Фра́ев Сосла́н Миха́йлович (хӀир. Фрайты Михаилы фырт Сослан; (в)йина 1970 шеран 15 март, Беслан, Къилбаседа-ХӀирийн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — советийн, российн, узбекистанан паргӀата кепара латархо, Европин чемпион, Российн дуьненайукъара классан спортан говзанча.

Фраев Сослан
Шех лаьцна
Стен-боьршалла Боьрша
Пачхьалкх ССРС, РФ
Говзалла ПаргӀата кепара латархо
Вина терахь 1970 шеран 15 март({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (54 шо)
Вина меттиг Къилбаседа-ХӀирийчоь, Беслан
Белхан агӀо Правобережни кӀоштан муниципалан кхолламан куьйгалхо
Тренер
Локхалла 179 сантиметр
Йозалла 90 килограмм

Вина 1970 шеран 15 мартехь Къилбаседа-ХӀирийчоьнан правобережни кӀоштан Беслан гӀалахь. Ӏамийна тренеро Дзагоев Рамазан Ахсарбековича. 1989 шарахь ССРС чемпион хилира кегийрхошна йукъахь. 1992 шарахь хилира Москохара ЛПД чемпионатан борзан совгӀатхо. 1993 шарахь Москохахь хилира Российн чемпион. 1994 шарахь хилира Европин чемпион. 1995 шарахь хилира шолгӀа Российн чемпионатехь Пермехь. 1996 шарахь Дуьненан кедан борзанан совгӀатхо хилира. Кхузза хилира борзанан совгӀатхо Азин чемпионатехь (1997, 1998, 1999). АЦШ (1992) йиллина чемпионатан а, КъахӀирехь хиллачу Африкин йиллина чемпионатан толамхо а.

2004 шеран 3 сентрехь, Бесланехь волуш, йогучу ишкол чуьра дӀандаргашна кӀелара бераш арадохучу меттигерачу бахархошна йукъахь хьалхарчех цхьаъ вара. Цуьнан ваша, Фраев Руслан (1967—2004), уггаре хьалха кхелхинчех вара.

Фраев Сослана чекхйаьккхира нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан Толстой Лев Николаевичан цӀарах университетан экономикин факультет.

Фраев Сослан Правобережни кӀоштан муниципалан кхолламан куьйгалхо ву.

Зудчуьнца а, кхаа бераца а веха Бесланехь (берийн цӀераш — Фариза, Руслан, Маьхьарбек.

Спортан кхиамаш

бӀаьра нисйан

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а

бӀаьра нисйан
  • «Россехь Олимпийн болам кхиоран гӀуллакхашна» мидал
  • Сийлахь цӀе «Физикин оьздангаллин а, спортан а хьакъ долу белхало»[1]

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан