Хьалимат ас-СаӀдият (Ӏаьр. حليمة السعدية‎‎) — Мухьаммад пайхамар кхобуш, вакхийна хилла йолу нана ю.

Хьалимат а, цуьнан майра Аль-Хьарис бин Ӏабдул-Ӏузза а, СаӀад бин Бакран тайпанах хилла, ХӀавазин олучу Ӏаьрбийн тукхамах.[1]

Хьалимата деа шарахь кхаьбна хилла Мухьаммад пайхамар , чӀогӀа къен Ӏаш доьзал хилла Хьалиматеран. Шен берашца цхьаьна кхобуш хилла цо иза.

Генеалоги

бӀаьра нисйан

Иза ю: Хьалимат бинт Абу Зуайб бин ӀабдуллахӀ бин Хьарис бин Шаджнат бин Джабир бин Разам бин Насират бин Фасият бин Наср бин СаӀад бин Бакр бин ХӀавазин бин Мансур бин Ӏикримат бин Хасфат бин Къайс бин Ӏилан бин Мудар бин Низар бин МаӀад бин Ӏаднан.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Muhammad (prophet of Islam). Encyclopædia Britannica. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 8 ноябрь.