Фортифика́ци — адамо къевлина, тӀамехь эскар лаьтта меттиг чӀагӀйо, дуьхьало йаран тӀеман Ӏилма, цундела олу фортификацин йинарш (схьадаьлла фр. fortifier — чӀагӀдан). Фортификацин теори кхоьллина Альбрехт Дюрера.

Фортификаци йие хӀума

бӀаьра нисйан

Паччахьан Россехь йерриг ларбаларан меттиг кечйаран процессах ареотектоника олура. ХӀинца и термин ширъелла лору[1]. Фортификацин хӀуман йукъадогӀу хьолаш а, латтаран бакъонаш а, йаран хьесапаш а, фортификацин гӀишлош тӀелатаран а, ларйаран а приемаш таллар. Къайлайаккхар а, дуьхьалонаш а дукха хьолахь ша меттиго йо; цундела фортификацис Ӏамайо меттигера Ӏаламан къайленаш а, дуьхьалонаш а, ледара йолчохь куьйга чӀагӀйо.

Фортификацин гӀишлош, уьш лелош болчарна аьттонан хьолаш до тӀеман гӀуллакхашна, гӀо до мостагӀчунна доккха зулам деш, шайн агӀора иэшамаш кӀезиг а болуш (Порт-Артурехь тӀелетачеран иэшамаш 16-за сов бевлира ларъечарал а).

Шен къовламан а, дуьхьалон а ницкъаца фортификацино меттахӀоттабо тӀеоьшу эскаран ницкъ, цуо мукъа боху салтий кхечу пункте хӀитто, иштта ладаме миноташкахь ницкъаш ладаме тӀеман аренан пункте йа тӀеман белхан театре дӀагулбаран хьесапна болхбо.

Фортификаци куьйга бина къовламаш а, дуьхьалонаш а йаран Ӏилма хилла декъало 3 декъе: I — аренан, II — дуккха хенан III — цхьаьна хенан.

Фортификацин гӀишло

бӀаьра нисйан
 
Дуккха хенан герзан бен (ДОТ)

Фортификацин гӀишло — лерина йу герз, тӀеман техника, урхаллин пункт, къайлайаккха, пайденца лело, ткъа иштта эскар, бахархой, мехкан тӀехьара объекташ мостагӀчун герзан Ӏаткъамах Ӏалашйаран.

Фортификацин гӀишлош йекъало аренан а, дуккха хенан а дакъошка. Фортификацин гӀишлойн конструкцеш кечъеш, аренан а, дуккха хенан а йаран, лелоран хьесапаш доху фортификацино.

Аренан фортификаци

бӀаьра нисйан
 
ШолгӀачу дуьненан тӀамехь Японин эскарша лелийна засека
 
Питерсбергера тӀамехь конфедератийн эскарийн лардарехь долу Ӏодаш

Аренан фортификацин йукъа богӀу, цхьаьна меттигехь дукха Ӏаш доцу аренан эскаршна лерина, къовламаш а, дуьхьалонаш а, цундела йо уьш тӀом болабалале кӀеззиг хьалха, оцу меттигехь болчу тӀеман бен пайден йац уьш. Аренан фортификацин чӀагӀонаш еш йолу хан сахьташкахь хуьлу, наггахь дийнахь-буса йо; ечу хенахь белхан ницкъ шеш эскарш ду; белхан гӀирсах, Шанцан гӀирс олу, иза арадолучу эскаран шеца хуьлу, ткъа чӀагӀо еш болу гӀирс — дукхах дерг латта ду, наггахь хуьнан а, болх бечу меттигехь карийна кхин гӀирс а хуьлу. Аренан фортификацин чӀагӀонаш йекъа мега:

  • А) штурман дуьхьало а, герз тохаран позици цхьаьнаялийна чӀагӀонаш;
  • Б) герз тохаран позици а, къовлам а бен оьрнаш (окопаш);
  • В) къовлам бен ца бе дуьхьалонаш;
  • Г) штурман дуьхьало бен ца йо куьйга бина къовламаш,

тӀаьххьара,

  • Д) тайп-тайпана меттигехь карийна хӀуманаш, жамӀ дика хилийтархьама, къовлам беш лелор, хьалха йинчу чӀагӀонашца йогӀуш йолуш, амма кӀезиг белхан гӀирс а, хан а йойуш.

А) Аренан чӀагӀонаш. Дуьхьало йан кечйинчу муьлххачу меттигехь а, карор йу масех башха ладаме пункт, иза куьйга кӀела латтош, мостагӀчун гӀуллакх талхадо, ткъа шайн гӀуллакх тодо. Уьш хир йу дукхаха дерг бӀаьччаллин локхаллаш, царна тӀиера герз тохало луларчу мостагӀийн дакъошна тӀе, ларло шен позицин фронтан а, агӀонашна а тӀевогӀийла. Иштта тӀом боьдучу хенахь ладаме меттигаш ларйан хӀоттайо кегийра эскаран дакъош 1 - 4 рота. И эскаран дакъойн таро йац аренгахь дӀасалела, кӀезиг эшамаш а хуьлу, амма церан эшам лакхара хила а тарло, хӀунда аьлчи и меттигаш ладаме хиларна алсама тӀелета цига. ГӀуо агӀо цигара дӀайаккхархьама — ладамечу меттигашкара эскаран дакъошкахь чӀагӀонаш йо, дика къовлабалархьама а, дика герз тохаран позици йархьама а, штурман ладаме дуьхьало хилийтархьама а. Йаран хан кӀезиг хиларна (12 сахьт гергга) аренан чӀагӀонех сиха йинарш олу; алсамо хан хилчи уьш тойо, дуьхьалонан тӀегӀа чӀагӀйо.

 
Бруствер герз тоха пайден хилийта цунна тӀе тӀегӀа йо, салтий герз тухуш цу тӀе хӀуьтту. Оцу тӀегӀанах банкет, йа кхийсархойн тӀегӀа олу.
 
Валганг — лакхарчу декъехь брустверан тӀекхетта гӀопан вал, лерина бу йаккхий тоьпаш хӀитто
 
Наполеонан фортера бӀарол чухула гар, Остенде, Бельги

Муьлхха а аренан чӀагӀо лаьтта лаьттан барзах, цунах бруствер олу (схьадаьлла нем. Brust-wehr — накха къовлар). Кечйо цунна тӀехьара герз тохархьама, ткъа тӀехье ларйо цунна тӀаьхьа долчу эскарша. Брустверан арахьа саьнгар хуьлу, цунна чуьра даьккхинчу латах йо иза, саьнгар дуьххьара дуьхьало хуьлу штурман. Хьалхара чертёжо гойту тӀехьа хин йолу кеп аренан чӀагӀон, чертежан сизнаш хьекхна декъах чӀагӀонан профиль олу, аьлчи а план тӀиера брустверан перпендикуляран йолу хьала-охьа экъанца хадор. Чертеж тӀехь чӀагӀонан коьрта дакъойн барамаш гайтина, ткъа барзан локхалла а, саьнгаран кӀоргалла а лору меттигера анаца, иза гойту фортификацин чӀагӀонийн профилашкахь пунктиран сизца билгалонца = 0.

Брустверан локхалла хила езацунна тӀехьа долу эскарш къайладаккха тоьуш. Къайладолу брустверан локхалла адаман локхаллехь хилчи, 2,5 аьрша гергга; герз тохарх иштта брустверо ларвийр вац, хӀунда аьлчи чӀагӀоне хьажийна герзан чаччамаш (дӀандаргаш) йа хӀоан герагаш анасизаца дӀа ца йоьду, ткъа кӀеззиг охьатаьӀа, цундела, локхалла тӀетоха йеза йа чухула охьаахка еза. Бруствер чуаьхкина хилча иза дикка лоха йан мега, тӀаккха иза гӀуо го аренара, дӀалачкъо атта ду, аьлчи а, мостагӀчунна дика ца къаьста, цул сов бруствер шина агӀора а йухку. Дукхах дерг аренан чӀагӀо хуьлу шина саьнгарца — арахьара а, чоьхьара а. Бруствер тӀиера герз тоха пайден хилийта цунна тӀе тӀегӀа йо, герз тухуш цунна тӀехӀуьтту салтий. Оцу тӀегӀанах банкет йа герз тохаран тӀегӀа олу; иза брустверан дукъал накхан тӀекхаччалц лоха хила еза, 2 аьрша лекха. Нагахь брустверан локхалла 2,5 аьршал лоха елахь , масала 2 аьрша, — тӀаккха банкет нисло меттигерчу анаца; бруствер кхин а лоха хилча герз тохаран тӀегӀа анасизал лоха хуьлу, чоьхьарчу саьнгар чохь. Бруствер лоха мел хуьлу, чоьхьара саьнгар кӀорга хила деза. ЧӀагӀонан барам эскаре хьаьжжина хуьлу. ЧӀагӀонан план меттиге хьаьжжина хуьлу, тӀелата мега аьлла хетачу агӀора ерзайо. Доза тоьхна лардаран гуоца чӀагӀонан майда хьовсу тӀеттӀа таьӀна йан мостагӀчун агӀора, хӀоьънаш чукхета Ӏалашо лагӀйархьама. Мел тайп-тайпана барамаш а, кепаш а елахь а чӀагӀонийн, уьш шина коьрта кепара бен ца хуьлу: йиллина чӀагӀ а, къевлина чӀагӀо а.

ЧӀагӀонаш

бӀаьра нисйан
 
Гинденбурган аса

Йиллина чӀагӀонийн ца хуьлу лардаран гуо тӀехьа йа горжера, хӀоттайо, нагахь чӀагӀоно дӀалоцу меттиг тӀехьара къевлина йу Ӏаламан чӀагӀоно йа тӀехьа эскарш латтахь. Йиллина чӀагӀонийн хуьлу лардаран гуо массо а агӀора, бо иза муьлххачу агӀора тӀелата таро хилча. Бруствер чӀагӀонехь латтаран Ӏаткъам бо меттиго, чӀагӀо сетташ йо герз тоха аьтту хилийта. Аренан фортификацехь къевлина чӀагӀонех олу редуташ; йиллинчех — люнет а, редан а.

Артиллери лаьтта дукха хьолахь чӀагӀонал арахьа, гӀашлошна артиллерин хьажийна герз ца деттийта, агӀонашкахь аьтту боцу меттиг нисъелча бен ца хӀоттайо артиллери чӀагӀонан чу, тӀаккха а цхьа-ши йоккха топ бен ца хӀоттайо. Аренан йоккха тоьпан Ӏуьрг айбало меттиган ша лаьттачу меттигана 1,5 аьрша тӀехула, ткъа чӀагӀонан бруствер лекха хуьлу цулла а, тӀаккха йоккха топ тоха, иза айа йеза анасизал йа бруствер йукъахула герз тоха харш даккха деза.

 
1914 ш. британин гӀашлойн жайнин тӀиера саьнгар йаккхаран диаграмма
 
 

Йоккха топ брустверан тӀехула тоха таро хиллалц, ана тӀехула ойуш болу, брустверан тӀе чухула бухку барзах, барбет олу, ткъа хьахийна херонах — амбразура. Б) Окопаш хуьлу кхийсархойн а, йаккхий тоьпийн а. Кхийсархойн окопаш — уггаре йаьржина а, дукхаха долчу аренан дакъошна уггаре гӀоле фортификацин чӀагӀонан кеп йу. Царна тӀехь ду коьртаниг мостагӀчун герз тохар. Окопаш лардеш йаьхна ца Ӏа, амма тӀелеташ а йоху, нагахь тӀелатар кӀез-кӀезиг сецаршца мостагӀчун тӀеоьхуш делахь, сецначохь салтийчо окоп йоккху. ТӀелетачо окоп йоккху наггахь тӀелатале, аьтту ца хилахь олий. Лекха барз ца хиларна а, ор кӀорга ца даккхарна а бахьнехь, уьш атта йоху позици ларйан хӀиттийначу эскарша, аьлчи а шайна гуонахьара охку хӀораммо, меттигехь дика лела а ло, дика къайла а йаккхало, эскаран лела новкъарло а ца йо тӀеман аренахь. 3-гӀа а, 4-гӀа а чертежаш тӀехь гайтина профилаш уггаре йаьржинчу окопийн: голин тӀиера а, ирахь а герз туху. Окопаш мостагӀчунна гуш йохуш елахь, ца хаьа мел хан йеза иза йаккха, — гӀийлачу профилан окопаш йоху, жима брустверца а, жима орца а, сихха герзах къайлавала меттиг хилийтархьама, тӀаккха уьш тойо, чӀогӀо профилаш йан волало; иштта, хьалха окоп вижина герз тоха йоккху, тӀаккха, ор кӀаргдеш голин тӀиера герз тухург йо цунах, тӀаьххьара, ирахь герз тухург йо. Кхийсархойн окопийн герз туху агӀо планехь дукхаха ерг ситтина сизца йу; иза доьзна ду меттиган сетташца, окопаш чуьра герз тоха Ӏалашо тйолчу агӀонах.

Йаккхий тоьпийн окопаш хуьлу цхьацца, цхьаьна артиллерийн йоккха тоьпана йаьккхина а, йа батарей — ца хедда масех гергахь лаьттачу йоккха тоьпана; уьшша а, вуьшша а лерина йу мостагӀчун герзах артиллерин салтий а, ша герз а лачкъо; къовлу барзан барам боьзна бу хьан йолчу хенах. Профилашца окопаш а, батарейш а йекъа тарло анан — йоккха топ лаьтта лаьттан анаца, шен йерриг локхаллица айаелла анна тӀехула; кӀаргйина — йоккха топ лаьтта анал лахахь, йерриг аьлча санна лаьттах йоьллина, тӀаьххьара а, ах кӀаргйина — йоккха тоьпан цхьа дакъа анал лахахь ду, ткъа шолгӀа — анал лакхахь ду. 6-гӀа чертеж тӀехь гайтина план а, профиль а кӀаргйина цхьаьна йоккха тоьпан окоп. Цхьалха йаккхий тоьпийн окопаш йоху сиха, дика къайлайоккху йоккха мостагӀчун герзах топ а, салтий а, мостагӀчун йоккха Ӏалашо а ца хуьлу, новкъарло ца йо артиллерин хьалха ягӀа царна йуккъехула. Ишттачу окопийн кхачамбацарш ду масех окопо фронтан позицехула йеха меттиг дӀалацар, йаккхий тоьпашна тӀехь говзанчийн урхалла дан а. В)Дуьхьало аренан тӀамехь лерина йу тӀехьало мостагӀчун герзах къовла а, тидам бан а, нагахь ша меттиго иштта къовлам ца лахь; лела ца йо уьш наггахь бен. ТӀеман асан гергахь йолу тӀехьалонашна, дуьхьало йан гӀоле йу вайн йевзаш йолчу кхийсархойн окопашца, цара таро ло, нагахь иэшахь, хьалхарчу шайн эскарна йуккъехула йа коьрташ тӀехула герз тоха.

Йина дуьхьалонаш

бӀаьра нисйан

Хьажа иштта: Латторан аса

 
Ӏиттало серан дакъойн кепаш
 
Танкашна дуьхьала баьрзнаш
 
Ӏад

Йина дуьхьалонийн Ӏалашо йу мостагӀ сацо чӀогӀа а, нийса а герз тохарца шен позицера йа чӀагӀонера, иштта цуьнца цуьнан иэшам алсамбаккха. Цхьацца меттигашкахь, брустверан хьалха хӀоттийча, масала, чӀагӀонан арахьара саьнгар, уьш хӀиттайо тӀелетачун цамза тӀекхочур йолуш. Дукхах дерг йина дуьхьалонаш хӀиттайо герз тухучу меттиган 50—150 гӀулч генахь, иштта латтаво мостагӀ тухучу герз бухахь алсамо. 150 гӀулчал гена хӀитто дуьхьалонаш пайден йац, хӀунда аьлча дохк йолуш маьркӀажан а, Ӏуьйренан боданехь терго ца йан ло. Йинчу дуьхьалонан ницкъ бу мостагӀчун гуш ца хиларехь, артиллерица йоха ца яйтархьама, цундела уьш йан йеза къайлахчу меттигехь, генара герз тоха цагуччохь; иза дан таро йу дуьхьалонан хьалха латтан вал — гласис бина.

Йинчу дуьхьалонашца чӀагӀйо уггаре ладаме меттигаш, хӀиттайо уьш уггаре ледарчу меттиге, мостагӀ цигахула тӀе ца латийтархьама; иштта ледара меттигаш хуьлу хьалхара меттиган гӀуо герз тохалучохь. Йинчу дуьхьалонийн барамаш билгалбоху царна чекхбовларан а, хӀаллакйаран а халонашца: анасизан дуьхьалонийн шоралла 5—15 м кӀезиг хила йиш йац; локхаллин — локхалла 2,5 аьрша (1.78 м); йохалла — дехьа ца волуьйтуш, гуо таса хала долуш хила еза. ГӀирс — дукхах дерг латта, дечиг, эчиг, тоьпа молха, хи. Латтаца хӀоттайо чӀагӀонийн арахьара саьнгар а, берзан ор а (черт. 7).

Берзан оьрнаш башха ладаме дуьхьало йац, дукха гӀо ца до цара; уьш дукха хьолахь хӀиттадо кхин дуьхьало чӀагӀярхьама йа бух тӀе ирдина хьокхий детта. Дечигах детта шахматийн хьостамаш, засека. Засека (черт. 8) — ладамечех цхьаъ йу, йохо хала ду; хӀиттайо сиха; наггахь засека чӀагйо, гуонаха серий доьхкий. Нагахь тоъал серий делахь, тӀаккха серийн маша бо (черт. 9); серийн маша чӀогӀа дика дуьхьало йу, артиллерин уггаре дика дуьхьала лаьтта; лаьтта масех могӀа лаьттах тоьхначу серашца вовшех дихкинчу хьокхех.

Минийн аре

бӀаьра нисйан
 
ХӀордан минанаш — хин бухалара а, тӀехулара а мостагӀчун кеманашна дуьхьала хин чухӀиттийна тӀеман герзаш.

Тоьпан молханца йо фугасаш, уьш йекъало ламастехь йолчарна, тӀулгаш кхуьйсучарна, шеш лелхачарна йа торпедашна. Ламаста йолу а, тӀулгаш кхуьйсу а фугасаш мостагӀа тӀевогӀуш лелхуьйту токан йа тӀийриган сераца; торпедаш лела автоматаца, тӀехула лела адамийн дозаллийца. Хица еш йолу новкъарлонех йу хи кӀоргдар а, хи хьодуйтар а. Эскарийн чӀагӀонийн фронтаца долу цхьа шовда, къовлу харш дукъий, тӀаккха бердаш лекха делахь шовда кӀаргло, ткъа бердаш лоха хилчи хи хьоду. Амма и болх бан алсама хан еза, цундела аренан тӀамехь иза наггахь а ца леладо.

Ехачу хенан фортификаци

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а: форт, гӀап-гӀала.

Ехачу хенан фортификацин йукъабогӀу дуьхьалонаш а, къовламаш а, уьш лерина йу мехкан стратегин пункташ тӀеман агӀора башха ладаме ларйан, уьш иэшар билгалдоккху тӀом балале гуттара хьалха, лаьтта тӀом боьдучу йерриг хенахь. Цуьнга нисса ехачу хенан фортификацин гӀишлош, цара еш йолу чӀагӀонаш йо шерашкахь, лела, шеш оьшуш йолуш, иттаннаш, бӀеннаш шерашкахь, ларло беттанашкахь; уьш еш болх бо арахьара белхалоша, говзанчаша; гӀирс муьлхха а хуьлу — мел оьшуш берг, материал латта хилла ца Ӏа, амма кхин а тӀулг, кибирчиг, бетон, эчиг хуьлу.

 
ГӀап-гӀала Крак-де-Шевалье. Дина жӀарахоша.
 
Эдинбурган гӀап-гӀалан чӀагӀонаш, лелайо Ӏаламан тӀапломан ландшафт. А. Несмитан 1780 ш. сурт
 
Оманера гӀап.
 
Саьнгар — саьнгарш дохуш хилла гӀопашна а, гӀап-гӀаланашна а, кхечу фортификацешна гуонаха, тӀаккха лардаран системан дакъа хилла хих йуьзна хилла. Цара новкъарло йора гӀопан пенашна тӀекхача гуо лацаран гӀирсашна, масала таран йа пенаш тӀеволу бӀов. Хих йуьзна саьнгаран ладаме хьал пенаш кӀелахула чекх ца валийтар ду. Ангкор-Ват, Камбоджа, олхазаран тӀомалеларан локхаллера.

Ехачу хенан фортификацин Ӏалашо йу, кӀезгачу ницкъашца дуьхьало йан ма-ялло. Цунна оьшу гӀопан гӀишлош, кхерамаза штурман, ткъа салтий оьшу тӀамехь толам баккха.

  • Хьалхарниг дан ло гуо баьккхан пен хилча дуьхьалонаш а йолуш, герз тоха меттиг йолуш гӀишлош чуьра, генара чшогӀа а йолуш; иштта дуьхьало йу арахьара саьнгар.
  • ШолгӀаниг — гуо лацаран йаккхий тоьпийн хоьанех кхерам боцу чоьнаш.

Гуш йолу стратегин пункт ларйаран фортификацин чӀагӀонаш онда мел хуьлу, цуьнга хьаьжжина гӀийла хила таро йу цуьнан гарнизон; фортификацин чӀагӀонийн ницкъ боьзна бу хенаца а, ахчанца а. Ехачу хенан фортификацин чӀагӀонаш тӀелетачуьнга дукха хан йойуьйту, гуо лаьцчи чӀагӀо йохо герз дахьаш, иза йохош, иштта ма-тоххало тӀетуху чӀагӀйинчу пунктан дуьхьалонан хан. Ехачу хенан фортификацин йинчу харжо и чӀагӀо мел йу, кхоабо салтий дуккха а шерашна, шен ладамалла а гойту.

Ехачу хенан фортификацин Ӏалашо даиман а хийца ца луш йисина, амма цуьнан хьесапаш хийцаделла, хийца а лур ду тӀеман гӀуллакхан йукъа озийна техника мел кхуьу. Муьлхха а тӀелетачун герз тоделчи, сихха толо цунна дуьхьала чӀагӀо а. Кхузара го, мел йоккха уьйр йу артиллерина а, фортификацин а йукъахь, мел боккха Ӏаткъам бина хьалхарчо шолгӀачунна. Ехачу хенан фортификацин чӀагӀо латтаран коьрта Ӏаткъам бора лардаран хьесапаша а, гарнизонан барамо а, ткъа иза ша а йара йозуш аренан эскарийн барамех. Ехачу хенан фортификаци кхиаран ладамечарех моменташ йоьзна цӀеххьана тоеллачу артиллерех а, эскарийн барамаш хийцабаларех а, цундела фортификацин истори йекъа таро йу беа муьре:

1 мур хӀуманаш кхуьйсу машенаш — уггаре ширачу заманера цӀетухугерзан артиллери йукъайаллалц, аьлча а XIV бӀешо кхаччалц;

2 мур шерачу артиллерин — харш даьккхина артиллери йукъайаллалц, аьлча а XIX бӀешо йуккъе даххалц;

3 мур харш даьккхина артиллерин — фугасан бумбанаш йукъайовлалц, аьлча а 1885 шо кхаччалц;

4 мур фугасан бумбанийн — тахане кхаччалц.

Ехачу хенан фортификацин тайпанех бу тӀулгийн чӀагӀонан гуо, иза хуьлу лекха охьане агӀонаш болу, тӀулгийн йа кибирчаган пен чӀапа тӀехало а йолуш, цу тӀе ховшабора гӀап ларйархой (черт. 10).

Шира гуонийн пенаш йукъ-йукъахь бӀаьвнаша хедадо, уьш пена тӀебевлла мостагӀий берриг пена тӀехула ца баржийта а йина гуонан чӀагӀонан пункташ йу; бӀаьвнаш тӀиера герз тохара пенан лакхарчу декъана, гӀопан чуьра аренца йолу йукъаметтиг ларйора. Оцу муьрехь ехачу хенан фортификаци йара чӀогӀа дикачу хьолехь; стаммийн, лекха пенаш лардина дара мостагӀчун ламех, кхерам бацара оцу хенан кхийсаран машенех.

 
Форт Пуласки. АЦШ.
Америкера гражданийн тӀом болуш оцу чӀагӀонан кибирчигийн пенаш дохийра къилбаседахоша цхьаьна дийнахь. Ша форт йира 20 шарахь.

XIV бӀешеран шолгӀачу декъехь йукъаделира чаччамаш, хӀоъ туху герз. Дуьххьара йаккхий тоьпаш дика йацахь а, оцу хоьънийн йохоран болх тоъал бара ширачу гуонийн брустверан пенаш (лакхара дакъош) дохадан. Пенийн бухарчарна а, цунна гергарчу меттигашкарчарна а герз тоха турслоша пурнехьа герз тоха буьйлабелира, цунах олу фланкан дуьхьало. Оцу Ӏалашонна бӀаьвнаш араоза йолийра, цунна чуьра пурхнехьа герз тохадалийта. Фланкан йаккхий тоьпаш латтайора бӀаьвнан лакхарчу майданехь йа чухула, каземат олучу тхьов болчу гӀишло чохь. Пенан лакхара дакъа аратаьӀна кеп йолуш дара, цуо гӀодора хӀоъ шаршийта а, йухатоха а, ткъа пенан чуьра тӀехула йоккха топ хӀотто, пена тӀе лаьттан барз бан буьйлабелира, цунах валганг олура.

Артиллерин цӀерца чуэгарш лагӀдан, пенан дакъа охьатаӀийра анасизал лаха, тӀаккха хуьлу арахьа саьнгар; оцу Ӏалашонна буьйлабелира контрэскарпан гергахь жима барз бан, цунах гласис олу. БӀаьвнан кертан дехьарнаш, йа царех ма-аллара, бастейш а, ронделаш а, цхьа аьтту боцуш йара, саьнгаран дакъа дуьсура герз ца тохалучу меттигехь, ца тохалора луларчу ронделашна тӀиера а; и цатоам дӀабаккха, XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна ронделан арадолу дакъа нийса асанца дора. Цунах хилира бастион олу турслон гӀишло. Шина бастионан йукъара декъах олура куртина. Куртино шена тӀетаьӀначу шинна ахбастионца кертан дакъа дора, шех бастионан фронт олуш долу.

 
Форт Нидерландашкахь 1750

Артиллери оцу йуккъехь тӀаьхь-тӀаьхьа толуш йара; хоьънаш кегдора тӀулгийн брустверех йаккхий кийсигаш, цундела XVI бӀешо чекхдолуш гӀопан гуо беш йан йолийра лаьттан бруствераш. XVII бӀешо чекхдолуш французийн маршала Вобана гӀопана паргӀата тӀелатаран низам хӀоттийна, цуьнан бух хӀинца а лелош бу (хьаьжа Гуо лацаран тӀом).

Вобанан паргӀата тӀелатаран хьесапо (мостагӀчун дуьхьала кегдина сизца саьнгарш яхар) терза охьатаӀийра гуо лаьцначеран аьтту болуш; цундела Вобанал тӀаьхьа инженераш гӀиртира и терза метта хӀотто. Оцу белхан тайп-тайпана ойланех уггаре а ладаме йара Монталамберан а, Карнон а ойла. Цара бахара гӀопаш чӀагӀйан йеза шеш лаьттачу гуонахьарчу чӀагӀонашца, гӀопаш чӀагӀйан алсама гӀопан артиллерица, арабовлуш тӀелетарца.

 
XVI бӀешо чекхдолуш гӀопаш йаран амалаш. a: Zurückgezogene Flanke mit Orillon b: Ravelin c: Cavalier g: Gedeckter Weg w: Waffenplatz

И ойланаш нийса хилар гайтина Севастополь ларъеш, кхин тӀаьхьа хилла тӀемаш а (гӀопашна тӀелптарх а, ларйарах а хьажа Гуолацаран тӀом). Шера чӀижаргӀан артиллерин мур чекхболуш ехачу хенан фортификацин гӀишлон профило схьаийцира 13-гӀа сурт тӀаьхь йолу кеп. XIX бӀешеран 60-гӀа шерашкахь, харш долу чӀижаргӀан артиллери йукъайаларо, хаъал хийцамаш байтира ехачу хенан фортификацин чӀагӀонаш йарехь. Валганг тӀехь болу нах хьажош герз тохарх лачкъийна бацара брустверан дукъан 12 футал генара, брустверан стоммалла тоьуш йацара, латтан йисташ охьанехьа йара, цундела брустверан латта хоьънийн Ӏаткъамца чушершара саьнгар чу, эскарп йухура дӀасадетта герз бахьнехь. Оцу бахьнашца ехачу хенан чӀагӀонийн профилашкахь лахара хийцамаш бан бийзира.

 
Барбакан йолу гӀап Шиклош гӀалахь, Мажаройчоь

Валганг йекъна шина декъе — артиллерин валганг, 8 фут лоха йу брустверан дукъал, ткъа хаамийн валганг, йисттехь волу стаг хьажийна герз тохарах ларваллал лахйина; брустверан стоммалла тӀетоьхна 28 фут; брустверан арахьара алсама гамха йина; эскарпан кордон анасизал охьатаӀийра; саьнгарш кӀорга йира, готта йира. Казематаш шера чӀижаргӀа йолу артиллери йолуш масех Ӏалашо йолуш хуьлура: царна чуьра мостагӀан зулам далора, цу чохь кхерамаза эскар латталора, ларманаш йан лора, уьш йара редюиташ а, ретраншаменташ а. Харш долу чӀижаргӀан артиллерис и йерриг Ӏалашо кхочуш йаран аьтту дӀабаьккхира, иштта казематийн йиллина агӀонаш геннара йохайора хӀоьънаш. Цуьнан лардааран хьолаш дита дийзира, амма хойн хьолаш алсама девлира.

 
Цитадель - гӀопан чоьхьара чӀагӀо, шен лардаран хьолаш долуш, гӀопан йукъара редюит йара, коьрта чӀагӀонаш эгна ялахь, иза тӀаьххьара гӀортолан пункт йара гарнизонан гӀопан. Цитадель Будапештехь

Йоха ца яйтархьама шира казематашна гуонаха латта дохкара, керланаш — йора валганган а, кхечу барзан а бухахь. Йара кхин а каземат кепара гӀишлош — капонираш, хӀурдайистийн батарейш, уьш хӀуъа дина а лардаран хьолаш Ӏалашдан дйезаш йара. Оцу казематашкахь гӀайгӀа бан бийзира йуьхь агӀора болу пен дийна битархьама, цунна тӀехьара герз тоха йиш хилийта. Оцу Ӏалашонна пенан йуьхь йолчу агӀора йора лаьттан бруствер, цунна йукъахула йохура герз тоха амбразураш, йа къовлура йуьхьан пен башха каземат йина дуьхьалонашца. ТӀаьххьара, казематийн йуьхьан пен хийца болийра эчиган броньца йа йан йолийра хьийза металлан бӀаьвнаш а, нартолаш а. Ехачу хенан чӀагӀонаш латтарна, харш долу чӀижаргӀийн артиллери йукъайаларца, Ӏаткъам бира полигонан фронташа а, ша лаьтта чӀагӀонийн асанаша — форташа. Полигонан йа капониран фронто чӀогӀа фронтан хьалхара меттигаш, аьттонца лелайо меттигехь, атта латтадо анфиладан герз тохар; уьш бахьнехь йаьржира массанхьа а. ГӀопан гуонахьара фортийн асанаш йа маневран гӀопаш йора шера чӀижаргӀан артиллерин муьрехь; масала, дӀадаьллачу бӀешеран шовзткъалгӀачу шерашкахь йина йара Францера гӀопаш Париж а, Лион а. Харш долу чӀижаргӀийн артиллерин заманахь дуьйна маневран гӀап йу марталлин тайпана йоккха гӀап (хьажа ГӀап, Форт).

 
Мажинон аса. Шоненбург фортан чувоьдийла, Эльзас
 
Мажинон аса
 
Атлантикан вал. Лонг-сюр-Меран гергара дот, Норманди
 
Атлантикан вал. Тергонан бӀов
 
Ялханнах цхьаъ флактурм, йина ШолгӀа дуьненан тӀом болчу хенахьв Венехь.

Фугасан бумбанаш — тӀаьххьара технико бина керла кхерам. Фугасаш — беха хоьънаш, чу чӀогӀа лелха хӀуманаш йоьхкина (пироксилин, мелинит, кхин а), кхераме йохоран ницкъ бу церан. 1886 шарахь Мальмезонехь динчу зиерашкахь, цхьаъ фугасан бумба тоьира хьалха йина тӀе 3—5 аьрша латта доьхкина кибарчигийн тхевнашца йолу капонир а, тоьпан молхан тоьла а йохо. ТӀаккха кибарчигал онда гӀирс зен хьевсира, пенийн барамаш хийцира, башха бира тхов; иштта гӀирс хилира бетон. Цунна йукъайогӀу цеманц, гӀум, жагӀа йа тӀо; оцу иэдаро йуькъа чорпа йо, сиха чӀагӀло, тӀаккха цунах чӀогӀа онда пен хуьлу. Йуккъерчу барамера гӀишлон сажен стомма болу бетонан тхов шеко йоцуш чӀогӀа бук хин хиндолу онда герзан дуьхьала а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Д. В. Артюхович. Ареотектоника // Строительство. Энциклопедический словарь. — Ставрополь: «Параграф», 2011. — С. 25. — 766 с. — ISBN 978-5-904939-17-5.