Мохьмад Яхйа́евич Узу́ев (1917, Итон-Кхаьлла, Терски область, Ставрополан губерни — 1941 шеран 22 июнь, Брестан гӀап, Брест, Белоруссийн ССР) — лакхара сержант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 6-гӀа Орловски ЦӀен байракхан гӀашлойн дивизин 333-гӀа гӀашлойн полкан дешеран взводан командиран когаметтаниг, Российн турпалхо (1996 шарахь, веллачултӀехь).

Узуев Мохьмад Яхъяевич
Вина терахь 1917({{padleft:1917|4|0}})
Вина меттиг Итон-Кхаьлла, Терски область, Ставрополан губерни
Кхелхина терахь 1941 шеран 22 июнь({{padleft:1941|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Кхелхина меттиг: Брест, Белоруссийн ССР
Пачхьалкх ССРС СССР
Эскаран тайпа гӀашлой
БӀахойн дакъа 333-гӀа гӀашлойн полк, 6-гӀа гӀашлойн дивизи
ТӀемаш Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом
СовгӀаташ
Российн Федерацин Турпалхо
Российн Федерацин Турпалхо

Мохьмад Узуев винера 1917 шарахь Итон-Кхаьллахь (тахана Итон-Кхаьллан кӀошт, Нохчийн Республика). Цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин мехк-даьттан институтан белхалойн факультет 1937 шарахь. Иза чекхйаьккхича цо болх бира Итон-Кхаллера райкомехь.

1940 шо дуьйна иза армехь вара Белорусин ша-тайпа тӀеман округан 6-гӀа гӀашлойн дивизехь. Цо лахара куьйгалхойн полкан школа чекхйаьккхира. Цул тӀаьхьа иза хӀоттира 333-гӀа гӀашлойн полкан дешеран взводан куьйгалхон когаметтаниг.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелча цуьнан полк йара и тӀом тӀелецначарех хьалхарниг. Немцой гӀап чулилхича хенахь, Узуевс шена гонах гранаташ а йихкина, царна йукъа иккхира.

1996 шеран 19 февралехь Магомед Яхъяевич Узуеван йелира Российн Турпалан цӀе.

  • Цуьнан цӀе йу Брестан гӀап ларйинчарна хӀоттина мемориалан тӀехь дӀайазйина.
  • «Хачарой-Экх» Органан дозанера гӀапан Магомед Узуеван цӀе тиллина.
  • Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь а, Итон-Кхаьллахь а болу урамашна.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан