Хакишев, Руслан Шалаудинович (1938 шеран 11 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн актёр, режиссёр, Нохчийн Х. Нурадилован цӀарах йолу пачхьалкхан драман театран коьрта режиссёр, РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо (1990), Российн Федерацин Халкъан артист (2009), 20062010 шерашкахь Российн президентан культурин а, исбаьхьаллан а советан декаъшхо.


Руслан Шалаудинович Хакишев
ГӀуллакхан тайпа драматург-режиссёр, театральный режиссёр
Вина терахь 1938 шеран 11 июль({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (86 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Корматалла режиссёр
Гражданалла  ССРС Росси
Да Шалаудин Хакишев
СовгӀаташ
Арахьара суьрташ
Руслан Хакишев

Иза винера 1938 шеран 11 июлехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан да Шалаудин вара куьйгалхон болх беш.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабеллачул тӀехьа Шалаудин Хакишевс доккха дакъа лецира 114-гӀа Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн дивизи кхуллуш. И дивизи дӀасайекъча цо дакъа лецира 255-гӀа къастина Нохч-ГӀалгӀайн дошлойн полк кхуллуш. И полк кхоьллича Шалаудин хилира цуьнан политрук. Оцу полкан командир вара кхано Советски Союзан Турпал хилла волу Мавлид Висаитов.

1944 шеран 23 февралехь нохчий цӀера бехира. ЦӀера бехначул тӀехьа дукха хан йалале лакхара лейтенант Шалаудин Хакишев Одессин уллехь тӀамтӀехь винера.

Руслан Хакишеван берралла дӀайахара Кызылордахь. Цуьнан ден йиша йара театрехь костюмер болх беш. Цо вуьгура Руслан массо а спектакле.

1962 шарахь цо чекхйаьккхира Ленинградан пачхьалкхан театран а, музыкин а, кинематографин а институтан драмин исбаьхьаллин факультет (мастерская Василия Меркурьева и Ирины Мейерхольд). 1963 шарахь иза деша вахара оцу институтан режиссёрийн факультете (цуьнан хьехархо вара М. В. Сулимов). И факультет цо чекхйаьккхира 1968 шарахь. Дешуш хенахь иза вара СССР Халкъан артисташ Валентин Плучек а (Сатиран академин театр), Евгений Симонов а (Е. Вахтанговн цӀе йолу академически театр) куьйгалхо деш йолу режиссёрийн лабораторийн балхахь дакъа лоцуш а, СССР Йуккъера телевиденехь передачаш кечйеш а.

Иза вара Х. Нурадиловн цӀе йолу Нохч-ГӀалгӀайн драмин театран куьгалхо 1970-гӀа а, 1990-гӀа а шерашкахь. Иштта иза вара Кхарачой-Чергазийчоьнан Оьрсийн драмин театран коьрта режиссёр. 1977 шарахь «Вайнехан иллеш» спектакль йарна цунна делира Станиславски цӀе йолу РСФСР Пачхьалкхан совгӀат.

Цо дукха болх бира кхоьчу театрашкахь: Махачкалан а, Брянскан а, Черкесскан а оьрсийн театрашкахь; халкъан театрашкахь — Марийн, Хакассийн, Карачайн, Лакийн. Иштта иза ву Идрис Базоркинан цӀарах йолу ГӀалгӀайн пачхьалкхан драмин театран кхоллархо.

Нохчийн Республикехь тӀом болуш хенахь театр йара Къилбаседа Кавказан а, Краснодаран мехкан а республикашкахь эвакуацехь. Театр гастролешка а йоьдура, шен белхалошна гӀо а дора.

Хакишев вара шен кхоллараллин болх дӀакхоьхьуш. Нохчийн театран кхоьчу белхалошца цо меттахӀоттайира Черкесскан оьрсийн театрехь (Хакишев цигахь а коьрта режиссёр болх беш вара) шира репертуарера массийта спектакль. И спектаклеш эцна театр Европе гастролешка йахара. Иштта Хакишевн дагадеара Черкесскехь «Прометей» цӀе йолу кегирхойн театр йан. Оцу театрехь болх беш бара нохчийн артисташ.

Тахана Руслан Хакишев ву Нохчийн драмин театран а, Лермонтовн цӀе йолу Оьрсийн драмин театран а коьрта режиссёр а, Нохчийн пачхьалкхан университетан актёрийн говзаллан кафедран хьехархо а.

ХӀоттина спектаклеш

бӀаьра нисйан
Берийн туьйранаш
  • «Сулейман бозбуунчан туьйранаш»;
  • «Жима эла»;
  • «Дашо кӀорни».

Фильмографи

бӀаьра нисйан
  • БӀаьрган негӀар туху йукъ… (1989)

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Нохчийн Республикин исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо
  • Российн Федерацин исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо (1990)
  • Нохчийн Республикин пачхьалкхан совгӀат
  • ГӀебартойн-Балкхаройчоьн пачхьалкхан совгӀат
  • К. С. Станиславскин цӀарах долу РСФСР пачхьалкхан совгӀат — «Вайнехан эшараш» спектаклин (1977)

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан