Тасман Абель
А́бель Янсзон Тасма́н[1] (нидерл. Abel Janszoon Tasman, 1603, Лютьегаст, Гронинген провинци — 10 октябрь 1659, Батави (хӀинца Джакарта) — голландийн хӀордахо, талламча, совдегар. Дуьненахь гӀараваьлла иза коьртехь хилла хӀордахула 1642—1644 шерашкахь леларш бахьнехь. ГӀарабевллачу европахойн талламчашна йукъахь дуьххьара кхаьчна Керла Зеландин, Тонган, Фиджин бердашка. Цуьнан экспедицешкахь гулбинчу хаамаша гӀо дира Австрали ша лаьтта континент хилар гайта. ХӀордахочун цӀе лелайо Тасмани гӀайрено а, Тасманан хӀордо а.
Абель Янсзон Тасман | |
---|---|
Abel Janszoon Tasman | |
ГӀуллакхан тайпа | Нидерландийн хӀордахо |
Вина терахь | 1603 |
Вина меттиг | Лютьегаст (Гронинген), Нидерландаш |
Кхелхина терахь | 1659 шеран 10 ноябрь |
Кхелхина меттиг | Батави (хӀинца — Джакарта, ХӀиндонези) |
Пачхьалкх | Цхьаьнатоьхна провинцийн республика |
Абель Янсзон Тасман Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйанАбель Янсзон Тасман вина 1603 шарахь Гронингенан гена йоцучу Лютьегаст эвлахь (хӀинца Гронинген провинцин муниципалитет Гротегаст) Нидерландашкахь. И вина билггала долу терахь хууш дац. Дуьххьара документашкахь иза хьахийна 1631 шарахь, цуо шен зуда йеллачул тӀаьхьа кхин зуда йалийча. Килсехь дисинчу кехато дийцарехь, цуьнан зуда деша хууш йацара, къийечу доьзалера а йара, цуо гойту Абелан биографи Ӏамочу талламхоша цуьнан, оцу муьрера, социалан статус лакхара ца хилла бахар бакъ долуш[2].
Хетарехь оццу хенахь Тасман гӀуллакхе воьду Голландин Ост-ХӀиндин компане хӀордахочун дарже, амма 1634 шеран тептаршкахь иза йазвина ву компанин кемин шкипер аьлла. ХӀордахойн оцу хенара коьрта болх чембийриш дӀасайахьар бара, уьш европин базаран мехала сурсаташ дара.
1638 шарахь Тасман, кеманахь ХӀинди оьхуш вара.
1639 шарахь Тасман коьртехь ву шина кеманах цхьаннан (М. Квастца цхьаьна), уьш кечдинера Ост-ХӀиндин компанис Японин регион талла а, меттигера бахархошца махлелоран таронаш талла а. Дерриг цхьаьнатоьхча и экспедици аьттонза йара, хӀордан чохь йалх бутт баьккхича, Тасманан кема, экипажан 90 стагах 40 гергга велла, йухадирзира Формоза (Тайвань) гӀайренан тӀера голландин Зеланди. Оцу хенахь царна карийра Бонин гӀайре.
1640 шарахь Тасман коьртехь вара Японин бердашка даханчу голландин 11 кеманах цхьаьнна. ХӀинца цу баьккхира японин Хирадо портехь кхо бутт гергга.
1642 шарахь Тасман коьрте хӀоттаво Ост-ХӀиндин компанин шина кеманах лаьттачу тобанан, уьш хьажийна Тийна океанан къилба а, малхбален а хиш талла. Оцу муьран географийн а, хӀордахойн а гипотезашца, нисса оцу хишца хила дезара мифан Ца девза Къилба лаьттан бердаш, цигахь хила тарло бахамех дийцинера масех чкъоьро. Цигахула лелаш, 1642 шеран 24 ноябрехь, Тасманна Австралин бердашца карийра доккха гӀайре (Тасмани), цунна цӀе тиллира Голландин Ост-ХӀиндин губернаторан сийнна Ван-Дименан латта аьлла[3]. ГӀайренан бердашца масех иттаннаш миль дӀавахна, Тасмана кема дерзийра малхбалехьа, тӀаккха 13 декабрехь гира кхин а ца девзачу лаьттан сибат. Иза дара Керла Зеландера Къилба гӀайре. Оцу гӀайренан бердашца лаьтташ европахошна дуьххьара кхийтира маори, Керла Зеландин орамера бахархой. Иза дика ца дирзира: маори тӀелетира охьабиссинчу голландхошна, масех хӀордахо а вийна къайлабевлира. Оцу гӀуллакхо дог дохийна Тасмана меттиган цӀе тиллира Нахбайинчеран бухта аьлла (хӀинца Голден-Бей айма).
БӀешерашка йахйина иэс
бӀаьра нисйанТасман Абель Янсзонан сийнна цӀераш йелла:
- Австралин бердашкара цуо дӀадиллинчу Тасмани гӀайренна
- Австралин а, Керла Зеландин а бердашна йукъара Тийна океанан къилбачу декъера хӀордна.
- Австралин а, Керла Зеландин а бердашна йукъара Тийна океанан къилбачу декъера боьра.
- Австралин къилбаседа-малхбузера материкан аратаӀар.
- Тасманин административан йуккъера Хобарт шахьрара 1,3 км деха тӀай.
- Тасмани гӀайренна тӀера Сиха лела некъ[en].
- Керла Зеландера къоман парк.
- Керла Зеландера Ламанан бохь.
- Керла Зеландера Уггаре боккха шалам
- Керла Зеландера Ӏам
- Керла Зеландера айма
- Керла Зеландера административан кӀошт
- Астероид 6594 Тасман
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ В популярной литературе на русском языке также часто именуется Абель Тасман.
- ↑ J. W. Forsyth. Tasman, Abel Janszoon (1603–1659) . Australian Dictionary of Biography. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 14 март.
- ↑ The Discovery of Tasmania . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 1 апрель. Архивйина 2011 шеран 25 февралехь
Литература
бӀаьра нисйан- Невский В. В. Открытия Тасмана. — М.: Географгиз, 1961. — (Замечательные географы и путешественники).
- Внуков Н. Великие путешественники. Биографический словарь. — СПб.: Азбука, 2000. — 10 000 экз. — ISBN 5-267-00048-5.
- Жюль Верн. История великих путешествий. В 3 кн. / Пер. с фр., лит. ред. текста, вступ. ст. Е. Брандиса, примеч. В. Невского. — М.: Терра, 1993. — ISBN 5-85255-236-4 ; 5-85255-237-2.
- Свет Я. М. История открытия и исследования Австралии и Океании. — М.: Мысль, 1966. — 400 с. — (Открытие Земли). — 12 000 экз.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Австралия. Абель Тасман . Вокруг света. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 14 март.
- Абель Тасман — факты жизни