Умаров Жамбулат — (1969 шеран 15 июль, Затеречни, Нефтекумскан кӀошт, Ставрополан мохк, РСФСР, ССРС) — российн нохчийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 2015 шеран 5 майхь дуьйна Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр. Тайпана аьккхе ву.

Умаров Жамбулат
Умаров Жамбулат
Байракх Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Байракх
Правительствон корта Хучиев, Муслим Магомедович
Президент Кадыров Рамзан
Хьалха хилларг Жамалдаев ШахӀид
Вина терахь 1969 шеран 15 июль({{padleft:1969|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (55 шо)
Вина меттиг Затеречни, Нефтекумскан кӀошт, Ставрополан мохк, РСФСР, ССРС
Парти
Дешар
Ӏилманан дарж политикин Ӏилманийн кандидат
ГӀуллакхалла политик, Публицист, публицистика
СовгӀаташ
Ахьмад Кадыровн Орден
Ахьмад Кадыровн Орден
«Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал Почётный знак «За трудовое отличие» (Чечня)
ТӀеман гӀуллакх
Пачхьалкх  ССРС
Эскаран тайпа Советийн эскаран байракх ССРС-н ГН
ЦӀе Лакхара сержант
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Къона шераш а, дешар а

бӀаьра нисйан

Умаров Жамбулат вина 1969 шеран 15 июлехь Ставрополан мехкан Нефтекумскан кӀоштара Затеречни эвлахь[1][2]. Цуо ша дийцарехь иза ву xӀy цӀена ламанхо цул совнах цуна хаа шен 12 ден цӀе[3]. Умаровс дийцарехь, цуьнан де да хила Георгин жӀаран кавалер, «Дики дивизехь» а хилла, цул тӀехьа большевикаш тоьпаш тоьхна вийна[4].

1987 тӀера 1989 кхаччалц лакхара сержант цӀе йолуш ССРС-н герзан ницкъашкахь вара, ма-дарра аьлча Байконур гӀалара № 46180 тӀеман декъехь[1][2]. ВЛКСМ-н декъашхо а хила[5].

1994 шарахь чекхйаьккхина Нохчийн пачхьалкхан университет «историк» говзанча. 1992—1993 шерашкахь доьшуш а волуш Малхбален син тӀаьхьалон академис а, Российн исламан культурин центро а хьажина вара Тунисе, М. Бургибан цӀарахь йолу политологин университете стажировка йан, цигахь цуо «малхбалин Ӏилманча-политолог» говзалла Ӏамийра. Жамбулатана оьрсийн, Ӏаьрбийн, ингалсан, немцойн меттанаш хаьа[1][2].

1994—2004 шерашкахь нохчийн конфликт йолучу хенахь, предприниматель болхбеш вара[2][6].

Нохчийчоьнан куьйгаллин даржашкахь

бӀаьра нисйан

2005 шеран апрель тӀера август кхаччалц президентан арахьара зIенийн департаментан декъан а, Нохчийн Республикин правительствон а хаамийн-аналитикин начальникан гӀовс лаьттина. 2006 шеран январь тӀера февраль кхаччалц президентан арахьара зIенийн департаментан декъан а, Нохчийн Республикин правительствон а хаамийн-аналитикин начальник лаьттина. 2006 шеран февраль тӀера июль кхаччалц Нохчийн Республикин Республикин Советан парламентийн йукъара зӀенийн, арахьара политикин, регламентан, этикан Комитетан гӀуллакх латторан начальник лаьттина. 2006 шеран июль тӀера ноябрь кхаччалц Нохчийн Республикин Республикин Советан советника председателан хьехамхо лаьттина. 2006 ноябрт тӀера 2008 шеран июль кхаччалца Нохчийн Республикин Республикин аппаратан хаамийн-аналитикин белхийн департаментан начальника лаьттина. 2009 шеран январь тӀера 2011 август кхаччалц Нохчийн Республикин Парламентан председателан хьехамхо лаьттина. 2011 тӀера 2013 кхаччалц Нохчийн Республикин Парламентан председателан куьйгалхо лаьттина[1][2].

2013 шеран 8 сентябрехь хаьржина вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат III гуламан[7], иза цигашхь «Единая Россия» фракцин декъашхо хилира[8], цул совнах халкъашна йуккъера, парламенташна йуккъера зӀенийн, къоман, хаамийн политикин комитетан председатель вара[9][10].

