Фелтон, Рэймонд
Фе́лтон Рэ́ймонд Бе́рнард, жимахверг (инг. Raymond Bernard Felton, Jr.; вина 1984 шеран 26 июнехь АЦШ Къилба Каролина штатера Мэрионехь) — америкин профессионалан баскетболхо, тӀаьхьарчу заманахь левзира Къоман баскетболан ассоциацин «Оклахома-Сити Тандер» командехь.
Фелтон Рэймонд | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Raymond Felton | |||||||
![]() Фелтон Рэймонд дуьххьара «Нью-Йорк Никс» йукъахь волуш | |||||||
Маьрша агент | |||||||
Позици | Ловзар дӀахьо турсло | ||||||
Локхалла | 185 | ||||||
Возалла | 100 | ||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||
Вина терахь | 1984 шеран 26 июнь (38 шо) | ||||||
Вина меттиг | Мэрион, Къилба Каролина, АЦШ | ||||||
Ишкол | Латта (Латта, Къилба Каролина) | ||||||
Колледж | Къ-Седа Каролина (2002—2005) | ||||||
Драфт КъБА | 5-гӀа (1-ра раунд), 2005, Шарлотт Бобкэтс | ||||||
|
|||||||
![]() |
БиографиНисйе
ИшколНисйе
Фелтона шен баскетболан карьера йолийра Latta High School ишколехь. Ишколан командехь ловзачу заманахь чукхоьссира 2992 очко, чукхоьссира 117 нийса кхо очко. Командо шозза штатан чемпионат йаьккхира, ткъа толамийн-иэшамийн берриг гайтам хилира 104-9.
Ишколан командехь ловзаш Фелтон шозза хилира «Къилба Каролинин баскетболан мистер», кхин а даьккхира ишколахошна йукъара уггаре дика баскетболхочунна ло Нэйсмитан цӀарах совгӀат.
КолледжНисйе
Фелтон деша дӀахӀоьттира Къилбаседа Каролинин университете, дешаран хьалхарчу шарахь хаьржира Каролинин шеран ловзархо. Цуо матчехь йуккъера барам 12 очко йоккхура, кхин а 236-зза буьрка жамӀе дӀайелира. Шен колледжера шолгӀачу шарахь Фелтон вара Коузи Бобан цӀарах совгӀат а, АЦШ лдм дешархошна йукъара уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀатfy а номинант. Цуо йоккхура матчехь йуккъера барам 11,5 очко, дӀалора 7,1-зза жамӀе буьрка[1].
Шен колледжера кхоалгӀачу а, тӀаьхьарчу а шарахь Фелтона йалийра Каролина NCAA чемпионалле. Иза боьлгӀа толам бара Къилбаседа Каролинин йерриг исторехь (1957, 1982, 1993, 2005). Финалан ловзарехь «Иллинойсан» дуьхьала Рэймонда кхоьссира ладаме кхо очко Дерон Уилльямсанна дуьхьала матчан чаккхенгахь, цуо таро йелира тӀехьакхиа 65-65. Иллинойсо дуьхьала йинчу атакехь Фелтона дӀайала лерина буьрка схьалаьцна, шен тӀехь йинчу фолан дуьхьала ши гӀуда кхоьссина туьйлира. Рэймонда шо чекхдаьккхира йуккъера барам 12,9 очко а, 6,9 жамӀе дӀайаларца а[1]. Цуо даьккхира Коузи Бобан совгӀат, иза дери дар ду, оцу шеран NCAA уггаре дика ловзар дӀахьо турсло хилира[2].
КъБАНисйе
ДрафтНисйе
2005 шеран КъБА драфтехь Фелтон хаьржира йукъара 5-гӀа лоьмарца «Шарлотт Бобкэтс» командо, кхин ши ловзар дӀахьо турслочул Уилльямс Деронал а, Пол Крисал а тӀаьхьа.
2005—2010: «Шарлотт Бобкэтс»Нисйе
Шен хьалхара шо Фелтона гӀуо долийра, зӀиеделла ца хилар хаалора, ша дийриг майрра ца дора, амма чемпионатан шолгӀачу декъехь иза ловза волавелира, гайтира цхьа могӀа жамӀе матчаш. Цуо шо доьдуш йира 13 дабл-дабл, ткъа «Кливленд Кавальерс» дуьхьала ловзуш Фелтона кхоьссира 30 очко, 10-зза жамӀе буьрка дӀайелира[3]. 80 матчехь стартан пхеанна йукъахь Рэймонд ловза йукъавелира 54 матчехь, цигахь йаьккхира йуккъера барам 11,9 очко а, 5,6 буьрка жамӀе дӀайелира[1]. Шо чекхдаьлча Фелтон хаьржира КъБА керла ловзархойн гулйина шолгӀа команде[4].
