Хачатурян, Арам Ильич
Хачатуря́н Ара́м Ильи́ч (Хачатря́н) (эрм. Արամ Եղիայի Խաչատրյան), 1903 24 май (6 июнь), Коджори, Тиблисин губерни, Российн импери[1] — 1978 шеран 1 майхь, Москох, ССРС[2]) — Эрмалойн советийн композитор, дирижёр, хьехархо, музыкин-йукъараллин гӀуллакххо.
Хачатурян Арам Ильич эрм. Արամ Եղիայի Խաչատրյան | ||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Коьрта хаам | ||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина терахь | 1903 шеран 24 май (6 июнь) | |||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Коджори йуьрт, Тиблисин уезд, Тиблисин губерни | |||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 1978 шеран 1 май (74 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Москох, РСФСР, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||
Пачхьалкх | ||||||||||||||||||||||||||||||||
Говзаллаш | композитор, кинокомпозитор, дирижёр, хьехархо | |||||||||||||||||||||||||||||||
Пондарш | фортепиано, Ӏад хьокху пондар, виолончель | |||||||||||||||||||||||||||||||
Жанраш | академин музыка, балет, концертан музыка, симфонин музыка, камерин музыка | |||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ |
|
|||||||||||||||||||||||||||||||
Автограф | ||||||||||||||||||||||||||||||||
Виртуальный музей Хачатуряна | ||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Социалистийн Къинхьегаман турпалхо (1973). ССРС халкъан артист (1954) Ленинан совгӀат лауреат (1959), деа Сталинан совгӀатан лауреат (1941, 1943, 1946, 1950), ССРС пачхьалкхан совгӀатан (1971) а Эрмалойн ССР пачхьалкхан совгӀатан а лауреат.
Цхьаболчу талламчаша амал ло цунна эрмалойн а, советийн а композиторийн ишколан цхьа бӀогӀам олий[3].
Кхаа балетан, кхаа симфонийн, вокалан, хоран, гӀирсан, программин музыкин кхолламийн йалх концертан, кинофильмашна а, театран хӀоттамна а лерина музыкин автор, кхин а Эрмалойн ССР пачхьалкхан хӀостан музыкин автор (1944).
Биографи
бӀаьра нисйанХачатурян Арам вина 1903 24 майхь (6 июнехь) шарахь Коджори йуьртахь (хӀинца Тиблисин муниципалитетан йукъахь)[4] (кхечу хьосташца — Тиблисехь[5][6]) эрмалойн доьзалехь. ХачатурянгӀеран мужалтйешволчу Ильян (Егийн) а, Кумаш Саркисовнин а воьалгӀа кӀант.
1911—1913 шерашкахь дийшира С. В. Аргутинскаян-Долгоруковин доларчу пансионехь, 1913—1921 — коммерцин ишколехь. Бераллехь дуьйна йезаш вара музыка, ишколан капеллехь лакхара фортепиано, зурма, туба, амма да-нана реза дацара цуо лелочунна, боккъал а музыка Ӏамо вола ца велира 19 шо[7] долуш бен.
Кхиира ширачу Тиблисин дуккха а меттанийн музыкин атмосферехь пондарийн сазандарийн ансамбльшна (тар, каманча, дап), гӀалин эшаршна а, романсашна а йукъахь. Цуьнан хьалхара музыкин хьехархо хилла композитор Агаян Мушег[8]. Шен дагалецамашкахь Хачатурян Арама йаздира[9]:
Со кхиира халкъан музыкин дахаран, цуьнан Ӏиданийн, цуьнан Ӏадатийн, сигаттаман, хазахетаран халкъан илланчаша а, пондарчаша а хаза лоькху эрмалойн, азербайджанийн, гуьржийн байтийн атмосферехь — и бераллин битам буьйжира сан хьекъале.
1921 шарахь 18 шо долу Арам эрмалойн кегийрхойн тобанца цхьаьна веира Москоха, цигахь дукха хенахь дуьйна болх а беш вехаш вара цуьнан воккхаха волу ваша, Хачатурян Сурен, театран режиссёр[10]. иза деша хӀоьттира Москохан университетан кечаман курсашка. 1922 шарахь хилира МПУ физикин-математикин факультетан биологин декъан][11] а, КхоалгӀа гайтаман пачхьалкхан музыкин ГнесингӀеран цӀарах техникум (хӀинца Музыкин ГнесингӀеран цӀарах доьшийлин) студент[12], цигахь Ӏамийра виолончель (хьехархо С. Ф. Бычков, цул тӀаьхьа A. A. Борисяк) а, фортепиано а лакха, оьцура композицин хьехола[7]. 1925 шарахь композици Ӏамо волавелира М. Ф. Гнесинан классехь, университетера дешар дитира. Техникум чекхйаьккхира 1929 шарахь. Оцу шерашкахь дуьххьара нисвелира симфонин концертехь, цецваьккхина вара Л. ван Бетховенан а, С. В. Рахманиновн а музыко. «Ӏад хьокху пондарна а, фортепиянона а хелхар» хилира композиторан дуьххьарлера болх.
«Массо а Ӏад хьокху пондарчаша санна, сан куралла йан йиш йац, Хачатурян Араман дуьххьарлера кхоллараллин опус — цуьнан Си-бемоль мажор хелхар — Ӏад хьокху пондарна йазйина хиларна, говзачу композиторан хаало иза ма-варра говзанчо санна — виртуоз а, иркарахӀоьттина исбаьхьалчо санна.»
— Ойстрах Давида Хачатурянах лаьцна[13]
1926—1928 шерашкахь болх бира Эрмалойчоьнан Москохан оьздангаллин цӀа чохь, цигахь куьйгалла дира эрмалойн 2-гӀа драмин студин музыкин декъанна Р. Н. Симоновн куьйгаллица.
1929 шарахь дӀахӀоьттира Москохан консерваторе, цигахь Ӏамийра композицин классехь, хьалха M. Ф. Гнесинегара, цул тӀаьхьа Н. Я. Мясковскегара; цуьнан инструментовкера хьехархой бара Р. М. Глиэр а, С. Н. Василенко а. 1934 шарахь цуо тӀех дика чекхйаьккхира консерватории, цул тӀаьхьара шина шарахь шарвелира циггахь аспирантурехь Н. Я. Мясковскийн волчохь.
Студент волчу шерашкахь хилла цуьнан кхолламаш, масала, Ӏад хьокху пондаран фортепианоца эшар-поэма (1929)[14], Альтин а, фортепианон а сюита (1929), Фортепианон токката (1932), фортепианон, Ӏад хьокху пондаран, кларнетан трио (1932)[7]. Кхин дӀа, оьрсийн ишколан ламасте хьаьжна, композиторо йаьккхира, Хьалхара симфони (1934), фортепианон (1936), Ӏад хьокху пондаран (1940), виолончелан (1946) оркестрца концерташ. Ткъа цул тӀаьхьа — 1960-гӀа шерашкахь — оццу солон пондаршца йазйира керла триптих — концерташ-рапсодеш (Ӏад хьокху пондарна — 1961, виолончелна — 1963, фортепианона — 1968). Уггаре дукха лоькху цуьнан симфони — ШолгӀаниг (1944) — «Симфони гарголца. КхоалгӀачу симфонин (1947) цӀе йелла «Симфонеш-поэмаш». Фортепианон кхолламех билгала йу Сонатина (1959), Соната (1961, арахецна ши редакци, ткъа кхин а Шина фортепианон кхо пьеса (сюита) (1945). Шен дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь композиторо йазйина мерзийн пондарийн (Ӏад хьокху пондарна, альтана, виолончелна) кхоъ солон соната.
1939 шарахь йазйира дуьххьарлера эрмалойн балет «Ирс». Амма балетан либреттон гӀалаташа йухайаздайтира музыкин доккхаха долу дакъа. ЖамӀехь «Ирсан» йерриг партитура», ша автора ма-аллара, «байталйаьккхира». Дерриг чекхделира тӀеман шерашкахь «Гаянэ» балет кхолларца. Иштта дагалоьцу и мур композиторо:
Вехаш вара со Пермехь «Йуккъера» хьешан цӀа чохь 5-гӀачу гӀат тӀехь. И хан дагалаьцча, аса йух-йуха ойла йо, ма-хала дара оцу хенахь адамашна. Фронтан оьшура герз, бепиг, махорка… Ткъа исбаьхьалла — синмехаллин кхача, оьшура массарна а — фронтан а, тӀом боцучарна а. Ткъа тхуна — артисташна а, музыканташна а иза хаара, дӀалора дерриг тхайн ницкъаш. «Гаянэ» партитурин 700 гергга агӀо аса йазйира эха шарахь шийлачу хьешан цӀийнан хӀусамехь, цигахь лаьттара пианино, гӀант, текх, маьнга. Цул сов деза ду, «Гаянэ» — советийн теманера цхьаъ бен йоцу балет хилар, иза сценин тӀера дӀа ца йелира 25 шарахь…
Балетан премьера хӀоттийра Ӏай — 1942 шеран 9 декабрехь Перме кхалхийначу Ленинградан оперин а, балетан а С. М. Кировн цӀарахчу театрехь. ШолгӀачу шарахь балетан делира хьалхарчу тӀегӀанан Сталинан совгӀат, оцу заманан оьздангаллин сферехь уггаре лакхарчех совгӀат. «Гаяне» чуьра «Таррашца хелхаро» композитор дерриг дуьненна а вовзийтира[15].
ТӀеман шерашкахь болх бира Йерриг союзан радиохь, йахйира патриотийн эшарш а, маршаш а.
1944 шарахь йазйира Эрмалойн ССР хӀостан музыка.
ЧӀогӀа бала хилира композитона В. Мурадели «Доккха доттагӀалла» оперех лаьцна ЕКП(б) ЦК Политбюрон 1948 шеран 10 февралан Сацам, цунна чохь цуьнан кхолларалла, С. Прокофьевн а, Д. Шостаковичан а кхоллараллица цхьаьна могӀара, лерира исбаьхьаллехь формалистика гайтар санна. Композитор дӀасецира дуккха а шерашна.
ТӀом чекхбаьлча композиторан боккха болх хилира балет «Спартак». Балетан партитура чекхйаьккхира 1954 шарахь, ткъа 1956 шеран декабрехь хилира премьера. Оцу хенахь дуьйна «Спартак» ондда балетан труппийн репертуаран йукъайахара, гойтура дуьненан йаккхийрачу сценашна тӀехь. Иза хӀиттийра Л. Якобсона, И. Моисеева, Ю. Григоровича, Е. Чангас, кхечу гӀарабевллачу балетмейстераш.
Цхьана хенахь болх бира театрехь а, кинохь а; цуо музыка йазйира 20 сов кинофильмашна[15], царна йукъахь «Зангезур», «Пепо», «Владимир Ильич Ленин», «Оьрсийн хаттар», «Къайлаха мисси», «Церан Даймохк бу», «Адмирал Ушаков», «Джордано Бруно», «Отелло», «Сталинградан тӀом». 1930—1950-гӀа шерашкахь музыка йазйира спектаклашна «Макбет» Жима театрехь хӀоттийна (1955), «Лиран паччахь» в Москхеташонан цӀарах театрехь хӀоттийна (1958); шуьйра йевза цуьнан 1941 шеран Е. Вахтанговн цӀарах театрехь хӀоттийна «Маскарад» спектаклан музыка[16].
Цуьнан музыка тидархошна йукъахь — Ойстрах Давид, Ростропович Мстислав, Слободкин Яков, Оборин Лев, Флиер Яков, Клиберн Ван, Шаховская Наталья, Петров Николай, Лимпани Мура, кхин а.
1950 шарахь дуьйна хуьлура дирижёр, авторан концерташца лийлира ССРСн а, дозанал арахьара а гӀаланашкахула[15].
1950 шарахь дуйна композици хьийхира Музыкин-хьехархойн ГнесингӀеран цӀарах институтехь (хӀинца Российн музыкин ГнесингӀеран цӀарах академи), ткъа 1951 шарахь дуьйна хийхира Москохан консерваторехь (1951 шарахь дуьйна — профессор). Цуьнан дешархошна йукъахь хилла, масала, Андрей Эшпай, Ростислав Бойко, Алексей Рыбников, Пётр Белый, Микаэл Таривердиев, Эдуард Хагагортян, Марк Минков, Владимир Дашкевич, Кирилл Волков, Валерий Соколов, Лариса Канукова, Владимир Пожидаев, Эдгар Оганесян, Виктор Екимовский, Нобуа Терахара, Георгс Пелецис, Анатоль Виеру, Рене Ээспере, Толибхон Шахиди, Александр Журбин, Игорь Якушенко, Владимир Рябов, Мурад Ахметов, Александр Харютченко. «Хачатурянан ишколан» йукъара лору Эрмалойчоьнан гӀарабевлла музыкайовзархой, композитораш Арно Бабаджанян, Александр Арутюнян, Эдвард Мирзояна. Формалан уьш Ӏемаш бацара Хачатурян волчохь, амма иза чӀогӀа терго йеш вара церан кхоллараллин гӀулчашна тӀаьхьа, гӀо дора, хьехаршца гӀо лоцура.
Журналашна тӀе йаззамаш йазбора цхьа могӀа советийн музыкантийн кхоллараллин гӀуллакхех лаьцна; царех цхьайерш гуламаш бина цхьаьнатоьхна, царна йукъахь «А. Хачатурян» (М., 1980).
