Улья́нов Дми́трий Ильи́ч (1874 шеран 4 (16) август, Симбирск1943 шеран 16 июль, Горки Ленински) — российн революционер а, советийн партин гӀуллакххо, Ленин Владимир Ильичан жимха волу ваша.

Ульянов Дмитрий Ильич
ГӀуллакхан тайпа Кеп:Революционер, журналист, корреспондент, Кеп:Медик, Кеп:Мемуарист
Вина терахь 1874 шеран 4 (16) август
Вина меттиг Симбирск,
Российн импери
Кхелхина терахь 1943 шеран 16 июль({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (68 шо)
Кхелхина меттиг
Да Ульянов Илья Николаевич
Нана Ульянова Мария Александровна
Зуда 1) Нещеретова Антонина Ивановна
2) Карпова Александра Фёдоровна (1883—1956)
Бераш йоӀ Ольга (1922—2011)
къутӀагӀала вина кӀант Виктор (1917—1984)
Викилармин логотип Ульянов Дмитрий Ильич Викилармехь

1893 шарахь Самарин гимназии чекхйоккхий, дӀахӀутту Москохан университетан медицинин факультет. Студент волуш, иза волавелира москохан «Белхалойн бертан» къайлаха йолчу марксистийн кружокашкахь революцин гӀуллакх лело.

1897 шеран ноябрехь дуьххьара лецира «Цхьаьнатоьхначу мехкаллин Бертан кхеташонан» а, «Белхалойн бератан» а гӀуллакх бахьнехь, университетера дӀа а ваьккхина шарахь набахтехь Ӏийра. Цул тӀаьхьа араваьккхира Туле, ткъа цхьа бутт баьлча кхелхира Подольске, цигахь вехира 1898 шо кхаччалц полицин терго а хӀоттийна. Цул тӀаьхьа 1917 шо кхаччалц иза лецира масийттаза.

1900 шарахь хилира «Сун» корреспондент, ткъа 1901 шарахь чекхйаьккхира Императоран Дерптан университетан медицинин факультет .

1903—1914 шерашкахь цхьаьна лелийра лоьран болх а, революцин гӀуллакх а. 1903 шарахь ву Тулехь революцин балхахь, РСДБП II гуламан векал, цул тӀаьхьа РСДБП ЦК Киевра агент. Масийттаза лецира. 1905—1907 шерашкарчу революцин заманахь лор болх бира Симбирскехь, РСДПБ комитетан декъахо вара, тӀаккха болх бира Москохан губернин Серпуховн уездехь, цул тӀаьхьа ГӀирмин Феодосехь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Кеп:Родовод

Кеп:Ульянов (Ленин) Владимир Ильич