ТӀаплаьмнашДуьненан йа кхечу планетан чкъоьран тӀиера лава, тӀапломан газаш, тӀулгаш (тӀапломан бумба, пирокластин Ӏовраш) деш магма хьаладолу геологин кхолламаш.

Этна тӀаплам 2002 шарахь Ӏаттор космосера гар
Крашенинниковн тӀаплам

Хоттан тӀаплаьмнаш олуш дерш тӀаплаьмнаш дац, уьш йукъадоьду посттӀапломан хиламашна.

Хуьлу силаман некъан тӀаплаьмнаш, цара Ӏаьттадо маьхкдаьттан сурсаташ: газ, маьхкдаьтта, силамаш.

ТӀаплаьмнаш Ӏамо Ӏилма — тӀапламӀамор, геоморфологи.

ТӀапломан жигаралла

бӀаьра нисйан

Уггаре дукха тӀапломалла гайтина хӀокху хьолашкахь:

Дуьнен тӀиера тӀаплаьмнаш шина тайпана хуьлу:

  • Жигара — историн муьрехь йа голоценан бохаллехь (тӀаьхьара 10 эзар шо) Ӏаьттийна долу. Цхьадолу жигара тӀаплаьмнаш дийшина лара тарло, амма уьш Ӏаьтто мега.
  • Жигара доцурш (дайна) — шайн жигаралла яйна шира тӀаплаьмнаш.

Латтан тӀаьхь 900 гергга жигара тӀаплам багарбина (уггаре даккхийра тӀаплаьмнийн исписке лахахь хьажа), хӀордаш а, Ӏапказаш а чуьрнаш дагардина барам нисбеш бу.

ТӀаплам Ӏаьтторан мур бахбала тарло масех денна тӀиера масех миллион шере кхаччалц.

Кхечу планеташ тӀаьхь

бӀаьра нисйан

ТӀаплаьмнаш боккха болх бина ладаме барам кӀорамусталлин газ а, хинан Ӏа а аракхоьссина Дуьненан атмосфера а, гидросфера а кхуллуш. Иштта, масала, 1963 шарахь Исландин къилбехьа хин бухара тӀаплам Ӏаьттор бахьнехь кхолладелира Сюртсей гӀайре, иза тахана дахар кхолладаларах терго еш Ӏилманан талламан майда ю.

Ӏилманчаша иштта билгаладоккху, тӀех жигара тӀапломалло, масала, Юпитеран Ио спутник тӀехь санна йолчо, планета дахаран пайден ца йуьту. Оццу хенахь тӀех кӀезиг тектоникан жигаралло йойу кӀорамусталлин газа, планетан стерилизаци йо. «Оцу шина меттиго гойту хила тарлуш долу планеташ тӀаьхь дахаран дозанаш, хуьлу цхьана могӀара дахаран зонийн ламастан параметраца коьрта рогӀаллин кӀезигмассиван седарчийн системийн»[1].

ТӀапломан тайпанаш

бӀаьра нисйан

Гуш йолчу кепашца, тӀаплаьмнаш декъало асанан а, центран а, амма и декъадалар билламе ду, хӀунда аьлчи дукхаха долу тӀаплаьмнаш хуьлу дуьненан чкъоьран асанан тектоникан дохаршкахь (лелхаршкахь) .

  • Асанан тӀаплаьмнийн йа дотӀанан тайпана тӀаплаьмнийн, хуьлу чкъор кӀорге дӀатӀарца дихкина долу деха тӀедалоран хершнаш. Церан амалехь ду дотӀанан Ӏаьттораш, дотӀанан чуьра арадолу базальтан тӀуьна магма, цара дӀасадоьдий агӀонашка, кхуллу доккха лаван чкъор. ДотӀанан дохалла кхоллало легӀана дӀасакхийсаран вал, йаккхийра йукъан конусаш, лаван аренаш. Нагахь магман муьста хӀоттам белахь (алсама Кремнийн диоксид лалорехь долу), кхоллало асанан экструзиван валаш а, массиваш а. Лелхаран Ӏаьттор болуш, кхолладала тарло иттаннаш километраш деха эксплозиван саьнгарш.
  • Центран тайпана тӀаплаьмнийн хуьлу магман очакхан тӀиера хьаладолу юккъера тӀедалон харш, йа Ӏуьрг. Ӏуьрг тӀехула шорло, кратер еш, тӀаплам айа мел ло хьалайолу кратер а. Центран тайпана тӀаплаьмнийн агӀон тӀехь а хила тарло кратераш, уьш лаьтта тӀапломан басешкахь, йо хӀоьзнийн йа радиалан дӀаторша. КӀезиг ца хуьлу кратераш чохь тӀуьна лаван Ӏаьмнаш. Нагахь магма озалуш делахь, цуо кхуллу аратаьӀна баххьаш, цара тӀус бо Ӏуьрган. ТӀус бар бахьнехь чӀогӀа эккхарца Ӏаьттабо лам и лаван тӀус а бохош.

Центран тайпана тӀаплаьмнаш дозу магман хӀоттамах а, хьаса баларх а. Довха а, атта лела а базальтан магмаш кхуллу шуьйра, чӀапа у-кепара тӀаплаьмнаш (Мауна-Лоа, Мауна-Кеа, Килауэа). Нагахь тӀапломо муьрашца лава, тӀаккха тефра Ӏаьттадахь, кхоллало конускепара гӀатташ йолу стратотӀаплам. Ишттачу тӀапломан басеш дукха хьолахь кӀорга радиалан боьранаш (барранкосаш) йолуш хуьлу. Центран тайпана тӀаплаьмнаш деккъа лаван хила тарло, йа деккъа тӀапломан сурсаташца (тӀапломан йукъ, туф, кхин а) кхоьллина, хила тарло ийна — стратотӀаплаьмнаш.

Кхин а къастадо моногенан а, полигенан а тӀаплаьмнаш. Хьалхарнаш кхолладелла цкъа Ӏаьтторца, шолгӀанаш — дуккха а Ӏаьтторца. Хьаса болу, шен хӀоттамца муьста, лахара температура йолу магма, Ӏуьргашкара аратоттуш, кхоллало экструзиван баххьаш (Монтань-Пеле бохь, 1902 шо).

Центран тайпа тӀаплаьмнашца йоьзна рельефан таьӀна кепаш гайтина кальдераша — масех километр диаметр йолу гоьрга кепара даккхий чуэгаршца. Кальдераш йоцуш кхин а йу , существуют и крупные рельефан таьӀна кепаш, уьш кхоллаелла Ӏаьттийначу тӀапломан материалан йозалло охьатаӀаяр а, магман очакх яссаяларо бина кӀоргера Ӏаткъам ца тоар а бахьнехь. Иштта структурех олу тӀаплам-тектоникан кӀаьгнаш, депрессеш. ТӀаплам-тектоникан депрессеш йаьржина чӀогӀа шуьйра, дукха хьолахь цуьнца цхьаьна хуьлу игнимбритийн ницкъала чкъор — тайп-тайпана генезис йолу тӀапломан породийн муьста хӀоттам. Уьш хуьлу лаван я, кхоллаелла еттина йа кхехкийна туфийн. Церан амалехь ду тӀапломан ангалин линзакепара къастарш, пемза, фьямме олу лаваш, йа коьрта массийн тофкепара структура. Дукха хьолахь, игнимбритийн баккхий барамаш боьзна кӀоргехь йоцу магман очакхех, уьш кхолладелла чухоьу породаш лалар а, метта хӀоттар а бахьнехь.

Классификаци кепаца

бӀаьра нисйан

ТӀапломан кеп йоьзна Ӏаьтточу лаван хӀоттамах; дукха хьолахь хьовсу пхеа тайпана тӀаплаьмнашка[2]:

  • Турскепара (турсан) тӀаплаьмнаш. Кхоллало масийттаза тӀуьна лава аракхоссар бахьнехь. И кеп амалехь йу Ӏаьтточу лахарчу хосаллера базальтн лаван: иза ехачу хенахь охьаоьху Ӏуьргара а, агӀон тӀиера тӀапломан кратераш чуьра а. Лава цхьабосса даьржа дуккха а километрашка; тӀаьхь-тӀаьхьа оцу чкъоьрех кхоллало стомма «турс» Ӏункара йисташ а йолуш. Масала — Гавайшкара Мауна-Лоа тӀаплам, цигахь лава охьаоьху нисса Ӏапказ чу; цуьнан локхалла Ӏапказан бухара хьала лаьрча итт километр гергга хуьлу (цу тӀе цуьнан бух бу[3] бохаллехь 120 км, шораллехь 50 км).
  • Йукъан конусаш. Иштта тӀаплаьмнаш Ӏаьттош хира йукъан йаккхий фрагменташ гулло кратеран гуонанаха конусан кепара, ткъа кегийра фрагменташ кхуллу кӀажошкахь легӀана басеш; хӀора Ӏаьттабарца тӀаплам лакха болу. Иза бу латта тӀехь уггаре баьржина тайпана тӀаплам. Локхаллехь уьш масех бӀе метр бен ца хуьлу. Дукха хьолахь йукъан конусаш кхоллало боккхачу тӀапломан агӀон тӀиера конусаш санна, йа шеш лаьтта иэтӀаршкара Ӏаьтторан эруптиван жигараллин центраш санна. Масала — йукъан конусийн масех тоба гучуйаьлла тӀаьхьарчу Ӏаьтторашкахь Камчаткера 1975-76 а, 2012-2013 шш. Плоски Толбачик тӀапломан тӀаьхь.
  • СтратотӀаплаьмнаш, йа «чкъоьрнийн тӀаплаьмнаш». Муьрашкахь Ӏаьттадо лава (хьаса болу а, дуькъа а, сихха дакъало а) а, пирокластан Ӏовраш а — йовха газан а, чиман а, лалийна тӀулгийн а иэр; иза бахьнехь конус тӀаьхь йуьсург (ира, чукхетта басешца) хийцало. Ишттачу тӀаплаьмнийн лава арадолу херонашкара а, дакъало басешкахь пӀенданаш кепара, царех хуьлу тӀаплаьмнийн гӀортол. Масала — Этна, Везувий, Фудзияма.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан