Устарханов, Алаудин Джамолович

ХӀокху версин 10 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2018, 15 апрель).

Алаудин Джамолович Устарханов (иштта олура Андрей[1]; 1918 шеран 27 декабрь, ТӀехьа-Марта, ТӀехьа-Мартанан кӀошт, Соьлжа-ГӀалин область, РСФСР — 1964 шо, Шовдана-Юрт, ТӀехьа-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — тӀеман гӀуллкахо, лакхара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман а, Францехь хилла йолу Дуьхьаллон боламан а декъашхо[2][3].

Алаудин Джамолович Устарханов
Вина терахь 1918 шеран 27 декабрь({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Вина меттиг ТӀехьа-Марта, ТӀехьа-Мартанан кӀошт, Соьлжа-ГӀалин область, РСФСР
Кхелхина терахь 1964({{padleft:1964|4|0}})
Кхелхина меттиг: Шовдана-Юрт, ТӀехьа-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Пачхьалкх  ССРС
 Франци
Эскаран тайпа гӀашсалти
СовгӀаташ
Арахьара суьрташ
Алаудин Устарханов
Устархановн автобиографи

Алаудин Джамолович Устарханов винера 1918 шеран 27 декабрехь в селе [[ТӀеха-Марта]н]ехь Джамола (18761951) цӀе йолу ахархон доьзаллехь. Цуьнан нана йара Петмат (18811928). Цуьнан ваша вара Джамалди Джамолаев.

1934 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин школехь итт класс. 1936 шарахь цо чекхйаьккхира райисполкомийн жоьпаллин секретарийн курсаш. Цул тӀаьхьа иза вара ТӀехьа-Мартанан районан комсомолан пропагандист а, ша-тайпан секторан куьйгалхо а. 1937—1938 шерашкахь цо дийшира Соьлжа-ГӀалин бакъонан школехь. 1938—1939 шерашкахь иза вара ТӀехьа-Мартан районан Халкъан суьдан кхочушдархо.

Цунна шера хууш хилла французийн а, немцойн а меттанаш. Иза дика дешна стаг вара.

ТӀеман гӀуллакх

бӀаьра нисйан

Иза эскаре дӀакхайкхира 1939 шеран 3 ноябрехь. Цигахь иза вара 47-гӀа ЦӀе байракхан гӀашлойн дивизин 353-гӀа гӀашлойн полкан могӀарера салти. 1940 шо дуьйна иза вара 47-гӀа ЦӀен байракхан ООНКВД могӀарера салти.

1940 шеран август дуьйна 1941 шеран февраль кхаччалц иза вара Кавказел дехьа тӀеман округан лакхара политикин курсийн курсант Кутаисехь. Уьш чекхйаьккхича 1941 шеран сентябрь кхаччалц иза вара 47-гӀа гӀашлойн дивизин ООНКВД опер векалан гӀонча.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом бола ма белла цигахь дакъа лоцуш вара. 1941 шеран 9 июль дуьйна 1943 шеран 15 май кхаччалц Къилбера-Малхбузера фронтехь вара иза. 1941 шеран сентябрь дуьйна 1942 шеран апрель кхаччалц иза вара Къилбера-Малхбузера фонтан 47-гӀа гӀашлойн дивизин 353-гӀа полкан автоматчикийн ротан политрук вара иза. 1942 шеран 18 мартехь цунна жима чов йинера. 1942 шеран 18 майхь иза чӀогӀа лазийра. 1942 шеран апрель дуьйна 25 май кхаччалц шен ротан куьйгалхо вара иза.


Билгалдахарш

бӀаьра нисйан