ХьакхлагӀа́ш йа саьлнаш — йохийна йисина гӀишлош, церан тобанаш йа дийнна эвла, гӀала. Цхьацца гӀишлох хьаклагӀаш хуьлу лар ца валар бахьнехь (шен рожехь хьажа а хьожуш, туо ца ярна) а, ткъа иштта лууш йохийчи а. ГӀаланех а, эвланех а хьакхлагӀаш хуьлу бахархой дӀабахар, тӀом йа Ӏаламан бохам бахьнехь. Къовла ма-еззара дӀа ца къевлича хьакхлагӀаш хенан заманехь хенан-хӀоттаман факторийн Ӏаткъамца а, наха шайн гӀишлошъяран гӀирс меттана вовшахйоху.

ТӀулгийн килсан хьакхлагӀаш Шотландехь

ГӀалийн хьакхлагӀаш

бӀаьра нисйан

Ширачу заманан Ӏаламан бохамаша йохийна гӀаланаша, археологашна оцу хенан хӀора дийнан сурт дитина меттигаш ю. Классикан масала ду Помпей а, Геркуланум а, йохийна 79 шарахь Везувий Ӏаьттош

Керла заманахь даккхий дохарш дина гӀаланаш, дукха хьолахь юха йо. Дуьххьала тойина Лиссабон 1755 шарахь мохкбегийначул тӀаьхьа. Наггахь гӀала юхаечу заманахь гӀерта хьалха хилла гӀишлош ма-хиллара юха ян (масала, ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи Варшава а, Дрезден а, Нохчийчуьра тӀом чекхбаьлчи Соьлжа-ГӀала тоеш). Дукха хьолахь гӀала ерриг а юха йо (иштта, масала, тойира Гавр а, Кёнигсберг а). ГӀалах хьакхлагӀаш яр диц ца далийтархьама, цхьаъ йа масех йохийна гӀишло юьту саьлнаш кепара: масала, Лиссабонера кармелитийн килс, Берлинера Кайзер Вильгельман мемориалан килс, Волгоградера Павловн цӀа.

ТӀаьхьарчу заманахь тӀемашкахь, йерриг йа цхьа дакъа, йохийна гӀаланаш - Сараево, Къабул, Соьлжа-ГӀала, БагӀдад, Халеб. Соьлжа-ГӀала йоцуш Нохчийчохь йохийна Буммат, СемаӀашка, СоӀдин-КӀотар, Дади-Йурт, кхин а.

Цхьацца гӀишлойн хьакхлагӀаш

бӀаьра нисйан
 
Москохан гергарчу Пущино-на-Наре кертан хьакхлагӀаш (XVIII бӀешо)

Европин историн бевза бӀенаш, эзарнаш гӀишлош йоцачу заманахь дӀа а тесна хьакхлагӀаш хилла дуккха а муьраш. Иштта, Генрих VIII Тюдора дӀакъовлийтина ингалсан килсаш Ӏу воцуш йисира, эвланашкахь ерш муххале а. Паччахьо доькъура килсера схьадаьхна латташ шен агӀончашна, цара юха тойора готикан аббаталла аьтту болу цӀенош деш йа вовшах йохура гӀишлошъяран гӀирсанна. ДӀатесна килсан гӀишлон тӀиера уггаре хьалха схьаоьцура механ беза болу металлан тхьов, цуо йохаран процессаш сихйора.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан