Эшпа́й Андре́й Я́ковлевич (вина 1925 шеран 15 майхь, Козьмодемьянскехь, Марийн АО, РСФСР, ССРС2015 шеран 8 ноябрехь, Москохахь, Росси) — советийн а, российн а композитор, пианист, хьехархо, йукъараллин гӀуллакххо. ССРС Халкъан артист (1981)[9], Ленинан совгӀатан (1986) а, ССРС Пачхьалкхан совгӀатан а лауреат (1976). Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман ветеран.

Эшпай Андрей Яковлевич
Коьрта хаам
Вина терахь 1925 шеран 15 май({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1][2]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2015 шеран 8 ноябрь({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})[3][2] (90 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш композитор, кинокомпозитор, пианист,
хьехархо
Жанраш опера, балет, кантата, симфони, концерт, эшар
СовгӀаташ
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден
Ленинан Орден — 1985 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1971 ЦӀен Седан орден — 1945
Орден «Сийлаллин Билгало» — 1967 Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал
Чувашийн Республикин гӀуллакхаш дарна орден — 2008
ССРС Халкъан артист— 1981 РСФСР Халкъан артист — 1975 РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо — 1968 Ленинан совгӀат — 1986 ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1976 РФ Правительствон совгӀат — 2010 Москох гӀалин совгӀат

Биографи нисйе бӀаьра

Вина Козьмодемьянскехь (хӀинца Республика Марий Эл) музыкин доьзалехь: да — композитор, музыкин говзанча-фольклорхо Эшпай Яков, ткъа нана Тогаева Валентина, композиторан йиша Тогаев Анатолий, халкъан эшарш йовзархо а, йезархо а, лакхархо а йара.

1928 шарахь доьзал кхелхира Москоха. Йуьхьанца Эшпай Андрейн музыка Ӏамош йара ден куьйгаллица. 1941 шарахь чекхйаьккхира Берийн музыкинГнесингӀеран цӀарах ворхӀ шеран шикол (В. В. Листовойн класс). Эвакуацехь дешна № 1 йолчу йуккъерачу ишколехь Мариински Посад гӀалахь, иза лорура шен шолгӀа даймохк, тӀаьхьа сих-сиха цига а водура[10].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалрца тӀамтӀе ваха лиира шен лаамца, амма иза гӀеметтахӀоьттина ца хиларна ца вигира. 1943 шарахь дӀахӀоьттира Чкаловн (Оренбурган) пулемётан доьшийле (хӀинца Оренбурган лакхара зенитан ракетийн доьшийла), ЦӀечу Эскаран кхечу мехкийн меттанийн тӀеман институтехь (ЦӀЭКхММТӀИ) чекхйехира тӀеман гочдархочуьнан курсаш. 1944 шеран чеккхенгахь дуьйна тӀом бира 1-ра Белоруссин фронтехь. 07.05.1945 шарахь 146-гӀа кхийсархойн дивизехь арадаьллачу № 62/н омарца 3-гӀа тӀелатаран эскаран, 146-гӀа Островскийн ЦӀечу Байракхан дивизин 608-гӀа кхийсархойн полкан 2-гӀа разрядан тӀеман гочдархочунна А. Эшпайна, йийсархой лебеш хиина хаамашна, цара таро йелира йохо кхийсархойн шортта меттигаш, Берлин йоккхуш ша мостагӀчуьнан 8 салтий а, эпсар а хӀаллакварна совгӀат дина ЦӀечу Седан орденца.

1945 шеран 9 майхь Берлинехь[11] вара.

ТӀом чекхбаьлча дийшира Москохан консерваторера академин музыкин доьшийлехь фортепианан (Р. Ю. Черновн класс) а, композиторан а (Е. И. Месснеран класс) факультеташкахь. 1953 шарахь чекхйаьккхира Москохан консерватори композицин Е. К. Голубев волчохь (йуьхьанца Ӏемаш вара Н. Я. Мясковский волчохь) а, фортепианон а классаца В. В. Софроницкегахь. 1956 шарахь циггахь чекхйаьккхира аспирантура (куьйгалхо А. И. Хачатурян)[12].

Шен кхолламаш гайтира пианисто санна.

1965—1970 шерашкахь Москохан консерваторехь хьийхира композици (профессор).

Дуккха а дуьненайукъара а, йерриг российн а къийсамийн жюрийн председатель, царна йукъахь Дуьненайукъара П. И. Чайковскийн цӀарах къовсам (пианистийн къовсам, 1978, 1986, 1998), Йерриг российн композиторийн А. П. Петрова цӀарах къовсам (Петарбух).

1960-гӀа шарахь дуьйна — секретарь, 1973—1979 шерашкахь — РСФСР композиторийн бертан 1-ра секретарь, 1968 шарахь дуьйна — ССРС композиторийн бертан секретарь (1952 шарахь дуьйна). Российн авторийн йукъараллин президент (1996—2001, 2006—2015).

Кхоллараллин берто йукъатеттина ССРС халкъан депутат.

2011 шарахь «Аргументаш а, факташ а» газетан корреспондентан йеллачу интервьюхь дийцира дийцира шен гӀарайаьллачу эшарех цхьаьннан йаздаран исторех лаьцна:

«Толам баьккхинчул тӀаьхьа итт шо даьлча „Москохахой“ аса йазйира Бернес Маркан. Тхо дехаш дара Доккхачу Бронни урамехь ахтоьлан чохь. Тхойга вагӀара корехула. Иза а веара иштта. ЧӀоггӀа мохь туьйхира корехула: „Марийхой кхузахь буй? (Сан дада — мари, иза а цуьнан шича Палантай а — марийн говзаллин музыкин бух биллинарг ву.) Дешнаш ду, музыка йеза!“ аса могӀамаш бийшира, со инзараваьлла вара. Тамашена тера дара! Оцу хенахь суна вевзаш воцу поэто Винокуров Евгенийс дерриг сан дахарехь хилларг дийцира! Набарх долу Висла а, бӀаьстенан тӀуьна латта а, урам а — Бронни… Ваша Валя, тӀамер цӀа ца веина, кхелхира Ленинград уллехь. Ткъа нана цуьнга хьийжира ша йаллалц… ТӀехьийза йоӀ а йара, цуьнга сатуьйсуш Ӏийна…»[11]

Велла коьрте цӀий хьадарх 2015 шеран 8 ноябрехь 91-ра шо долуш Москохахь[13][14]. ДӀавоьллина Новодевичьи кешнашкахь[15] [16] (уч. 9, ряд 2, м. 17)[17]

Доьзал нисйе бӀаьра

  • Да — Эшпай Яков Андреевич (1890—1963), композитор, музыкайовзархо-фольклорист, хормейстер, хьехархо.
  • Нана — Тогаева Валентина Константиновна (1897—1982), оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо, чувашийн композиторан Тогаев Анатолий Николаевичан йиша[18].
  • Ваша — Валентин, Москохан Советийн КӀТӀК тӀекхайкхина, тӀепаза вайра Ленинградан областера тӀемашкахь 15.08.1941[19][20].
  • Зуда — Эшпай Александра Михайловна (йина 1927), пианистка.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а нисйе бӀаьра

Сийлахь цӀераш:

СовгӀаташ:

Орденаш а, мидалш а:

Фильмографи нисйе бӀаьра

Фильмашкахь дакъалацар нисйе бӀаьра

  • 1967 — Джазан фестиваль (документан)
  • 1971 — Бернес Марк (документан)
  • 1979 — Музыкера сурт (документан)
  • 2005 — Дахаран хьовзам (документан)
  • 2007 — Седарчийн цамгар. Бернес Марк (документан)
  • 2010 — Эшпай Андрей: Музыка денйар («Документан камера» программера)
  • 2014 — Экранан симфони (документан)

Архиван кадраш нисйе бӀаьра

  • 1971 — Вистхила везара… (документан)

Литературин кхолламаш нисйе бӀаьра

  • Камерин музыкин суьйре, «СМ», 1954, No 12;
  • Новкъан могӀанаш, циггахь, 1961, No 3;
  • Ленинградан хьажарехь, циггахь, 1961, No 6;
  • В. В. Софроницкий (цхьаьна П. Лобановца), жайнахь: Москохан консерваторех дагалецамаш, М., 1966;
  • Нотографин справочник, хӀотт. Н. Сладком, М., 1979;
  • Къамелаш. Йаззамаш. Материалаш. Очеркаш, хӀотт. Е. Гульянц, М., 1988.
  • «Чекхйаланза зама. Тайп-тайпана шерашкара къамелаш» (М., 2000, 2-гӀа арах. М., 2005).

