Кальдера
Кальде́ра (схьадаьлла испан. caldera — боккха яй[1]) — шуьйра цирк кепара тӀапломо йина боьра, дукха хьолахь Ӏункара бердаш а болуш, мелла а нийса бух а болуш хуьлу. Иштта рельефан чутаьӀна меттиг кхоллало тӀаплам тӀехь кратеран пенаш доьхчи я бохаман Ӏаьттор нисделчи.

Кратерах кальдера къаьста кхоллаяларан башхаллашца а, баккхий барамашца а[2]. Кальдера пурхаллехь шорло 10—20 км, кӀоргаллехь масех бӀе метр[3]. Дукха хьолахь кальдерашка хьажийна ю фумаролаш а, грифонаш а.
1,8 эзар квадратан километр майда йолу уггаре йоккха кальдера лаьтта ХӀиндонезин Суматра гӀайрен тӀиера Тоба супертӀапломан тӀаьхь[4].
Наггахь хаало тӀапломах евлла йоцу кальдераш, уьш довлар доьзна ду тӀехуларчу хьолашкара магматикан процессех я йолу кратераш эрози бахьнехь шоръяларех[5].
Кальдерийн классификациНисйе
Генетикан классификацица, кратераш санна, кальдераш декъало шина тайпана[3]:
- Эккхаран кальдераш (я лелха кальдераш) — кегийра кальдераш, кхоллаелла йолу чӀогӀа эккхар а хилла Ӏаьтточу хенахь. Масалаш: Бандайсан тӀапломан кальдераш а, Ротомахана Ӏам а Таравера тӀаплам тӀаьхь.
- Дохаран кальдераш (я гравитацин) — и тайпанаш алсама даьржина ду, иза кхоллало очакх гуонахьара кеггарш охьаховшар бахьнехь, ткъа иштта тӀапломан дегӀан чохь а[1]. Магман камера яссош баккхий Ӏаьттораш хилча тӀаплам бохабо, тӀапломан бухан дакъошкахула, хӀозан лелхаршкахь я беккъа турсан тӀаплом баххьашкахь. Масалаш: Узон, Мауна-Лоа, Килауэа тӀаплаьмнийн кальдераш.
Кальдеран классификаци еш лелайо иштта петрогенетикан классификаци.
Карладевлла кальдерашНисйе
ТӀапломан жигаралла хила таро ю кальдера йоьхначул тӀаьхьа а, хуьлу иза тӀаьхь-тӀаьхьа юзарца тӀапломан породашца. Жигаралла карлаялар хила тарло кальдеран бух нартолкепара айабаларца, наггахь километр а, сов а. Смита а, Бейлис а карладевлла кальдерех Валлис тайпана алар кховдийра.[6]
Ишттачу айбадаларшкахь кальдеран бухан породаш оза а лой, лелха, грабенаш а, хӀозкеепара лелхарш а хуьлу, царна дохалла хила тарло тӀаьхьарчу Ӏаьтторийн яккъаш. Масала ду Валлис кальдера АЦШ, Невадан Тимбер-Маунтин Джемец лаьмнашкахь. Уггаре йоккхачех цхьаъ лору Айленд-Парк кальдера, 80×65 км барамца.
ТӀапломан йоцу кальдерашНисйе
Оцу кальдерийн кепаш билгалйохура уьш Ӏаморан юьхьанца дуьйна. Х. Реккас къастийра интрузиван кальдерийн тоба, уьш кхоллало кӀоргенашкахь магма меттах даьлчи, ткъа Х. Уильямса къастийна дохаран ийна кальдерийн тоба, уьш кхоллало интрузин дегӀан барамаш а, кеп а хийцар бахьнехь[7]
Иштта къастадо шуьйра цирк санна долу, эрозин кальдераш, тӀапломан басехь цхьаьна агӀора йиллина хуьлу иза. Кхоллало тӀапломан кратер эрозин процессаш шордар бахьнехь — мохца дохор а, шалаьмнийн экзараци а. Нисса иштта Ӏалам ду Козельски ломан кальдеран[8].
ГӀарадевлла кальдерашНисйе
АфрикаНисйе
- Мененгаи — Кени
- Нгоронгоро — Танзани
- Фогу — Кабо-Верде
- Элгон — Уганда / Кени
- Эрта Але — Эфиопи
АзиНисйе
- Айра
- Аси (Ӏам)
- Асо
- Тадзава (Ӏам)
- Товада (Ӏам)
- Кхин мехкаш
Къилбаседа АмерикаНисйе
- Сильвертроун (Британийн Колумби) (ингл.)
- Маунт Эдзиза (Британийн Колумби) (ингл.)
- Ӏоман тӀапломан комплекс Беннетт (Британийн Колумби / Юкон) (ингл.)
- Маунт Плизант (Нью-Брансуик) (ингл.)
- Старджеон (Ӏам) (Къилбаседа-Малхбуза Онтарио) (ингл.)
- ТӀаплаьмнийн комплекс Скукум (Юкон) (ингл.)
- Блэйк-Ривер (комплекс) (Онтарио / Квебек) (ингл.), царна йукъахь:
- Хенрис-Форк (Айдахо)
- Айленд-Парк (Айдахо, Вайоминг)
- Йеллоустоунан кальдера (Вайоминг)
- Маунт Аниакчак (Аляска) (ингл.)
- Катмай (Аляска)
- Окмок (Аляска)
- Крейтер (Орегон)
- Ньюберри (Орегон) (ингл.)
- Ла Гарита (Колорадо) (ингл.)
- Лонг Волли (Калифорни) (ингл.)
- Валлес (Нью-Мексико)
- Килауэа (Гавайи)
- Мауна-Лоа (Гавайи)
- Пирамид (гӀайре)
- Лопи
Къилба а, Латинан а АмерикашНисйе
- Килотоа (тӀаплам) (ингл.)
- Пулулахуа (геоботаникан резерваци) (ингл.)
- Куикоча (Ӏам) (ингл.)
- Фернандина (Галапагосан архипелагера гӀайре)
- Кхин мехкаш
ЕвропаНисйе
- Флегрейн аренаш (меттиг)
- Браччано (Ӏам)
- Арднамурхан (меттиг)
- Гленко (Глен-Коэ, ломан атагӀа)
- Кхин мехкаш
ОкеаниНисйе
АнтарктидаНисйе
- Кхин мехкаш
Хьажа кхин аНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 Кальдера // Горная энциклопедия. Т. 2. М.: Изд-во Сов. энциклопедия, 1986. С. 506.
- ↑ О различии кратеров, кальдер и вулкано-тектонических депрессий
- ↑ 1 2 Кальдера // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Катастрофы в природе: вулканы - Батыр Каррыев - Ridero. ridero.ru. Теллина 2016 шеран 8 декабрехь.
- ↑ P.W. LIPMAN The Roots of Ash Flow Calderas in Western North America: Windows Into the Tops of Granitic Batholiths //J. OF GEOPHYS. RES., VOL. 89, NO. BIO, PAGES 8801-8841, SEPTEMBER 30, 1984) Корни кальдер пепловых потоков на западе Северной Америки:Окна к кровле Гранитных батолитов. Перевод Белоусова В.И.
- ↑ Макдоналд Г. Вулканы. М., «Мир», 1975, 431с
- ↑ Кальдеры, сформированные без участия вулканизма(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Эрозионная кальдера в энциклопедии sci-lib.com
ЛитератураНисйе
- Карпов Г. А. В кальдере тӀаплама / АН СССР. — М.: Наука, 1980. — 96 с. — (Человек и окружающая среда). — 50 000 экз. (обл.)
- Каррыев Б.С. Катастрофы в природе: ТӀапламы.[1]
ХьажоргашНисйе
- Кальдера // Геологический словарь в 2-х томах, М, 1978.
- Статья в ГеоВики
- Статья (ингалс.) на сайте USGS.
Кхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Caldera(ингалс.) |
- ↑ RIDERO. Издательские решения. 2016. 224 с.