Фашистийн концлагершкара тутмакхаш мукъабахаран дуьненайукъара де
Фаши́стийн ко́нцла́гершкара ту́тмакхаш мукъаба́харан дуьне́найукъара де — иэсан терахь, даздо хӀора шарахь 11 апрелехь.
Истори
бӀаьра нисйанШолгӀа дуьненан тӀом болуш нацистийн Германин махкахь а, цуьнан бартхойн мехкашкахь а, цара дӀалецна мехкашкахь а яра (набахташ йоцуш, геттош) 14 000 концентрацин лагер[1]. Тутмакхаш нацисташа багабора крематорийн пешаш чохь (цкъацца дийна болушехь), садукъдора газан камеракахь, ницкъ бора, нуьцкъаш лелабора, мацалла болуьйтура, цунна тӀе гӀор дӀадаллалц болх бойтура; тутмакхашкара цӀий оьцура вермахтан салташна, царна тӀаьхь ирча медицинан зиераш дора, адамашна тӀаьхь керла препараташ зиера[2].
1945 шеран мартехь Бухенвальдан (уггаре йоккха концентрацин лагерь) лагерехь оьккху герзаца гӀаттам, иза боккху чубоьхкинчеран интеркъаьмнийн ницкъаша. Бухенвальд концлагерь америкин эскарш чудаьхкича, гӀовттамхоша хӀеттале тергоне лецира валаран лагерь. Иза бахьнехь, нацисташ (СС хой) ца кхиира шайн ирча зуламийн лараш яйа, тутмакхийн тешаллаш хезира дуьненайукъара Нуьрнберган трибуналан. 11 апрелехь — америкин эскарш Бухенвальдан лагере чудахаран де — тӀеийцира ВКЪКХс Ӏидан терахь, оцу дийнахь дуьнено даздо «Фаши́стийн ко́нцла́гершкара ту́тмакхаш мукъаба́харан дуьне́найукъара де».
Берриш гитлерхойн тергонан кӀеларчу мехкашкахь, концлагершкахь, баларан лагершкахь, набахташкахь латтош вара 18 000 000 стаг. Царех 11 миллион сов хӀаллаквира. Кхелхинчарна йукъахь — 5 млн ССРСн гражданин, ткъа кхин а тайп-тайпанчу мехкашкара 6 миллион жуьгтий. ХӀора пхеалгӀа тутмакх бер дара (кхин а ирча терхьаш а ду: «чубоьхкина бара 20 миллион сов стаг дуьненан 30 махкара, 12 миллион араваллалц ца ваьхна»[3]).
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Международный день освобождения узников фашистских концлагерей — 11 апреля. История и особенности праздника в проекте Календарь Праздников 2010
- ↑ Портал ЦАО \ Международному дню освобождения узников фашистских концлагерей посвящается Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
- ↑ День освобождения узников фашистских концлагерей. Справка . РИА Новости (10 апреля 2009). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 13 август. Архивйина 2012 шеран 29 мартехь