зуда Амилат (Буна), Азаре маре яхана бохуш а дуьйцу. Къуръан тӀехь Азар аьлла хьахийна ву иза. ЧӀогӀа тилла велла къинош долу стаг хилла боху. ИбраьхӀимас аьлла:

  ИбраьхӀим аьлла шен дега: Баккъалла а ахьа цӀунаш делой санна лору, суна го, хьо а хьан къам а гуш долу тилла.
 6:74Къуръан
 

ИбраьхӀимас шен дине кхайкхича, цо тӀара тоьхна хилла ИбраьхӀиман. Азар чӀогӀа тилла велла вон стаг хилла. Делой бу бохуш нах тилла а беш, шен шортта мах боккхуш хилла цо, цӀунаш а духкуш. ЦӀунан лолалла дар, шайн дайшан дин ду бохуш лелаш хилла и нах.

ИбраьхӀим цӀарга кхоьссинчул тӀаьхьа, АллахӀ дала иза кӀелхьара ваьккхича, Азара аьлла: «Ма дика ву-кх и хьан Дела, хӀай ИбраьхӀим!». ИбраьхӀимас АллахӀ деле даьхна хилла шен да нийсачу новкъа нисвен аьлла. Делахь а, АллахӀ дика хууш верг ву-кх.


  1. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 10. — ISBN 978-0-87668-229-6
  2. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 17. — ISBN 978-0-87668-229-6