2006/2007 шарахь Фелтон хилира «Бобкэтсан» коьрта ловзар дӀахьо турсло, цуо тобира шен берриг аьлча санна гайтамаш хьалхарчу шере хьаьжча. Цхьа бахьна хилира командера накъостин Окафор Эмекин а, Уоллес Джеральдан а говзалла тӀекхетар, кхин а команда керла ловзархой Моррисон Адам а, Херрманн Уолтер а эцна чӀагӀйалар. Рэймондан аьттонца хиллехь а, команда плей-оффе ца кхечира.
2007/2008 шарахь «Шарлоттин» йукъа веира Джейсон Ричардсон, цуо гӀо ца дира командина, дукхаха болу ловзархой лазийна бара, цуо новкъарло йира командин прогрессан. «Бобкэтс» йуха а ца кхечира плей-оффе. Фелтонан берриг гайтамаш айабеллашехь, цуо хӀинца а гӀуо кхоссара кхаа очкон сизал дехьара.
2008 шеран КъБА драфтехь «Бобкэтсо» хаьржира Августин Ди Джей — тӀаьхьало йолу къона ловзар дӀахьо турсло, цуо чӀагӀйира конкуренци командехь. Фелтон стартан пхеаннан йукъахь велахь а, амма майданехь йоккху хан матчехь йуккъера барам лагӀйелира пхеа минотанна, дӀадаьллачу шерца дуьстича. Оццу чемпионатехь команде веира зиеделла коьрта тренер — Ларри Браун. Рэймондан ийгира берриг аьлча санна гайтамаш, царна йукъахь очкон йуккъера барам а, матчехь дӀало буьрка, кхин а охьайуьйжира матчера чукхоссаран процент. «Бобкэтс» плей-оффе дехьа ца йалайелира. Шо чекхдолуш Фелтонах доза тоьхна маьрша агент хилира, цуьнан йиш йара кхечу командица контракт дан, амма цуо сацам бира «Шарлоттехь» виса[5].
Джексон Стивен а, Чендлер, Тайсон команде баьхкира 2009/2010 шарахь, цуо йира «Бобкэтс» плей-оффе претендент. «Шарлоттех» уггаре дика команда хилира очкон барамца, цара таро лора шайн оппоненте йуккъера барам матчехь 93,8 очко йаккхийта. Фелтон командехь кхоалгӀа хилира шарахь йаьхна очкошца, цулла хьалхавелира Уоллес а, Джексон а. Бобкэтс дуьххьара шен исторехь плей-оффе йелира, цигахь цхьан а толам ца баккхабелира, хьалхарчу раундехь ийшира «Орландо Мэджикал»[6].
2010—2011: «Нью-Йорк Никс» а, «Денвер Наггетс» аНисйе
Фелтонах хилира маьрша агентах, 2010 шеран 11 июлехь шина шеран контракт йира «Нью-Йорк Никсца» 15,8 миллион долларна[7]. 2010/2011 шарна Рэймонд хаьржира «Никсан» шолгӀа капитан, Амаре Стадемайрца цхьаьна. Чемпионатан йуьххьехь Фелтонан воьлла вацара командех, амма шеран йуккъехь иза велира ловзаран дикачу тӀегӀане, Нью-Йоркан хьовсархойн дукха безачу ловзархойх цхьаъ хилира. Шеран дохаллехь Рэймонда кхоьссира цхьа могӀа толаман очкош, царна йукъахь коьрта кхо очко кхоссар «Торонто Рэпторс» дуьхьала ловзуш[8][9]. Фелтон дика ловзарх коьрта бахьна хилира «Нью-Йорк» йуха а плей-оффе претендент йалар, дуьххьара 2004 шерера дуьйна. Амма, 2011 шеран 22 февралехь Рэймонд хийцира «Денвер Наггетсца», Кармело Энтони а, Чонси Биллапс а «Никс» йукъа сехьаваккхаран дакъа санна[10]. Нью-Йоркан командица Фелтона гойтура КъБАхь шен уггаре дика жамӀаш, цуо кхуссура йуккъера барам 17,1 очко а, 9-зза дӀалора, иштта воллушехь командин куьйгалло сацам бира из адӀавохка. Шеран дисина дакъа Рэймонда даьккхира «Наггетсехь», дукхаха дерг араволура резерван гӀант тӀера, хуьйцура Лоусон Тай. «Денвер» йелира плей-оффе, цигахь ийшира Дюрант Кевин а, Уэстбрук Рассел а коьртехь болу «Оклахома-Сити Тандерал» пхеа матчехь[11]. Фелтон левзира пхеа матчехь, матчехь йоккхура йуккъера барам 11,6 очко а, дӀалора 4,2[1].
2011 шеран 23 июнехь 2011 шеран КъБА драфт йолуш Фелтон хийцира «Портленд Трэйл Блэйзерсан» ветеранца Андре Миллерца а, кхин 2011 шеран драфтан шолгӀачу раундера харжамца (Джордан Хэмильтон)[12].
«Портлендехь» Фелтон хилира коьрта ловзар дӀахьо турсло. Хьалхарчу матчехь «Наггетсна» дуьхьала, цуо кхоьссира 25 очко, 6-зза бкьрка дӀайелира. Шеран шолгӀачу матчехь «Денверан» дуьхьала Рэймондан лазийра ког. Чов хала ца хилира, Фелтон ца левзира шина матчехь бен.
2012—2014: «Нью-Йорк Никсе» йухаварНисйе
2012 шеран 16 июлехь Фелтон Рэймонд а, Томас Курт а хийцира «Нью-Йорк Никсе» Джеффрис Джаредца а, Гадзурич Дана а, Папаниколау Костасна а, Принтезис Георгиосна а бакъонца а, шолгӀа раундан драфт-пикаца а[13].
2014: ДалласНисйе
2014 шеран 25 июнехь «Нью-Йорко» Фелтон а, Чендлер Тайсон а «Даллас Мавериксца» хийцира Далемберт Сэмюэлах а, Кальдерон Хосех а, Ларкин Шейнах, Эллингтон Уэйнах а, 2014 шеран КъБА драфтан шолгӀа раундан шина харжамца а[14].
СтатистикаНисйе
Статистика КъБАхьНисйе
Шо | Команда | РогӀера шо | Плей-офф сери | ||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
GP | GS | MPG | FG% | 3P% | FT% | RPG | APG | SPG | BPG | PPG | GP | GS | MPG | FG% | 3P% | FT% | RPG | APG | SPG | BPG | PPG | ||
2005/06 | Шарлотт | 80 | 54 | 30,1 | 39,1 | 35,8 | 72,5 | 3,3 | 5,6 | 1,3 | 0,1 | 11,9 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2006/07 | Шарлотт | 78 | 75 | 36,3 | 38,4 | 33,0 | 79,7 | 3,4 | 7,0 | 1,5 | 0,1 | 14,0 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2007/08 | Шарлотт | 79 | 79 | 37,6 | 41,3 | 28,0 | 80,0 | 3,0 | 7,4 | 1,2 | 0,2 | 14,4 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2008/09 | Шарлотт | 82 | 81 | 37,6 | 40,8 | 28,5 | 80,5 | 3,8 | 6,7 | 1,5 | 0,4 | 14,2 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2009/10 | Шарлотт | 80 | 80 | 33,0 | 45,9 | 38,5 | 76,3 | 3,6 | 5,6 | 1,5 | 0,3 | 12,1 | 4 | 4 | 32,4 | 40,5 | 30,8 | 75,0 | 2,5 | 5,0 | 0,5 | 0,0 | 11,8 |
2010/11 | Нью-Йорк | 54 | 54 | 38,4 | 42,3 | 32,8 | 86,7 | 3,6 | 9,0 | 1,8 | 0,2 | 17,1 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2010/11 | Денвер | 21 | 0 | 31,6 | 43,1 | 45,9 | 61,7 | 3,6 | 6,5 | 1,3 | 0,0 | 11,5 | 5 | 0 | 30,4 | 36,0 | 25,0 | 75,0 | 1,8 | 4,2 | 1,2 | 0,0 | 11,6 |
2011/12 | Портленд | 60 | 56 | 31,8 | 40,7 | 30,5 | 80,6 | 2,5 | 6,5 | 1,3 | 0,2 | 11,4 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2012/13 | Нью-Йорк | 68 | 68 | 34,0 | 42,7 | 36,0 | 78,9 | 2,9 | 5,5 | 1,4 | 0,2 | 13,9 | 12 | 12 | 37,9 | 44,4 | 32,1 | 66,7 | 3,4 | 4,7 | 1,7 | 0,4 | 14,1 |
2013/14 | Нью-Йорк | 65 | 65 | 31,0 | 39,5 | 31,8 | 72,1 | 3,0 | 5,6 | 1,2 | 0,4 | 9,7 | Дакъа ца лаьцна | ||||||||||
2014/15 | Даллас | 29 | 3 | 9,7 | 40,6 | 29,4 | 80,0 | 0,9 | 1,4 | 0,4 | 0,1 | 3,7 | 3 | 1 | 12,0 | 26,7 | 0,0 | 100,0 | 2,3 | 1,3 | 0,0 | 0,0 | 3,7 |
2015/16 | Даллас | 80 | 31 | 27,4 | 40,6 | 28,2 | 84,7 | 3,2 | 3,6 | 0,9 | 0,2 | 9,5 | 5 | 4 | 34,5 | 46,4 | 28,6 | 63,6 | 4,6 | 4,6 | 1,2 | 0,0 | 15,0 |
2016/17 | Клипперс | 80 | 11 | 21,2 | 43,0 | 31,9 | 78,1 | 2,7 | 2,4 | 0,8 | 0,3 | 6,7 | 7 | 0 | 18,1 | 46,9 | 44,4 | 100,0 | 1,4 | 1,4 | 0,9 | 0,0 | 5,6 |
2017/18 | Оклахома-Сити | 82 | 2 | 16,6 | 40,6 | 35,2 | 81,8 | 1,9 | 2,5 | 0,6 | 0,2 | 6,9 | 6 | 0 | 13,1 | 38,7 | 50,0 | 0,0 | 2,2 | 1,5 | 0,7 | 0,3 | 5,2 |
2018/19 | Оклахома-Сити | 33 | 0 | 11,5 | 40,7 | 32,8 | 92,3 | 1,0 | 1,6 | 0,3 | 0,2 | 4,3 | 5 | 0 | 11,3 | 30,8 | 25,0 | 50,0 | 0,6 | 0,6 | 0,8 | 0,2 | 2,2 |
Йерриг | 971 | 659 | 29,7 | 41,2 | 32,9 | 79,0 | 3,0 | 5,2 | 1,2 | 0,2 | 11,2 | 47 | 21 | 25,7 | 42,0 | 32,1 | 71,1 | 2,5 | 3,1 | 1,0 | 0,2 | 9,4 | |
Дехкан курсор таблицин коьртера аббревиатурин тӀехьажъе, иза йеша лаахь |
Колледжера статистикаНисйе
Шо | Команда | GP | GS | MPG | FG% | 3P% | FT% | RPG | APG | SPG | BPG | PPG | |
2002/03 | Къилбаседа Каролина | 35 | 35 | 35,4 | 39,8 | 35,8 | 69,3 | 4,1 | 6,7 | 1,6 | 0,3 | 12,9 | |
2003/04 | Къилбаседа Каролина | 30 | 30 | 34,6 | 42,0 | 31,3 | 81,0 | 4,0 | 7,1 | 2,1 | 0,2 | 11,5 | |
2004/05 | Къилбаседа Каролина | 36 | 35 | 31,7 | 45,5 | 44,0 | 70,1 | 4,3 | 6,9 | 2,0 | 0,3 | 12,9 | |
Йерриг | 101 | 100 | 33,9 | 42,3 | 37,5 | 73,1 | 4,1 | 6,9 | 1,9 | 0,3 | 12,5 | ||
Таблицин коьртера аббревиатура йешархьама дехкан цамза тӀехӀоттайе |
- ↑ 1 2 3 4 Raymond Felton (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). basketball-reference.com. — Статистика. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 5 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 10 декабрехь.
- ↑ Keith Parsons 2005 All-ACC Men's Basketball Selections (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). theacc.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2007 шеран 20 мартехь. Теллина 2011 шеран 10 декабрехь.
- ↑ Charlotte Bobcats 118, Cleveland Cavaliers 120(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). basketball-reference.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 10 декабрехь.
- ↑ Paul a unanimous selection for All-Rookie Team (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). sports.espn.go.com (04.05.2006). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 10 декабрехь.
- ↑ Raymond Felton signs qualifying offer (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). nba.com (23.09.2009). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 27 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ 2009-10 Charlotte Bobcats Roster and Statistics (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). basketball-reference.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ Marc Berman Felton's two-year, $15.8M contract with Knicks finalized (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). nypost.com (10.08.2010). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ Raymond Felton's three-pointer gives Knicks sixth consecutive win (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). USAtoday (09.12.2010). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ Toronto Raptors 110, New York Knicks 113 (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). basketball-reference.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ Carmelo Anthony traded to New York Knicks in blockbuster deal (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). The Denver Post. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 30 январехь. Теллина 2011 шеран 28 октябрехь.
- ↑ 2010-11 Denver Nuggets Roster and Statistics (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). basketball-reference.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ John Cregan Draft-night deals winners, losers (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). sports.espn.go.com (24.06.2011). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2011 шеран 11 декабрехь.
- ↑ KNICKS ACQUIRE FELTON & THOMAS(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 19 апрелехь. Теллина 2012 шеран 18 июлехь.
- ↑ Тайсон Чендлер вернулся в "Даллас" в результате обмена шести игроков(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Спорт-Экспресс (2014-28-06).