2014 шеран 28 февралехь кхаьчна политикин Ӏилманийн кандидат тӀегӀане «дуьненайукъара йукъаметтигийн политикин, глобалан а, регионийн а кхиаран баланаш» говзаллехь. Шен диссертаци къевсира Пятигорскан пачхьалкхан лингвистин университетера Дуьненайукъара йукъаметтигийн институтехь, дуьненан экономикин а, дуьненайукъара бакъонийн а дуьненайукъара йукъаметтигийн кафедрехь «Таханлера Россехь терроризм гучуйаларан кхечу пачхьалкхийн Ӏаткъаман некъаш (Къилбаседа Кавказан масала тӀаьхь)»[11][12]. Лелийна публицистикан белхаш[10], йазбина масех Ӏилманан болх, царна йукъахь монографи «Терроризм Къилбаседа Кавказехь. Экзогенан Ӏаткъам»[1]. Даудов Мохьмадан гӀоьнца формула йаьккхина «Фактор КРА» идеологеман, цуо шифр йосту «Кадыров Рамзан Ахматович» аьлла, билгала доккху «дуьненан зиеделлачохь дуьненайукъара терроризмаца цхьаъ бен боцу пайден къовсаман хьесап», «Российн Федерацин пачхьалкхан хӀоттам чӀагӀбаран уггаре креатив йолу а, эффект йолу а фактор». Кадыров Рамзан «Президентан а, Российн Лакхара коьртабӀаьччан Путин Владимир Владимировичан тешаме новкъахо хиларна, мехкан уггаре чолхечу деношкахь дуккха гайта а гайтина, хӀинца а гайта а гойту догцӀена тӀаьхьавозуш хилар къоман-пачхьалкхан а, арахьара политикин а Российн а белхашна, ткъа кхин а гуттаренна а кийча хилар хиттийна Ӏалашонаш кхочушйан муьлххачу декъехь дуьненан геополитикин есаллехь, нагахь оьшу омар делла хилахь»[6][13][14].

Министран даржехь

бӀаьра нисйан

2015 шеран 5 майхь Нохчийн Республикин коьртан Кадыров Рамзанан сацамца хӀоттийра Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьара уьйранийн, зорбанан, хаамийн министр хӀоттийра, цигара дӀаваьллачу Жамалдаев ШахӀидан метта[1][15][16]. 8 мая досрочно сложил с себя полномочия депутата Парламента Чеченской Республики[17].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6 Умаров Джамбулат Вахидович. Министерство Чеченской Республики по национальной политике, внешним связям, печати и информации. ТӀекхочу дата: 1 июля 2017. Архивйина 2017-06-21 — Wayback Machine
  2. 1 2 3 4 5 Умаров Джамбулат Вахидович. Глава Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 1 июля 2017. Архивйина 2017-11-17 — Wayback Machine
  3. Джамбулат Умаров стал особым гостем в программе «Истории дня» на телеканале РБК. Вести республики (6 июня 2017). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  4. Инесса Землер, Алексей Осин. Презентация книги «Фактор КРА. Противостояние». Эхо Москвы (6 июля 2017). ТӀекхочу дата: 6 июля 2017.
  5. Александра Гармажапова. Чеченский Милонов. Кавказ. Реалии (8 июня 2017). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  6. 1 2 Елена Милашина. Как в Чечне переубеждают критиков Кадырова. И не только в Чечне. Новая газета (1 февраля 2016). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  7. Умаров Джамбулат Вахидович. Парламентский портал. ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  8. Умаров Джамбулат Вахидович. Региональное отделение партии «Единая Россия» в Чеченской республике. ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  9. Чеченский политик: открытым текстом об украинском терроризме. Парламент Чеченской Республики (15 июля 2014). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  10. 1 2 Чеченский вектор российского антитеррора. Парламент Чеченской Республики (22 сентября 2014). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  11. Защита диссертации Умарова Д. В. Пятигорский государственный лингвистический университет (28 февраля 2014). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017. Архивйина 2017-09-10 — Wayback Machine
  12. Депутат Парламента ЧР защитил диссертацию по международному терроризму. Парламент Чеченской Республики (4 марта 2014). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  13. Джамбулат Умаров. Рамзан Кадыров и пять основных контуров современной политики России. Чечня Сегодня (6 мая 2014). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  14. Дмитрий Ефремов. Фактор КРА и информационная мобилизация. Кавказская политика (9 мая 2014). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017. Архивйина 2017-07-24 — Wayback Machine
  15. Новый уровень. Вести республики (8 мая 2015). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  16. В Чечне сменился министр нацполитики и печати. ФедералПресс (8 мая 2015). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.
  17. Повестка 49-го заседания Парламента Чеченской Республики третьего созыва. Парламент Чеченской Республики (8 мая 2015). ТӀекхочу дата: 1 июля 2017.