Уильямс, Реджи (баскетболхо, 1964)

Реджи Уильямс (инг. Reggie Williams; вина 1964 шеран 5 мартехь, Балтиморехь, Мэриленд штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а.

Уильямс Реджи
инг. Reggie Williams
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло / Вайн форвард
Харц цӀераш Silk
Локхалла 201 см
Возалла 86 кг
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1964 шеран 5 март({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (60 шо)
Вина меттиг Балтимор, Мэриленд, АЦШ
Ишкол Пол Лоуренс Данбаран (Балтимор, Мэриленд)
Колледж Джорджтаун (1983—1987)
Драфт КъБА 4-гӀа (1-ра раунд), 1987, Лос-Анджелес Клипперс
Статистика
Ловзарш 599
Очкош 7508 (12,5 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 2393 (4 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 1492 (2,5 йуккъера барам ловзарехь)
Схьалацар 802 (1,3 йуккъера барам ловзарехь)
Блок-шоташ 407 (0,7 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

Хьалхара шераш нисйе бӀаьра

Уильямс Реджи вина Балтимор гӀалахь (Мэриленд штат), дешна Балтиморан Пол Лоуренс Данбаран цӀарах ишколехь, цигахь левзина, Богз Магсица, Льюис Реджица, Уингейт Дэвидца цхьаьна, меттигера баскетболан командехь «Данбар Поэтс». Ишколан карьерера тӀаьххьарчу шина шарахь «Поэтс» чемпионатехь иэша а ца йира (29—0 а, 31—0 а), ткъа иза чекхйаккхарца, 1983 шарахь, Уильямса дакъа лецира McDonald's All-American ловзарехь, цигахь дакъа лоцу АЦШ а, Канадин а уггаре дика ишколийн арахецархоша. Оццу шарахь цунна йелира АЦШ баскетболан мистер титул, кхин тӀе иза лерира USA Today версица лакхара классашкарчарна йукъахь шеран баскетболхо[1].

Студентийн карьера нисйе бӀаьра

1987 шарахь Уильямса чекхйаьккхира Джорджтаунан университет, деа шарахь левзира «Джорджтаун Хойас» командехь, цунна йукъахь аьттонца а левзира, кхоьссира 2117 очко, 886-зза схьаийцира, 327-зза дӀайелира, 206-зза дӀайала лерина буьрка схьалецира, 66-зза блокшот йира[2], цу тӀе шозза гӀодина шен командин Big East конференцин рогӀера чемпионат йаккха (1984, 1987), ткъа иштта кхузза — Big East конференцин турнир (1984—1985, 1987)[3][4][5]. Цул сов «Хойас» шина шарахь тӀаьхьий-хьалхий АЦШ студентийн чемпионатан финале йелира (1984—1985), ткъа 1984 шарахь хилира студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) чемпионаш, финалехь иэшийра «Хьюстон Кугарз» команда (84—75), финалан матчехь Уильямса кхоьссира 19 очко, 7-зза схьа а ийцира[3].

Карьера КъБАхь нисйе бӀаьра

Левзина тӀелета турслочун а, йайн форвардан а позицехь. 1987 шеран КъБА драфтехь хаьржира 4-гӀа лоьмарца «Лос-Анджелес Клипперс» командо. ТӀаьхьа левзира «Кливленд Кавальерс», «Сан-Антонио Спёрс», «Денвер Наггетс», «Индиана Пэйсерс», «Нью-Джерси Нетс» командашкахь. Дерриг КъБАхь даьккхина 10 шо. 1987 шарахь лерина студенташна йукъара Big East конференцин шеран баскетболхо, ткъа кхин а йукъвахийтина йерригамерикин NCAA гулйина 1-ра командин[2]. Йерриг шен КъБА карьерехь левзина 599 матчехь, цигахь кхоьссина 7508 очко (йуккъера барам 12,5 ловзарехь), 2393-зза схьаийцира, 1492-зза дӀайелира, 802-зза схьайаьккхира, 407-зза блокшот йира.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

Ловзархочун профессионалан карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, Уильямса болх бира Ландовер гӀалара (Мэриленд штат) Иерихонан керстан академин баскетболан командин коьрта тренеран даржехь, из адӀакъовллалц. 2009 шеран 30 майхь дуьйна куьйгалла дира Тоусонан католикийн ишколан командин. 2010 шарахь Уильямс дӀахӀоьттира Вашингтон гӀалин архиепископ Кэрроллан цӀарах ишколан командин коьртачу тренеран дарже[6], цигара дӀавелира 2013 шеран февралехь[7].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Dunbar High: Brick House (инг.). slamonline.com. Source Interlink Magazines, LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.
  2. 1 2 Reggie Williams (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.
  3. 1 2 1983-84 Big East Conference Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.
  4. 1984-85 Big East Conference Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.
  5. 1986-87 Big East Conference Season Summary (инг.). sports-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.
  6. Georgetown Great Reggie Williams Hired by Carroll (инг.). casualhoya.com. Vox Media, Inc. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.
  7. Reggie Williams resigns as Carroll basketball coach after clashing with team parents, school principal (инг.). washingtonpost.com. The Washington Post. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 январь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:USA Today версица лакхара классашкарчарна йукъахь шеран баскетболхо