Оргкомитетан председателан гӀовс (1939—1948), 1957 шарахь дуьйна — ССРС композиторийн бертан урхаллин секретарь[17].
Латинан Америкин (1958 шарахь дуьйна) мехкашца доттагӀаллин а, оьздангаллин а цхьаьнагӀуллакхдаран Советийн ассоциацин президент. Машар ларбаран советийн комитетан декъахо (1962 шарахь дуьйна).
Иэс
бӀаьра нисйанКомпозиторан музыка лелийна дукха фильмашкахь. Царна йукъахь — С. Кубрикан «2001: Космосан одиссея»[18], Б. Уайлдеран «Цхьаъ, шиъ, кхоъ», Т. Брассан «Калигула»[19],
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Герой Соц. Труда Хачатурян Арам Ильич:: Герои страны
- ↑ Биография Арама Хачатуряна . РИА Новости (2013 шеран 6 июнь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 июнь. Архивйина 2013 шеран 10 июнехь
- ↑ Khachaturian, Aram (Il’ich) // Музыкальный словарь Гроува. «He is considered by some to be the central figure in 20th-century Armenian culture and, along with Prokofiev and Shostakovich, was a pillar of the Soviet school of composition»
- ↑ Aram Khachaturian — йаззам бу «Британской энциклопедии»
- ↑ ХАЧАТУРЯН, АРАМ ИЛЬИЧ | Энциклопедия Кругосвет
- ↑ Краткая биография Арама Хачатуряна Архивйина 2019-08-15 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 Арам Хачатурян // 100 композиторов XX века (перевод с немецкого). — Урал LTD, 1999. — С. 168. — ISBN 5-8029-0084-9.
- ↑ Сайт дома-музея Арама Хачатуряна. Жизнь и жизнедеятельность . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 1 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 1 сентябрехь Архивйина 2018-09-01 — Wayback Machine
- ↑ Н. Г. Шахназарова. Избранные статьи. Воспоминания. Арам Хачатурян. — М., 2013. — С. 103.
- ↑ Хачатурян, Сурен Ильич // Театральная энциклопедия (под. редакцией П. А. Маркова). — Советская энциклопедия, 1967. — Т. 6.
- ↑ 100 великих композиторов/Автор-составитель Д. К. Самин. — М.: Вече, 2008. — С. 371—376.
- ↑ ХАЧАТУРЯН в музыкальной энциклопедии Архивйина 2019-08-27 — Wayback Machine
- ↑ Юзефович, В. Арам Хачатурян. — Москва: Советский композитор, 1990. — С. 97. — ISBN 5-85285-091-8.
- ↑ Хачатурян Арам Ильич — Песня-поэма (в честь ашугов) . Classic-online. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 март.
- ↑ 1 2 3 Арам Хачатурян // 100 композиторов XX века (перевод с немецкого). — Урал LTD, 1999. — С. 169. — ISBN 5-8029-0084-9.
- ↑ Хачатурян, Арам Ильич // Театральная энциклопедия (под редакцией П. А. Маркова). — Советская энциклопедия, 1967. — Т. 6.
- ↑ МГК им. Чайковского — персоналии — Хачатурян Арам Ильич
- ↑ Игорь Мусский. «2001: КОСМИЧЕСКАЯ ОДИССЕЯ» (2001: A Space Odyssey). 100 великих зарубежных фильмов. (инг.). masiki.net. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 август.
- ↑ Владимир Кучмий. Старый новый Голливуд: Энциклопедия кино. Tом II. — Litres, 2017-05-20. — 3799 с. — ISBN 9785040534371.
Литература
бӀаьра нисйан- Тигранов Г. Г. Арам Хачатурян. — Л.: Музыка, 1978.
- Тигранова, И. Г. Лирические образы в творчестве Арама Хачатуряна. — Ер., 1973.
- Хараджанян Р. Фортепианное творчество Арама Хачатуряна. — Ер.: Айастан, 1973.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Произведения Хачатуряна на сайте Classical Connect Бесплатная библиотека классической музыки на Classical Connect
- khachaturian.am — официалан сайт Арам Ильич Хачатурян
- Спартак — либретто и фотографии балета в постановке Театра классического балета п/р Н. Касаткиной и В. Василёва
- Ю. Серпер. Путь Ашуга. Архивйина 2021-10-16 — Wayback Machine
- Г. Маргарян. Арам Хачатурян: Концерт-рапсодия для фортепиано с оркестром Архивйина 2016-02-16 — Wayback Machine
- Сайт дома-музея Арама Хачатуряна