Украинийн ССР футболан чемпионат
Украинийн ССР футболан чемпионат (укр. Чемпіонат УРСР з футболу) — 1921 – 1991 шерашкахь Украинийн ССРехь командашна, гӀалийн гулйина командашна, лааме спортан йукъараллин, ведомствийн командашна, говзанчийн командашна, йукъахь дӀахьуш хилла футболан турнир.
УССР футболан чемпионат | |
---|---|
укр. Чемпіонат УРСР з футболу | |
Логотипан сурт | |
Кхоьллина | 1921 |
Регион | |
Лигин системера тӀегӀа | 1 |
Къоман турнираш | Украинийн ССР кад |
Истори
бӀаьра нисйанГӀалин а, «Динамо» йукъараллин (1921 — 1935) а командийн хьалхейаккхар
бӀаьра нисйанССРС клубин командийн чемпионатал хьалхарчу муьрехь, дӀахьора УССР чемпионаташ, цигахь дакъалоцура гӀалин гулйина командаш (уьш ловзура, республикин тайп-тайпана регионийн векалш санна — губернийн (цул тӀаьхьа областийн) гулйина командаш йар ца леладора; наггахь ловза таро йара уьш йа кхин оцу гӀаланан клубаш гулйина командийн рангехь).
1920-гӀа шерийн чеккхенгара 1930-гӀа шерийн йуккъе кхаччалц УССР йара дикка ладаме роль «Динамо» спортан йукъараллин. Цуьнан шуьйра агӀо бара куьйгаллера номенклатурин белхалой (иштта, «Динамо» хӀоттарехь жигара дакъа лецира оцу хенара УССР чоьхьара гӀуллакхийн халкомо В.Балицкийс), оцу хенахь йукъараллин хиира берриш аьлча санна шайна йукъахь совцо республикин уггаре чӀогӀа спортхой. Масала, 1931 шеран УССР гӀаланашна йукъара чемпионатан Киевн а, Харьковн а йукъахь 22 футболистах аренан тӀе араваьлла 18 динамохо вара[1][2]. Оцу хенахь дика финансийн а, дӀайахьаран а таронаш йолу, «Динамо» йукъаралло рожехь дӀахьора шайн футболан хьалхейахарш, царна йукъахь, цхьа могӀа бахьнашца, гӀаланашна йукъара хьалхейахарш ца хилла шерашкахь а, тӀаьхьарнаш йузуш, хилира эквивалентан тӀегӀанера турнираш.
Йерриг схьаэцча УССР футболан къийсамаш къаьстара оцу заманан терачу российн а, союзан а хьалхейахаршца дуьстича цахийцадаларца. Хьалхарчу 15 шарахь (1921 - 1935 шерашкахь) дӀайаьхьира гӀалийн гулйина командашна йукъахь 10 хьалхейаккхар а, «Динамо» йукъараллин 6 хьалхейаккхар.
ГӀалин командийн турнир «Динамо» йукъараллин турнир
№ | Шо | турниран № |
ДӀайахьаран меттиг |
Декъашхой (берриш) |
Чемпион | II | III[3] | ||
1 | 1921 | I | Харьков | 8 (-) | Харьков | Одесса | Николаев & Таганрог[4] | ||
2 | 1922 | II | Харьков | 7 (-) | Харьков | Одесса | Киев & Николаев | ||
3 | 1923 | III | Харьков | 9 (-) | Харьков | Юзовка | Дружковка | ||
4 | 1924 | IV | Харьков | 3 (7) | Харьков | Одессин губерни[5] | Сталино | ||
1925 | ца хилла | ||||||||
1926 | ца хилла | ||||||||
5 | 1927 | V | Харьков | 6 (35) | Харьков | Николаев | Одесса | ||
6 | 1928 | VI | Харьков | 4 (25) | Харьков | Горловка | Николаев | ||
7 | 1929 | I | Киев | 19 (-) | Харьков | Киев | Сталино & Днепропетровск | ||
1930 | ца хилла | ||||||||
8 | 1931 | VII | Харьков[6] | 8 (-) | Киев | Харьков | Николаев & Кадиевка | ||
9 | II | Киев | 4 (-) | Киев | Харьков | Сталино & Одесса | |||
10 | 1932 | III | Харьков | 4 (7) | Харьков | Киев | Сталино | ||
11 | VIII | Запорожье & Днепропетровск | 4 (7) | Харьков | Донбасс[7] | Днепропетровск | |||
12 | 1933 | IV | 8 (-) | Киев | Харьков | Сталино & Одессин область[8] | |||
13 | 1934 | V | 8 (-) | Харьков | Киев | Днепропетровск & Донбасс[9] | |||
14 | IХ | 8 (-) | Харьков | Киев | Винница & Одесса | ||||
15 | 1935 | VI | 8 (-) | Киев | Днепропетровск | Харьков | |||
16 | Х | 5 (21) | Днепропетровск | Киев | Харьков | ||||
Клубийн командашна йукъара хьалхейахарш
бӀаьра нисйанСоюзан футболехь 1936 шарахь хийцамаш бинчул тӀаьхьа официалан турнирийн субъекташ хилира клубийн командаш, хьалха санна гӀалийн а, регионийн (областийн, республикийн) а гулйина командаш ца хилира. Массанхьара дӀайехира говзанчашна йукъара республикийн чемпионаташ дӀайахьар — уьш хийцира лигийн (классийн) системо. ТӀаккха а, оцу муьрехь УССР дӀайаьхьира уггаре чӀогӀа командаша дакъалоцу ши турнир, царех элира УССР чемпионаташ (1936 а, 1937 а шерашкахь)[10]. Кхин дӀа иштта турнираш дӀайаьхьира 1948 шо кхаччалц (йукъаметтигаш йулуьйтуш), цунна йелира УССР кедан статус.
№ | Шо | Турниран № |
ДӀайахьаран меттиг |
Декъахой (берриш) |
Чемпион | II | III | ||
17 | 1936 | I | 8 (-) | «Динамо» (Киев) | «Динамо» (Одесса) | «Болат» (Ленинан цӀарах завод) (Днепропетровск) & «Локомотив» (Киев) | |||
18 | 1937 | II | 39 (-) | «Динамо» (Киев) | «Динамо» (Одесса) | «Динамо» (Днепропетровск) & «Динамо» (Харьков) |
Кхин а уггаре чӀогӀа украинийн говзанчийн командаш дӀайаьхьира шиъ йоца турнир весной: 1941 шеран бӀаьста а, 1944 шеран гурахь а; цхьа могӀа хьосташа уьш хӀиттайо УССР чемпионаташца цхьаьна могӀара.
Уггаре чӀогӀа командаша дакъа ца лоцу ССРС чемпионатийн гуран чуьра хьалхейахарш
бӀаьра нисйан1936 шеран гурахь дуьйна УССР хьалхейахарш йерригсоюзан къийсамийн хӀоттаме дакъа хилира. Украинин командаш дӀасакхийсина хилира советийн футболан тайп-тайпана дивизионашкахь, тӀаккха, лахара дивизионийн командашно ло, Украинийн ССР чемпионан цӀеран статус дехачу шерашкахь шен статус йайна хилира. Иштта, 1936 - 1991 шерашкахь УССР чемпионаш кхайкхийра респуьликин хьалхейаккхаран Хьалхара тобанехь, союзан къийсамийн «Б» классехь, ткъа тӀаьхьуо – шолгӀа лигехь толам баьхна командаш. 1964 – 1991 шерашкахь УССР цхьана хенахь къовсура шиъ чемпионан титул — цхьаъ говзанчийн командашна йукъахь, ткъа важа физоьздангаллин коллективашна йукъахь.
^ Билгалдаккхар: 1970 шарахь Украинийн ССР хьалхейаккхар йира цхьанне ССРС чемпионатан шина дивизионехь: *«А» класс, шолгӀа тоба а, **«Б» класс, УССР а
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Коломиец — с.228
- ↑ Стриха Футбольно-хоккейный альманах — с.13
- ↑ полуфиналисты, если команда, занявшая третье место, в турнире не определялась (при кубковой системе)
- ↑ 1924 шо кхаччалц УССР йукъахь йара
- ↑ Одессин а, Николаевн а гулйина команда
- ↑ 1/4 финалан матчаш хилира тайп-тайпанан гӀаланашкахь; ахфиналаш а, финал а хилира Харьковхь
- ↑ Сталинон а, Горловкин а гулйина команда
- ↑ цхьан а ца тоьллачу 1/4 финалехь Одессин а, Николаевн а динамохой цхьаьнакхийтира, кхин дӀа левзира цхьаьна командехь
- ↑ цхьан а ца тоьллачу 1/4 финалехь Сталинон а, Горловкин а динамохой цхьаьнакхийтира, кхин дӀа левзира цхьаьна командехь
- ↑ Стриха Футбольно-хоккейный альманах — с.27, 31-32
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Статистика RSSSF
- Статистика Kopanyi-Myach Архивйина 2021-01-17 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- Стриха В. Антологія українського футболу. Том 1. 1921-92. — Черкассы, 2020. — 383 с. — 100 экз.
- Стриха В. Футбольно-хокейний альманах. Украϊна та сусiднi держави 1863-1954. — Черкассы, 2013.
- Коломиец А. Киевский футбол на рубежах времен Т.I. — Киев: А-ДЕПТ, 2007. — 624 с.
- Яцына Ю.А. Футбол Украины. Часть 1. 1921 - 1951 годы. — Днепродзержинск: Футбол - история и статистика, 1996. — С. 01-64. — 64 с.
- Яцына Ю.А. Футбол Украины. Часть 2. 1952 - 1969 годы. — Днепродзержинск: Футбол - история и статистика, 1996. — С. 01-72. — 72 с.