Март (схьадаьлла лат. Mārtius mēnsisМарсан бутт, нохчийн маттахь — Зазадоккху-бутт я Бекарг-бутт) — юлианан а, григорианан а рузманашкахь шеран кхоалгӀа бутт, шираруман шеран хьалхара бутт, Цезара хийцамаш банле болалуш хилла мартехь дуьйна. 31 де беха ворхӀ баттах цхьаъ. Дуьненан Къилбаседа эхигехь март бӀаьстенан хьалхара бутт бу, Къилба эхигехьгуьйренан хьалхара бутт.

Гунаш долу меттиг мартехь
Март
Орш Шин Кха Йеар ПӀе Шот КӀи
        1 2 3
4 5 6 7 8 9 10
11 12 13 14 15 16 17
18 19 20 21 22 23 24
25 26 27 28 29 30 31
2024 шо

Таханлерачу муьрехь григорианан рузманца 11 март кхаччалц малх лаьтта Водолей цӀе йолчу седарчийн гуламехь, 11 мартехь дуьйна — Рыбы цӀе йолчу седарчийн гуламехь [1] (кхечу хаамашца — 12 мартехь[2]).

Статистика а, беттах лаьцна а

бӀаьра нисйан

Оцу баттахь нисло де-буьйса — 20 мартехь — дийнан а, буьйсанан а дохалла цхьабосса ду.

Март бӀаьстенан бутт ларахь а, доккхаха долчу Российн декъехь амалехь бу Ӏаьнан хенан-хӀоттам. Март беттан юккъера температуран барам Москохан гуонаха −4,9 °С, температура техка −10,3 °С тӀиера (1917 шарахь) −0,7 °С кхаччалц (1921 шарахь). Москохан гуонаха ло даша доладаран юккъера хан — 16 март, уггаре хьалхара — 3 февраль (1914), тӀаьхьа — 10 апрель (1895)[3].

Малх лепаран юккъера барам 109,3 сахьт[3] бу.

Март чекхболуш малхо йохйинчу басенашкахь ло деший хьалхара зезагаш довла тарло. Дакхан мутт йолало[3].


Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. За год Солнце проходит не через 12, а через 13 созвездий. Новый знак зодиака — «Змееносец»
  2. Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 41. — 478 с. — 105 000 экз. — ISBN 5-02-014354-5.
  3. 1 2 3 В. Д. Грошев «Календарь российского земледельца (народные обычаи и приметы)», — М: МСХА, 1991, С. 18. ISBN 5-7230-0074-8

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Круглый год. Русский земледельческий календарь. — М: «Правда», 1989. ISBN 5-253-00598-6
  • Народный Месяцеслов. — М: «Современник», 1992. ISBN 5-270-01376-2