Иэс нисйе бӀаьра

  • Козьмодемьянскехь йу берийн исбаьхьаллин Эшпай Андрейн цӀе тиллина ишкол.
  • Козьмодемьянскехь композиторан лерина иэсан у хӀоттийна Чернышевскийн урамехь, 43 цӀенна тӀехь.
  • 2013 шарахь дуьйна Йошкар-Олахь дӀахьо къона музыкантийн Йерриг российн Эшпай Андрейн цӀарах къовсам-фестиваль.
  • Йошкар-Олахь йоккха оьздангаллин а, исбаьхьаллин а концертан зало лелайо композиторан цӀе.
  • 2019 шарахь Марий Эл Республикехь кхайкхийна марийн къоман уггаре дика гӀарабевллачу оьздангаллин а, йукъараллин а гӀуллакххойн иэсийн проектан къовсам, царна йукъахь ву А. Я. Эшпай а. Къовсаман жамӀаш дийр ду 2020 шарахь[31].
  • 2020 шеран 1 октябрехь Йошкар-Олара Марийн республикин оьздангаллин а, исбаьхьаллин а И. С. Палантайн цӀарах колледжан академин музыкин факультетан гӀишло йолчуьра мари къоман XI гуламан мероприятийн гуранчохь тӀулг буьйгӀира композитор Эшпай Андрейн хин йолчу иэсаннна[32].
  • 2021 шеран 26 майхь сацам бира Йошкар-Олан аэропортан Эшпай Андрей Яковлевичан цӀе тилла[33].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Эшпай Андрей Яковлевич / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  2. 1 2 Andrei Iakovlevich, Андре́й Я́ковлевич Echpai // Musicalics (фр.)
  3. Andrej Ešpaj // https://beliana.sav.sk/heslo/espaj-andrej
  4. http://www.classicalmidi.co.uk/Eshpai%20.htm
  5. http://www.albanyrecords.com/mm5/merchant.mvc?Screen=PROD&Store_Code=AR&Product_Code=TROY367&Category_Code=a-BS
  6. http://www.musicweb-international.com/classrev/2010/Mar10/Lokshin_fleurs_BISCD1556.htm
  7. http://soundcloud.com/milton-greyfoot/andrei-eshpai-oboe-concerto-1
  8. http://www.classicalarchives.com/artist/3991.html
  9. Эшпай Андрей Яковлевич / О. С. Лебедева // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  10. Народный артист СССР Андрей Яковлевич Эшпай — в городе Мариинский Посад
  11. 1 2 Николаев И.  Андрей Эшпай — о войне и Серёжке с Малой Бронной (ru) // Аргументы и факты : газета. — 2011. — № 18 за 4 мая. — С. 4.
  12. Кеп:Кругосвет
  13. Скончался композитор Андрей Эшпай.
  14. Ушёл из жизни выдающийся композитор Андрей Эшпай.
  15. В столице простились с Андреем Эшпаем. Архивйина 2015-11-16 — Wayback Machine
  16. Могила Эшпая
  17. Новодевичье кладбище
  18. Андрей Эшпай: Игры для оркестра.
  19. Ишпайкин (Эшпай) Валентин Яковлевич.
  20. ли?802/ Эшпай Валентин Яковлевич.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  21. Мария Эшпай.
  22. Указ Президиума Верховного Совета СССР от 2 сентября 1981 года № 5575—X «О присвоении почетного звания „Народный артист СССР“ композитору Эшпаю А. Я.»
  23. Знаменитые люди нашего города - Прочее - Козьмодемьянск - Статьи - Сайт города Козьмодемьянск. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 18 апрель. Архивйина 2013 шеран 20 апрелехь Архивйина 2016-03-07 — Wayback Machine
  24. МГК им. Чайковского - персоналии - Эшпай Андрей Яковлевич. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 18 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 8 майхь
  25. Распоряжение Правительства Российской Федерации от 17 декабря 2010 г. N 2289-р «О присуждении премий Правительства Российской Федерации 2010 года в области культуры»
  26. Указ Президента Российской Федерации 21 мая 2010 года N 617 «О награждении орденом Дружбы Эшпая А. Я.»
  27. Орден Красной Звезды.
  28. Композитор Андрей Эшпай награждён орденом «За заслуги перед Чувашской Республикой» Архивйина 2013-05-08 — Wayback Machine
  29. Официальный портал органов власти Чувашской Республики → Указ Главы Чувашской Республики от 12.11.2008 № 115
  30. Медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.».
  31. Объявлен конкурс на лучший проект памятников Ивану Петрову, Андрею Эшпаю, Валентину Колумбу. Официальный сайт Министерства культуры, печати и по делам национальностей РМЭ (2019 шеран 11 декабрь).
  32. Палкин В. В Йошкар-Оле заложили камень на месте памятника Андрею Эшпаю. Официальный сайт газеты "МК в Марий Эл" (2020 шеран 2 октябрь).
  33. Аэропорт в Йошкар-Оле получит имя знаменитого композитора Андрея Эшпая. «Йошкар-Ола» (2021 шеран 29 май). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 2 июнь.

Литература нисйе бӀаьра